«Дог берашна дIало» конкурсан жамIаш

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь билгалбехира Нохчийчохь дIаяьхьначу Ерригроссин «Дог берашна дIало» конкурсан толамхой а, лауреаташ а.

Оцу конкурсехь дакъалоцуш бара муниципальни кхитIе а долчу дешаран учрежденешкахь 5 шарахь сов болх бина болу хьехархой.

Конкурсан дакъалацархоша довзийта дезаш дара шайн белхан говзалла, белхан дикалла лакхаяккха шайна юкъадало лууш дерг, ткъа иштта берашца, белхан накъосташца йолу шайн юкъаметтиг а. ХIораммо а йиллина урок яла а, шаьш кечйина кхитIе а долчу дешаран «Сан дешаран программа» цIе йолу проект йовзийта а, жюрин хаттаршна дуьззина жоьпаш дала а дезаш дара.

«Дог берашна дIало» конкурсан хьалхара мур дIабаьхьира республикин муниципальни кхитIе а долчу дешаран учрежденешна юкъахь чиллин (февраль) беттан 10-чу дийнера бекарг (март) беттан 10-гIа де тIекхаччалц, шолгIа мур (регионан, заочни кепехь) – бекарг (март) беттан 10-чу дийнера оханан (апрель) беттан хьалхара де тIекхаччалц. КхоалгIа мур (регионан финал) – билгалбевллачу хьехархошна юкъахь, оханан (апрель) беттан хьалхарчу дийнера 10-гIа де тIекхаччалц.

Итт балле кхаччалц хадош бара конкурсан дакъалацархойн корматаллин мах. Жюрин жамIашца лауреат хилира Невран кIоштан «Невран берийн кхоллараллин цIийнан» кхитIе а долчу дешаран хьехархо Хучиева Лариса, «Берийн (кхиазхойн) техникин кхоллараллин республикин туш» кхитIе а долчу дешаран хьехархо Ибрагимов Саламбек.

Ткъа хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалин №18 йолчу школин кхитIе а долчу дешаран хьехархочо Акбулатова Санета. «Нохчийн Республикин кхитIе а долчу дешаран тоьлла хьехархо» сийлахь цIе а, деза совгIат а делира цунна.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон совгIаташ делира лауреаташна а, финале бевллачарна а.

ВЕГИЕВА Макка

№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: