ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу №27 йолчу школин спортан залехь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула республикин схьайиллина турнир.
Цигахь дакъалоцуш бара РДЮСШ, ДЮСШ, ШВСМ-ра спортсменаш.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Цискарашвили Анвара (38 кг.), Мусаев Султана (48 кг.), Исханов Адама (52 кг.), Эскиев ИбрахIима (41 кг.).
ШолгIачу меттигашкахь бара: Сатаев Iумар (48 кг.), Тарамов Мохьмад (38 кг.), Хангериев Рахьим (52 кг.), Айдамиров Эмин (41 кг.).
КхоалгIа меттигаш кхечира Кусаиров Аюбана (38 кг.), Аюбхаджиев Сайд-Хьусейнна (41 кг.), Индаров Исламна (48 кг.), Хангериев Рахьманна (52 кг.).
Спортсменаш оцу кхиамашка кхачийнарш бу уьш Iамийна церан тренерш: А.Макаев, А.Гусигов, М.Магомадов, Х.Эскерханов, Б.Тулаев.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо