(Юьхь – кхул хьалхарчу номерехь)
Нохчийн халкъан, цуьнан гаьннийн нохчийн маттахь талламаш бинарш, хаарш гулдинарш вуно дукха бу. Уьш берриге а багарбина вер вац хIокху цхьана балха тIехь. Делахь а, вайн халкъана а, хьехархошна а,дешархошна а хиъча дика хир ду нохчийн Iер-дахар, гIиллакхаш, Iадаташ, Iаш болчу мехкан башхаллаш, нохчийн маттах долу хIуманаш, кхечу къаьмнийн меттанашца хилла а, хIинца йолу а уьйраш толлуш, кьахьегнарш муьлш хилла. Уьш бу гуьржий, желтой, перенгахой (французы), полонезахой (поляки), оьрсий, немцой, румахой, эрмалой, Iаьрбий, иштта кхечу къаьмнийн векалш.
Доккхачу баркаллица йохур ю вай церан цIераш: Абуладзе И.Ю., Алексеев В.П., Берже А.П., Блейхштайнер Р., Балумебах И.Ф., Бокарев Е.А., Браун Е.А., Бунак В.В., Вахушти, Гагуа Р.Р., Генко А., Гельдеберг, Гольштейн А., Гониашвили Г.Б., Гумба Г., Гуьльденштедт И.А., Джавахишвили И.А., Дирр А., Дьяконов И.М., Зейдлиц Н.К., Зиссерман А.И., Зиммерфельд, Имнайшвили Д.С., Ипполитов А.П., Кадагидзе П., Карст И., Клапрот Г.Ю., Крупнов Е.Н., Климова А. Марр Н.Я., Марковин Р.И., Меликашвили Г.А., Мещанинов И.Н., Миллер В.Ф., Милитарев А.Ю., Паллас П.С., Плечко Бруно, Пиотровский Б.Б., Потто В.А., Рабакидзе А.И., Рассихова А.Е., Семенов Л.П., Старостин С.А., Топуриа В.Т., Туманов К.М., Уварова П.С., Услар П.К., Фридрих П., Харадзе Р.А., Христианович В.П., Церетели Г.В., Чеснов Я.В., Чикобава А.С, Чрелашвили К.Т., Шанидзе А.Г., Шеблыкин И.П., Шиллинг Т.Л., Шифнер А.А., Шавхелишиви А.И., Шухардт Г., Эркерт Р., Яковлев Н.Ф., иштта кхиберш а.
Нохчийн меттан а, вайн халкъан Iер-дахаран а башхаллаш, вайн халкъан гIиллакх-оьздангалла толлучу хенахь, дукха кхераме киртигаш тIехIиттина хилла кхечу къаьмнийн цхьаболчу Iилманчашна.
Изза лазамаш бостуш, талламаш беш, юкъ и йихкина, къахьоьгуш бу вайнехан талламхой – Iилманчаш.
Сов хир дац царах цхьаберш вай бовзийтича. Уьш бийцаро, пайдабар бен, эшам бийр бац. Халкъана, дешархошна, хьехархошна хуур ду цара хIун талламаш бина а, хIинца хIун тайпа талламаш беш бу а.
Вайн къоман дозалла хилла дIахIиттина уьш. Бакъду, царах дуккха а Iилманчаш хIинца вайца боцуш бу, Дала гечдойла царна.
Билгалбохур вай уьш: Абубакаров А.Х., Абдурлазимова Т.Х., Айдаев Ю., Алироев И.Ю., Арсанукаев I.М., Арсаханов И.А., Ахриев Ч., Ахмадова З.М., Бибулатов Н.С., Вагапов Iарби, Вагапов Якъуб, Вагапова Т.М., Далатов А., Дешериев Ю.Д., Джамалханов З.Д., Джамбеков Ш.А., Джамбекова Т.Б., Ирезиева С.С., Исмаилов Абу, Досов Къ., Карасаев А.Т., Мамакаев М., Мациев А.Г., Мачигов М.Ю., Мунаев И.В., Новразова Хь.Б., Нашхоев Р.М., Овхадов М.Р., Ошаев Х., Саламова Р.А., Салтаханов И.Э., Сельмурзаева Хь.Р., Сулейманов А., Сулейманова М.У., Тимаев В.А., Туркаев Хь., Халидов А.И., Хамидова З.Х., Чентиева М.Д., Чакаев К.З., Шарипов З.Д., Шарипов А.Д., Эдилов С.Э., Эльдерханов Т., Эсхаджиев Я., Яндаров Хь., кхиберш.
Нохчийн мотт дика хууш а, хаза буьйцуш а бIеннашкахь хьехархой хилла, тахана а бу, вайн матте болу безам дешархойн дегнашкахь кхиош, къахьоьгуш.
Нохчийн дош нахана дIакхачош, меттан хазалла гойтуш, дешнийн маьIна довзуьйтуш дукха яздархой а, байтанчаш а хилла, тахана а бу вайн къоман.
Нохчийн халкъ схьадаларх лаьцна, иза муьлхачу меттигашкахь, мехкашкахь даьхна, хIун лар йитина исторехь, хьаьнца я хIун тайпа гергарлонаш лелийна, хьаьнца бина тIемаш, Iер-дахаран кепаш къастош, толлуш мехала белхаш язбина а, язбеш а бу вайнIилманчаш. Тахана а, и белхаш беш, къахьоьгуш, вайн дуккха а историкаш-Iилманчаш бу.
Бовзуьйтур вай уьш:Асталов В., Авторханов А.К., Абдулвахабова Б.Б-А., Арсанукаев Р.Д., Ахмадов Ш.Б., Ахмадов Я., Багаев М.И., Бакаев Х.З., Бакаев М.Н., Гакаев Ж., Гакаев Хь., Гапуров Ш.А., Гелаева З.А., Далгат У.Б., Джамирзаев С.М., Ибрагимов М.М., Ибрагимов М.М., Исламов, Лаудаев У., Магомадова Т.С., Магомадов С., Магомаев В.Х., Матагова Х.А., Музаев М.Н., Мунаев И.З., Махмудова К.З., Мутушев И., Натаев С.А., Нашхоев Р.М., Нунуев С-Хь., Нухаев Х.А., Осмаев У., Омаев М., Саламов А., Солтамурадов М.Д., Саракаев Б., Сигаури И.М., Товсултанов Р.А., Хасбулатов А.И., Хасбулатова З.И., Хасиев С., Хатуев И.Д., Хизриев Хь.А. Шарипова И.Д., Шарипов З.Д., кхиберш.
Нохчийчоьнан Iалам а, латта а, хиш ателлина а, толлуш болу а Iилманчаш: Абубакарова Э.А., Абумуслимов А.А., Багаева Т.Х., Байраков И.А., Бекмурзаева Л.Р., Гайрбекова У.А., Гайсумов М.Я., Гичаева З.М., Даукаев А.В., Забураева Х.Ш., Заурбеков Ш.Ш., Идрисов Р.А., Керимов И.А., Мантаев Х.З., Мукаева Л.А., Сулумов Л.Х., Уздиева Н.С., Эзирбаев Т.Б., Эльжаев Р.Е.
Бецаш, ораматаш толлуш къахьегна а, къахьоьгуш а бу вайнехан Iилманчаш: Абдурзакова А.С., Астамирова М.А., Берсанов Х.А., Магомадова Р.А., Тайсумов М.А., Тесиева Э.Р., Кушалиева Д.А., Умаров М.У., Халидова Х.Л., Хазбулатов Б.А.
Нохчийн къоман духарш, гIиллакхаш, Iадаташ толлуш, къахьегна а, хIинца а талламаш беш болчу нохчийн Iилманчийн цIерш евзича а бакъахь хир ду аьлла хета. Царах цхьаберш бу хIорш: Абдулвахабова Б.Б-А., Аслиханова М.Х., Гарасаев Л., Мазаева Т.А.
Ахкамаш беш,хьалхалерчу заманахь Iийна а,даьхна а, вайн махкахь адамийн Iер-дахаран башхаллаш толлуш болу Iилманчаш бу хIорш: Багаев М.Х., Дачаев И.С-Хь., Исаев С.Хь., Мамаев Р.Хь., Мамаев Хь.М..
Нохчийн къоман ламастийн, синхаамийн ойланийн, Iер-дахаран маьIна толлучу Iилманчийн цIерш йовзуьйтур вай: Акаев В.Х., Арсалиев Ш.М-Х., Абдулаева З., Абдулаева Э.С., Ажиев М.М., Алгаев А.Н., Бетимирзаева М.М., Бехоева А.А., Булуева Ш.И., Гадаев В.Ю., Денильханова Р.Х., Доутмерзаева Л.М., Керимов М.М., Масаева Л.В., Миназова В.Х., Наева Б.Б., Умаров Хь.А-В., Эльбиева М.Р., Эхаева Р.М., кхиберш.
Баталов Рамзан, филолог
(Юьхь – кхул хьалхарчу номерехь)
(ТIаьхье хир ю)
№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо