Ала – йоIе, хаза – несе

Митингехь, базарахь санна, кегаделла халкъ ду. Баккхий нах гIанташна тIехь хевшина Iа, Iасанех гIортораш йина, юккъерчу хенашкара нах ирахь лаьтта, буьйлабелла лела.

Церан а, вукхеран а – массеран а тидам дIогарчу трибунин меттана латтош йолчу йоккхачу машенна тIе боьгIна хуьлу, дукха хьолахь, хIунда аьлча, юкъараллин-политикехь хуьлуш болу хаамаш Ичкерин Iедалан даржашкарчу наха а, политинформаторш санна болчу наха а кхузахь дIакхайкхош хуьулу дела.

Дерг-доцург дийца, хаамаш халкъана хаза тохарлера репродукторш яц бIогIамашна буьххьехь, йоьзан зурманех тера. Нехан синош хьаьгна ду муьлхха а цхьа дика кхаъ хазарх, цомгашниг дарбанах санна, тутмакх маршонах санна. Митинг тезетах тера хета оцу сохьтехь. Сингаттамо мотт лаьцна.

Ткъа хIинца тхуна тIевеа юьхь-сибатца, духарца, билгалчу аматехь волу къонах.

Юткъа ехачу юьхь тIехь дукъ айделла мара а, мер кIелахь полланах вуно тера тодина мекх а ду цуьнан, коьртахь лаба кагъелла шляпа ю, туьтан тIе аркъал тоьхна, хьархочо бол эца даьстинчу галин бертигах тера гIаттийнчу четан кочахь, бешахь заза хьаьрчина гIабакхан бургат санна, боккха шад болуш, къорза галстук а ю. Тахана арахецна «Исламан къепе» газет ду хьабдина.

Цуьнан буйнахь газет гича, нах тIегулбели шляпа йолчунна:

– ХIун ду керла? ХIун яздо газето?..

Шляпа ерг, шен газет буйна а Iаьвдина, охьатаьIна, сацавели.

Шега дина хаттар хаза а ца хези техьа цунна аьлла, нахана дагадаллал хан юьйли цуьнга наха динчу хаттарна а, цо дала дезачу жоьпана а юккъе.

Нах тIаккха кхета, хIуъа а делахь а, цхьа сингаттаме хIума газетехь хиларх а, схьаала шляпа йолчунна дегаза хетарх а. Эццахь цо, доккха са а доккхуш, олу тIаккха:

– Делара дIааьлча шуна там хир болуш хIума…

Нах герга хуьлуш, тIегулло шляпа йолчунна. Цо бийр болчу хааме ладогIа ирдина лергаш а, тIехьовсийна бIаьргаш а бу. Шайлахь воккха волу дела, наха коьртехьа охьа хаийна Iаш воккха стаг ву кхузахь. Иза шляпа йолчунна тIечевха, оьгIазвахана эла шен лайна санна:

– ХIай лаба ерг, схьабай валахьа айхьа беана газетан хаам. Мотт кхобу нускал санна къийла стенна ло хьо? Воккхачу стага кIоршаме аларна, шена хилла вас гучуяккха сих а ца луш, шляпа йолчо олу цуьнга:

– Бехк ма билла, воккха стаг, шуна сингаттам сов ца баккха соьцура со. Россин Президента Ельцина нохчийн халкъе бина кхайкхам бу газето зорба тоьхна.

Воккха стаг дехачу гIанта тIера хьалаэккха, вагийча санна. Шен еха Iаса гIарт-олий лаьттах дIаIутту, керт юцуш бугIучу хьокханах тера. Шен доккхачу лергана тIехула, гам санна гамдинчу, куьйган кераюкъ лоцу.

– Хьан хIун аьлла бохура ахь? Лерса дика доцуш ву-кха со.

Воккхачу стага хIоттийна и кеп къоралла а йоцуш, куралла хилар шена гуш а йоллушехьа, хIетте а, цуьнан воккхаллин ларам бина, шляпа йолчо, цо йина кураллин вас даг чу а къевлина, теш болуш жоп ло цунна:

– Нохчийн халкъе кхайкхам бина Россин Президента Ельцина.

– ХIун аьлла?

– Герзаш охьадахка аьлла…

– Халкъехь ма дац цо Ичкерин пачхьалкхан эскарна делла герзаш.

– Россин конституцин къепе меттахIотторан операци дIаяхьарна тIе гIуллакх далахь, маьрша адамаш дайъа а, лазо а, гIишлош йохо а тарло тов. Цундела, ша билгалйинчу хенахь герзаш охьа а дахкий, маьршадовла боху…

– Да валла кхуьнан хьакха юуш! Ичкерин тIемалоша, куьйгаш ирхдахийтина, герзаш охьадохкур доцийла хуъушехьа, ша халкъан коча ваха воллу дела бахахь. Эхь а ца хетий, селхана ша совгIатана Ичкерина делла герзаш тахана халкъера дIадеха…

– Ахь дуьйцург, нохчийн къонахчо, доттагIчунна тешаме хила, Къуръан тIехь дуй ца баа, луш хилла долу герз ду, воккха стаг. Ельцина дIадоьхург, охьадилла бохург, – иза мостагIчо тешаме ца хила Ичкерина делла герз ду.

Халкъе кхайкхам бар «Ала йоIе – хаза несе» аьлла долчу вайнехан кицанах тера ду. Ма-дарра аьлча-м, Дудаевга деш дIахьедар ду ала а мегар дара иза. Россин чорда политика ю, воккха стаг.

Воккхачу стаге а, соьга а ладоьгIуш, тийна-таьIна Iаш бу гонахара нах. Цхьамма а дош а ца олу. Дуьненан къамел дарна динан Iадатехь бехкам болчу тезетахьчул башха. Нах цу беса гIайгIанан йийсарехь го воккхачу стагана а. Иза, цIеххьана, амал еанчу говро санна, корта дIа а, схьа а хьовзош, мерах шок тухуш, лен волу:

– Даь ма ека шун делаI. Майра велла метишка санна, корта оллийна Iаш вуйца массо а! И Росси тIамца чуягIахь, хIун дан дохку шу?! ХIа-а?..

– Оцу хаттаран ойла еш бу нах, воккха стаг.

– «Ойла йина, йина, москал елла» олу гIаскхаша.

– Вай гIаскхий дац. Нохчий ду. Вайнехан а ду цхьа хьекъале кица: «Ойла ца еш леттарг – ка ца долуш, лийр ву!» – аьлла.

– Дала яздинарг бен хIума а хир дац, – олий, шен еха Iаса, лаьттах югIу воккхачу стага. Юха а, хьалха санна.

– Суна дагаеа халкъан забар:

– Ахь хIун до, ва молла? Дала яздинчух вадарх вер вац, ма бохура ахь. Хьуо хIунда ведда хьо тIамах? – наха аьлча, моллас доцца жоп деллера, боху ведда воьддучохь:

– Дала яздина хиларна кхоьруш, валлахIи, ведда аьлла.

– Хьан изий-важий хаац суна, – олуш, шен юкъахарчу шаьлтан тIе катуху воккхачу стага, – хIара шуна гург бен кхин герз а дац со да волуш, амма хIара кагъяллалц, мостагIчуьнца тIом бийр болуш ву-кха со, напирмер.

– Бехк ма билла, воккха стаг. Шаьлтанашций, мажаршций тIемаш бина зама яц вайниг… Карзахаллин дераллехь баттара катоьхна, цIий Iано хьала эккхийтина, малхехь къагаярал дуккха а товш хуьлу-кха къонахчун кхелина мукъ паргIат битина, шен батта чохь тхьаьвсина йолу шаьлта.

Воккха стаг ца веша оцу масалх.

– ХIахI, – хьогIехь велакежа иза, – ладугIий аш хIокхо дуьйцучуьнга? ЖугIартахь нохчийн говзачу пхьераша шаьлтанаш-м зударшна хударш кего дина пийсикаш даций.

– Дац. Пийсикаш дац шаьлтанаш. Бакъ боху ахь, воккха стаг. Амма уьш сихаллехь, собарза баттара яхар, уьш йинчу пхьерийн а, дех а йисча, уьш юкъахйихкинчу кIентийн дайн а сий дайъар санна а лерина вайнаха-къонахаша.

– Эрна бохург хIун ду хьан? Кхетавел со.

– Иза, дера, ду танкашний, БТР-ний, ракеташний дуьхьал шаьлтанаш, шаьлтанаш
хьовха, терс-маймал тарраш а баттара дахар эрна хир ду бохург…

Д.КАГЕРМАНОВ, журналистикин ветеран

№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: