Нохчийн дзюдоисташ – Европин чемпионатехь

Оханан беттан 26–28-чуй деношкахь Израилан пачхьенехь Тель-Авивехь хилира дзюдохула Европин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш бара Европин пачхьалкхашкара тоьлла спортсменаш, шайна юкъахь Олимпийски ловзарийн а, дуьненан а чемпионаш а болуш.

Къийсадаларшкахь яьхначу мидалийн жамIашца чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхина Россин вовшахтоьхначу командо. Ерриге а 8 мидал яьккхина Россин дзюдоисташа (божарша а, зударша а яьхнарш лерича): 4 дашо, 1 дато, 3 йоьзан.

Оцу толамна юкъа бIаьрла хазна йиллина нохчийн дзюдоисташа а. Иштта, шен йозаллин бараман категорехь (60 кг.) хьалхара меттиг яьккхира Яшуев Ислама, ткъа Башаев Тамерлан (+100 кг.) сийлаллин пьедесталан шолгIачу тIегIан тIе хьалавелира.

Европин чемпионатехь дашо а, дато а мидалш яхар спортан доккха хьуьнар лара догIу, оцу тIегIанерчу турнирехь шина а спортсмено дуьххьара дакъалоцуш хилар тидаме эцча-м муххале а.

Нохчийн дзюдоистийн рогIерчу толамо кхин цкъа а тоьшалла до вайн республикехь дзюдо дика кхуьуш хиларна.

Хь.АБАЕВ

№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: