Россин Пенсионни фондо дикка алсамдаьхна бахархойн хьашташ электронни кепехь кхочушдар.
Электронни кепехь кхочушдеш долу хьашташ цхьаьнатоьхна Россин Пенсионни фондан сайтерчу цхьааллин порталехь, хIокху адресца: https://es.pfrf.гu.

БегIийлаш алсам хилийтархьама порталехь вовшахтоьхна, хьашташ кхочушдарца цхьаьна (пенсеш хIиттор, социальни ахча даларна, ноналлин капиталан ахча даларна кехаташ кечдар) регистраци йиначун а, иза яза волчун а портале кхача аьтто болуш. Пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран цхьааллин порталехь чIагIдина хьесапе эцаран хьокъехь йоза хила деза хьашташ кхочушдарна тIекхачархьама.
ХIинца бахархойн аьтто бу электронни кепара керла хьашташ кхочушдан. Пенсионерашна коьртачех цхьаъ ду пенсин а, социальни ахчанан а, кепан а, бараман а хьокъехь дерг хаа йиш хилар (ЕДВ-н а, НСУ-н хIора баттахь а, компенсацин а ахча далар, къинхьегамна хьуьнаре воцчуьнга хьажар, и дI.кх.).
Мехала ду кхин цхьа хIума а. Болх беш болчу пенсионерийн шайн кабинета чохь гайтина бу, хилла йолу ерриге а индексацеш хьесапе эцна болу пенсин барам. Вуьштта аьлча, балхара цIахь сецча цо оьцур долчу пенсин барам бу цу тIехь гайтинарг.
Дагадаийта лаьа, 2016-чу шарахь дуьйна индексаци яза долу пенси ду болх беш болчу пенсионераша схьаоьцуш дерг. Кхул хьалха мел йина йолу индексаци хьесапе а оьцуш, пенси дала долор ду пенсионерана иза балхара цIахь сецча. Ноналлин капиталан сертификат долчарна пайдехь хир бу ноналлин капиталан бараман (я цунах буха дисинчу ахчанан) хьокъехь болу хаам.
Цул сов, хIинца аьтто хир бу ноналлин капиталана пачхьалкхан сертификат даларан а, оцу харжех пайдаэцаран а хьокъехь цIера ара а ца волуш (дистанционни) заявлени яздан.
Шайна Iедало гIоленаш еш, гIо деш болчу бахархошна керла кхин цхьа хьашт кхочушдар юкъадаккхаро таро лур ю хIора баттахь луш долу ахча (ЕДВ) хIотторан хьокъехь заявлени яздан. Бакъе ма-хиллара, ЕДВ пенсица цхьаьна хIоттош ду.
Цу тайппана хьашт кхочушдар къаьсттина пайдехь ду заьIапалла йолчу бахархошна, шайна пенси хIоттор доьхуш, Пенсионни фонде лелаш болчарна. Цуьнца цхьаьна царна «федеральни льготник» статус а ло, ЕДВ а хIоттадо.
Цул сов, цу тайпа хьашташ кхочушдеш хиларо таро ло дехарш Пенсионни фонде дIахьовсо а, ша тIеэцийта дIаязвала а, цхьамогIа документаш кечдар деха а.
Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ
№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо