Филологин институташ чекхъяьхначийн а, цигахь доьшучеран а, меттан хьехархойн а корматаллин дезде ду 25-гIа май – Филологан де. Дуккха а пачхьалкхашкахь и де билгалдаккхаро гойту, пачхьалкхийн куьйгалхоша филологин Iилманна тIе тидам бохуьйтуш хилар а, дуьнен чохь и Iилма маьIне хеташ хилар а.
Лоруш ма-хиллара, филологин Iилма кхолладелла Ширачу Индехь а, Грецехь а, Европехь а билгалдоккхург ХVII-гIа бIешо ду. Ткъа Россехь XIX-гIа бIешо тIекхаччалц йолчу заманчохь «филологи» боху кхетам хила а ца хилла, цунах «меттан Iилма» олуш хилла. Ишттачу хиламийн духе кхиъча билгалдолу, филологин Iилма кхолладалар Россехь ХIХ-чу бIешеран 50-чу шерашкахь хилар. Нохчийн Республикехь а тидаме эцна филологин Iилма. Муха кхуьуш ду и Iилма, хIун хазна юьллу цо юкъараллин кхиаре дийцира тхуна Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан куьйгалхочо Керимов Махьмуда: – Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь филологин факультет схьайиллина 1938-чу шарахь, иза и институт схьайиллина шо ду. Нохч-ГIалгIайн Республикехь нохчийн а, оьрсийн а, гIалгIайн а меттанаш Iаморехь а, уьш хьеха хьехархой арахецарехь а даккхий гIуллакхаш дина факультето. 2007-чу шарахь факультетан буха т1ехь Нохчийн а, юкъарчу а филологин институт кхуллу. Оцу факультетан статус айъарна оьшуш гIуллакх дара иза. Цул сов, кхечу лаккхарчу дешаран учрежденешца кхоллараллин а, Iилманан агIор а барт бан таро а елла цо тхуна. Доцца аьлча, университетан структурехь цхьа жима «пачхьалкх» ю-кх тхан институт.
– Бевза Iилманчаш буй шун?
– Факультетан бухбиллинарш, цуьнан юьххьехь лаьттинарш бара филологин Iилманийн доктор, дуьненна а вевзаш волу Iилманча Б.Н.Путилов, СССР-н Iилманийн академин оьрсийн литературин секторан заведующи Н.И.Пружков, профессор В.Б.Виноградов, нохчех а бара Iилманчаш-филологаш Арсаханов ИбрахIим, Эсхаджиев Якъуб, Вагапова Тамара, Вагапов Якъуб, Бибулатов Нурди. ХIинца а къахьоьгуш бу филологин Iилманийн докторш, профессорш Тимаев Ваха, Овхадов Муса, Халидов Айса, Туркаев Хьасан.
– Махьмуд, хууш ма-хиллара, 2010-чу шеран 1-чу мартехь дуьйна а оцу институтан директоран болх беш ву хьо. ХIун хийцамаш бу шун?
– Статистикин агIор лерича билгалдало, 2009–2010-чуй дешаран шарахь бюджетни буха тIехь дийнахь дешаран абитуриент 86 вара тхан, ткъа 2011–2012-чуй шарахь уьш 138-га кхаьчна, царах 28 контрактник а ву. Тхан 10 Iилманийн доктор вара, кху тIаьххьарчу шина шарахь царах 16 хилла. Профессорски а, хьехархойн а кхоллараллин болх а дикка лакхабаьлла. 2009-чу шарахь Iилманийн кандидатан диссертаци язйинарг 23 хиллехь, хIинца уьш 33-га кхаьчна. Стохка тхан Iилманчийн 6 монографи бен яцара, кхушара уьш а 26 ю. ВАК белхаш а шозза алсамбевлла тхан. Гуш ма-хиллара, институтехь беш болу болх массо а тIегIанехь лакхаболуш бу. Филологин факультетах Нохчийн а, юкъарчу а филологин институт кхоллар Нохчийн университетан дахарехь юкъадалон долчу керлачун хьалхара тIегIа бен дац. Тхо тешна ду, Iилманан агIор а филологин институто яккхий анайисташ йохург хиларх.
З.АХМАДОВА