Нохчийн мотт безаш, литературица гергарло долуш ю Виситаева Тумани. Иза йина 1984-чу шеран 30-чу июлехь Шелахь. 2001-чу шарахь Шелара №10 йолу юккъера школа чекхъяьккхина цо. Цигахь доьшуш йолуш дуьйна байташ язъеш ю иза. Уггаре а хьалха цуьнан байташ Шеларчу «Зама» газетехь зорбане йийлина, цул тIаьхьа «Орга» журналехь. Туманин байташ тIехь даьхна вайн къоначу артисташа дIаолуш иллеш а, эшарш а ю. Карарчу хенахь къоначу корреспондентийн школехь доьшуш ю иза. Цуьнан байташ шун кхиэле йохку оха:
***
Кхоьру со мотт сецна йисарна арахь,
Сайн маттахь ала дош ца карош панахь.
Кхоьру со йожарна эзар ах хилла,
Адамийн дегнаш тIехь ша хилла Iилла.
Кхоьру со «адамалла» тIепаза ярна,
Цхьаммо а ловр доцург сайн махка дарна,
Кхоьру со къонахий яхь йоцуш барна,
Мехкарий сий дайна, ирча хан ярна.
***
Ойлано бIарзйина, дуьне гатделла,
Син метта топ кхетта экханах терра,
Суо йисча дахарехь гIора дIадаьлла,
Хир вуй хьо сан накъост цкъа мацах лерра?
Безам ахь буьйцу соь Башламал лекха,
Дог даьхьна боху ахь исс ломал дехьа,
Боху ахь со хьайна садаллал еза,
Ца вуьсуш сох хьега, безам ларбехьа.
Ца теша, къонаха, дог дала хьуна,
Безам бац бовзанза бисина суна.
Сан ирсан орамаш хьаьшна дIадаьхьна,
Дахарехь безаман ирс дайна яьхна.
***
Нагахь со сайн некъах тиллехь,
Галъяьллехь дахарехь со,
КъинтIера вала ма вицло, –
Сайн цхьалла ас бехке йо.
Цундела сайн цхьаллин гаттехь,
Кехаташ къарздеш со Iа.
И хIун ду?» – ахь соьга хаттахь,
ДIадала жоп а ду сан:
«Ойлано кхуллу сан дешнаш,
Уьш байтех дIадуцало»,
Оьшуш дац кхидIа дан хеттарш,
Цара сан цхьаалла яййо.
Зорбане кечйинарг – З.САГАЕВА