1931-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь тIеэцна Нохчийчоьнан куьйгалло къоман театр кхолларан хьокъехь болу сацам. Цундела и де массара а нохчийн къоман театр кхоллаелла де лоруш ду. Делахь а, и сацам Iедалан векалшка тIеэцийта а цхьацца бахьанаш лело дезара. Ткъа уьш (бахьанаш) 1928-чу шарахь дуьйна лелош дара.

Нохчийн областан серлонан цIийнехь дешаран курсаш яра вовшахтоьхна, ярташкарчу кегийрхошна Советийн Iедалан культурин кхерчашкахь болх бан Iамош. Вайн, берриге а бохург санна, ярташкара кегийрхой бара цигахь доьшуш. Церан лаам кхоллабелира театр кхолла. Оцу гIуллакхна хьалхаваьлла, кегийрхойн жигархо Яндаров Мохьмад вара. Цуьнан ойланца ойла йогIу кегийрхойн тоба, дагахь доцчу кепара, стамъелира.
Царна сиха карийра еса лаьтта хIусам, лехна сцена ян аннаш деара, мехкаршна кIади карийра кирхьа дан. Доцца аьлча, совпарткурсашка деша баьхкинчу кегийрхоша шайна театр кхоьллира, хIумма хала а ца кхуллуш.
Ибрагимов ИсмаьIал, Горчханов Iусман, Алхазов Тута, Алхазов Сайд-Ахьмад, Исаева Асет, Мустапаева Хьулимат, Ташухаджиева Асет, Гандаев Сайда, иштта дуккха а кхиберш бара Яндаров Мохьмада вовшахтоьхначу тобанна юкъабогIуш.
Царна юморескаш язъеш Шерипов Денилбек вара. ТIаьхьо жигархойн тобанах Бадуев Мовжди схьакхетча, нохчийн литературин бухбиллархочо Бадуев СаьIида къоман драматургехь хьалхара гIулчаш яха йолийра. Диллина алапа дацара я къоначу актераша хьоьгу къа болх лоьруш стаг а вацара. Дийнахь пачхьалкхан тайп-тайпанчу организацешкахь белхаш беш хуьлура уьш, ткъа суьйранна театре гуллой, репетицеш еш я керла юмореска сцени тIехь хIоттош хуьлура.
Дукха хьолахь, беламе суьрташ дара къоначу актераша гойтуш дерш. Хьоладай емалбеш я ши-кхо зуда йолу стаг беламе воккхуш, иштта забаречу суьрташкахь гойтура сутаралла, эмгаралла, хьагI-гамо. Керла юмореска актераша хIоттор хааделча дукха хьовсархой гуллора актерийн балхе хьовса, чIогIа самукъадолура сцени тIехь гуш долчух.
Шина шарахь гергга къахьийгира нохчийн дуьххьарлерчу актераша луш алапа доцуш, ур-атталла реквизит эца а цхьаммо а цхьа шай ца луш. И хьуьнаре адамаш къарцадаларо таро хилийтира нохчийн къоман театр кхолла.
1928-чу шарахь шайн лаамехь вовшахкхеттачу похIмечу адамийн хьуьнар бахьанехь тIеийцира Iедалан векалша 1931-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь къоман театр кхолларан хьокъехь болу сацам.
Цундела нохчийн къоман драмин театран 90 шо кхаьчна олийла ду вайн. Оцу 90 шарахь нохчийн къомо хьегна дика, вуон доькъуш схьаеана ю нохчийн къоман драмин театр.
Цундела цIеначу даггара ала лаьа, даима санна маьлхан зIаьнарех хьайн башха кхолларалла лепаш, нохчийн къам мел деха, ехийла хьо, тхан хьоме театр!
ГАЗИЕВА Аза
№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо