Дерриге дуьненахь а санна, Нохчийн Республикехь а билгалдаьккхира хIутосург (май) бетан 1-ра де, БIаьстенан а, Къинхьегаман а деза де. Регионехь дIаяьхьира митингаш а, кхийолу мероприятеш а.
Коьрта даздарш хилира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Аллей мемориалан комплексана хьалхарчу майданахь. Митинган дакъалацархошкахь яра Россин а, Нохчийн Республикин а байракхаш а, транспаранташ а. Нохчийн Республикин профсоюзийн федерацин хаамца, митингехь дакъалоцуш вара 20 эзар гергга стаг.
ХIора шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу дийнахь дIахьочу даздаран митинган Iалашо ю профсоюзийн боламан гIолацар а, къинхьегамхойн бакъонаш ларъяр а. Мероприяти вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин профсоюзийн федераци.
ХIокху шарахь «Хьакъ болччу къинхьегамехьа, нийсо лелочу социальни политикехьа!» девизаца дIаяьхьира и акци.
Митингехь дакъалоцуш вара республикин Парламентан председателан заместитель Жамалдаев Шаид а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнча, республикин Куьйгалхо волчохь Граждански юкъаралла кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу советан председатель Алиев Тимур а, Юьртан бахаман министран заместитель Бисултанов Бадруди а, Соьлжа-ГIалин мэран заместитель Бурсагов ИбрахIим а, «Единая Россия» партин Нохчийн отделенин регионан кхочушдаран комитетан куьйгалхо Динаев Iадлан а, республикин Профсоюзийн федерацин председатель Солтагереев Хьусайн а, Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал а, иштта, Ерригроссин халкъан фронтан республикехь болу жигархой а, студенташ а, кхиберш а.
Мероприяти схьайоьллуш, Ш.Жамалдаевс дезачу денца декъалбира республикин бахархой, церан аьтто а, машар а, дерриге диканиг а хила шена лууш хилар а хаийтира цо.
– БIаьстенан а, къинхьегаман а дезде шатайпа билгалдоккху Нохчийн Республикехь. «Машар» а, «Къинхьегам» а боху кхетамаш чIогIа боьзна бу нохчийн къомаца а, цуьнан ламасташца а. Кхечарначул а дика хаьа вайна машаран, кхиаран мах, хIокху дийне кхача гIерташ вай бехха некъ бина. ХIокху кхиамашна тIехь, кIадделла, совца цасовцар а, вайн цхьаалин а, бартан а хама бар а, цунах дозалла дар а ду коьртаниг, – билгалдаьккхира Ш.Жамалдаевс.
Алиев Тимура билгалдаьккхира регионехь къинхьегамхошна къахьега а, болх бан а дерриге а хьелаш кхоьллина а, кхуллуш а хилар.
– Вай тахана Нохчийн Республикехь ницкъ кхочург дерриге а деш ду къинхьегамхошна болх бан хьелаш а, хьакъ доллу алапа а хилийтарна тIехьажийна. Иштта, дерриге а до Iедал а, юкъаралла а цхьаьнатохарехь. Цо таро ло ерриге регион кхиорна, берриге а бахархойн кхиаме хиндерг хилийтарна. Ас шу дерриге а декъалдо дезачу денца, шун маьрша а, ирс-аьтто болуш а дахар хуьлийла лаьа суна, – элира Т.Алиевс.
Мероприятин официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, тIеийцира Нохчийн Республикин профсоюзийн федерацин резолюци.
Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаменто кечйина йолу концертан программа гайтира гулбеллачарна мероприятин чаккхенехь.
I.МУРТАЗОВ
№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо