Нохчийн Республикин пачхьенехь вовшахкхийтира Россин гIишлошъяран а, промышленни а предприятийн векалш. Церан Iалашо яра «ЧеченСтройЭкспо-2018» хIорашеран VII-гIа гайтам дIабахьар. Цигахь дакъалоцуш бара Россин 17 регионерчу 60 сов компанин векалш.

Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствон а, Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан а, Нохчийн Республикин жимачу бизнесан цхьаьнакхетараллин а гIоьнца иза вовшахтоьхнарг яра «АктивЭкспоГрупп» цIе йолу компани.
– Гайтам дIабахьаран Iа лашо ю гIишлошъяран комплексе инвестицеш юкъаозор а, республикин рынкина кхузаманан технологеш а, лаккхара дикалла йолу материалаш а юкъаялор а. Гайтаман коьрта дакъош иштта ду: тайп-тайпана сурсаташ, гIирсаш, хIусамийн-коммунальни бахаман гIирсаш, леррина йолу техника, хи а, газ а, электросерло а латторан а, гIишлош йохъяран а, вентиляцин а, канализацин а системаш, – дийцира вовшахтохархоша.
ГIуллакхаллин форум дIаяьхьира Соьлжа-ГIаларчу «Оргтехника» заводан зала чохь. Веза хьаша санна цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Хакимов Хьасан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун секретариатан куьйгалхо Ясаев Аламбек а, Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министр Зайпуллаев Муслим а, кхиберш а.
Хакимов Хьасана билгалдаьккхира Нохчийчоь Россин уггаре а сиха кхуьуш йолчу регионех цхьаъ хилар а, хIара тайпа цхьаьнакхетарш Нохчийчоьнна чIогIа маьIне хилар а.
– ГIишлошъяр а, промышленность а вайн республика кхиоран стратегин социальни-экономикин коьрта дакъош ду. Вайн пачхьалкхана дуьхьал йинчу санкцешка хьаьжна доцуш, хIокху гайтаман дакъалацархойн барам алсамболуш бу, хIара дуьненаюкъарчу форуман тIегIане йолуш ю. Оха оцу гIуллакх тIехь массо а агIор шуна накъосталла а дийр ду, – элира Хь.Хакимовс.
Зайпуллаев Муслима дийцарехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош йолу политика бахьанехь регионна еш инвестицеш ю, кхочушъеш яккхий проекташ ю.
– Оха баркалла боху Россин тайп-тайпанчу регионашкара тхо долчу баьхкинчу хьешашна. Дика хета хIокху мероприяте дахка шун лаам а, хьашто а хилар. Шун болх кхиаме а, беркате а хила а, цхьаьна болх бар пайдехь хила а луур ду суна, – элира цо.
КхидIа цигахь даздаран хьолехь цIен аса хадийра. Гулбелларш хьаьвсира гайтаме дехкинчу товарашка.
«ЧеченСтройЭкспо-2018» гайтаман программин гурашкахь республикехь иштта дIаяьхьира конференцеш а, гайтамаш а, дийцаре дира юкъаметтигаш чIагIъяран гIуллакхаш, довзийтира шайна хетарг а, балхахь зеделларг а.
I.ТЕРЛОЕВ
№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо