Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу БIаьстенан а, Къинхьегаман а денца!

Хьалхара май Россехь уггаре а самукъанечу а, къегинчу а денойх цхьаъ ду. Оцу дезачу дийно воккхавево, самукъадоккху, шеца дика хийцамаш хирг хиларан сатийсам бохьу, бахархошкахь аьхналла, шатайпа йовхо, токхо кхуллу.

ХIокху дийно цхьаьнатуху тайп-тайпанчу чкъоьрнех долу, тешар долу, къаьмнех долу, тайп-тайпана политикин хьежамаш болу, хенаш йолу, къинхьегам безаш долу адамаш.

Хьалхара май – шатайпа деза де ду къинхьегаме болчу шен къаьсттинчу безамца а, шовкъаца а билгалдолчу нохчийн халкъана. Масех шарахь вайн ницкъ кхечира йохийна хилла йолу гIаланаш а, ярташ а меттахIитто, нуьцкъала экономика ян, дахарна-Iерна дика хьелаш кхолла.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина гонаха вовшахкхеттачу бIеннаш эзарнаш адамийн хьуьнаречу, хьаналчу къинхьегаман тIаьхье ю иза.

Вуно даккхий гIуллакхаш ду вайн хIинца а дан дезаш. Промышленность, хIусамийн дакъа, туризм, агропромышленни комплекс, транспортан инфраструктура, жима а, юккъера а бизнес, дешар, могашалла Iалашъяр, культура, спорт кхиорехь Iаламат яккхий а, башха а проекташ ю кхочушъян езаш.

Со тешна ву, вайн массеран а ницкъаца вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин дуьхьа билгалйинчу Iалашонашка вай кхочург хиларх!

Цуьнца цхьаьна вайн республикин Правительствос боккха тидам тIебохуьйту бахархойн хьашт-дезаршца доьзна долчу гIуллакхашна.

Къахьега адамашна бегIийла хьелаш кхоллар, царна социальни кхачояран тIегIа лакхадаккхар, белхан алапаш лакхадахар регионан Iедалан уггаре а мехалчех декхарш ду. Iедал оцу декъехь хаддаза къахьоьгуш а ду.

Хьомсара махкахой! Даггара лаьа шу маьрша дехийла, доьзалшкахь беркат лаьттийла, шун аьтто хуьлийла. Дала хьуьнар лойла шуна нохчийн халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанал къахьега!

№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: