БIаьрла хийцамаш
МАЙКОП. ТIаьххьарчу шерашкахь хийцамаш баран некъ юьхьарлаьцна Адыгейн агропромышленни комплексехь. Нагахь масех шо хьалха регионан аренашкахь кхиош дерг, коьртачу декъана буьртиган ялташ хиллехь а, тахана алссам тидам тIебохуьйту стоьмийн-хасстоьмийн культураш кхиорна. Хаддаза алсамйовлуш лаьтта царна къастош йолу майданаш, лакхадолуш ду церан хьекъар.
Тахана республикехь 3,5 эзар гектарал сов майданаш дIалоцу стоьмийн-цIазамийн культураша. Сиха кхуьуш болчу стоьмийн майданаша – 1 857 гектар. Царах дуьххьалдIа дIадаханчу шарахь 230 гектара тIехь ехкинарш а ю.
Бахамлелоран коьртачу кепех цхьаъ хилла дIахIоьттина Адыгейхь хIинцца гIуллакх дан буьйлалуш болчу фермерийн а, доьзалийн даьхнилелоран фермийн а гранташца гIолацар. Оцу Iалашонца стохка агропромышленни комплексана къастийна 353 миллион соьман барамехь ахча.
Ахархойн-фермерийн бахамаш кхолларна а, кхиорна а гранташ елира 31 фермерна а, доьзалийн даьхнилелоран 2 фермина а. Дийнна схьаэцча дIадаханчу шарахь регионан юьртан бахамехь 21,4 миллиард соьмана сурсаташ гулдина: ерриге а категорийн бахамашкахь гулдинарг 614,2 эзар тонна буьртиган ялташ ду, дохнан а, зIакардохнан 30,5 эзар тонна жижиг, 122 эзар тонна шура яьккхина.
Къоман дозалла ларалуш йолу адыгейн нехча яьккхина 12,8 эзар тонна. Цунах 26,5 тонна Германе а яхьийтина. Иштта алссамчу барамехь моз а, ораматийн даьтта а дахьийтина кхечу цхьамогIа пачхьалкхашка.
Пачхьенан – 1075 шо
МАГАС. Ширачу Аланин пачхьенан 1075 шо кхачар шуьйра даздира ГIалгIайчохь. Регионан куьйгалхошца цхьаьна даздаршкахь дакъалецира Россин Федерацин Федеральни Собранин Федерацин Советан декъашхочо Дидигов Мухьарбека, Къилбаседа Кавказан республикашкарчу, Симферополь, Ульяновск, Псков, Дона тIера Ростов, кхечу гIаланашкарчу делегацеша, регионан кIоштийн векалша.
ТIаьхьенашка кхайкхам чохь болу капсула гIалин дуьххьара буьллуш болчу буха кIел юьллуш кIезиг бара сел йоццачу хенахь гIала таханлерчу сибатехь хир ю бохучух тешарш. Амма иза долуш дерг хилла дIахIоьттина. Тахана гIуллакхаллин, административни, финансийн туш хилла дIахIоьттина Магас. Коьртачу декъана кхузахь гIуллакх деш ю пачхьалкхан Iедалан учрежденеш, министерствош, ведомствош.
ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь гIуллакхна юкъаялийна республикехь доккха маьIна лелош йолу объекташ, дешаран, могашалла Iалашъяран, культурин, спортан учрежденеш, чохь Iен хIусамаш. Даздаршкахь билгалдаьккхина хилла ма-хиллара, башха доккха хиндерг долуш ю Магас.
Тешам боллуш, цхьанаэшшара шорлуш, толуш лаьтта гIалин инфраструктура, алсамдовлуш ду силам диллина некъаш, йохкуш ю керла сквераш социальни а, культурин а объекташ, дерриге а до гIалахойн Iер дахар тодарна тIехьажийна.
Дагна хьаам беш ю юьхь
НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь хаддаза кхуьуш ду юьртабахаман тайп-тайпана сурсаташ дахар. Иза гайтира регионан агропромышленни комплексо кху шеран хьалхарчу кварталехь бинчу балхо а. ДIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича сурсаташ дахар 102,3 процент хилла. Аьлча а, дерриге а гулдина сурсаташ таханлерчу мехашкахь 5,1 миллиард соьмана хилла.
Чекхбаьллачу кхаа баттахь регионан бахамашкарчу фермашкахь 88 эзар тонна шура яьккхина. Иза дIадаханчу шеран хьалхарчу кварталца дуьстича 103,3 процент хуьлу. Оцу муьрехь республикехь 39,4 миллион хIоа а гулдина.
«Кавказцемент» жоьпаллин муьрана кечъелла
ЧЕРКЕССК. ДIадаханчу шеран лахьанан (ноябрь) баттера кху шеран оханан (апрель) бутт чекхбаллалц болу мур чулоцуш йолу технологин коьрта гIирсаш тобар чекхдаьккхина «ЕВРОЦЕМЕНТ групп» холдингана юкъайоьдуш йолчу «Кавказцемент» предприятехь. Шена тIехь долчу жоьпаллех коллектив дика кхеташ хилар гойту цара йоццачу хенахь динчу гIуллакхаша.
Оцу муьрехь буьззинчу барамехь кечйина цементан, аьргаллин хьераш, хьийзаш йолу кхо пеш, электрофильтраш, клинкеран холодильникаш, транспортераш, кхиболу гIирсаш. Предприятехь билгалдина кху шарахь 1,5 миллион тоннал сов цемент арахеца. Цуьнца цхьаьна боккха тидам тIебохуьйтур бу продукци экологин лехамашна жоп луш хилийтарна.
Къоначу доьзалшна – хIусамаш
БУРУ-ГIАЛА. Шайна хIусамаш эцарна а, керланаш ярна а къоначу 81 доьзална пачхьалкхан субсидеш делла Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу шахьарахь. Уьш цаьрга даздаран хьолехь дIаделира регионан куьйгалхочо Битаров Вячеслава.
Федеральни Iалашонан программица нийса а догIуш, иштта документаш республикехь кхин а 143 доьзална лур ду. Оцу гIуллакхна муниципальни цхьаьнакхетараллашна 177 миллион сов ахча къастийна пачхьалкхо. ХIусамийн сертификаташ ялар дIахьо 20 шарахь раьгIнашкахь лаьтташ болчу бевдда баьхкинчарна а. Царна гIо дарна къастийна цхьа миллиард сом гергга ахча.
Ткъа регионан парламентехь тIеоьцур йолуш ю бюджетникийн – лоьрийн, хьехархойн, культурин белхахойн доьзалшна гIо дан лерина йолу законопроект. Дийнна схьаэцча кху шарахь шайн хIусамийн хьелаш тодан аьтто хир бу къоначу 224 доьзалан.
Консервийн шорталлехьа
СТАВРОПОЛЬ. Кху шарахь 35–40 миллион банка консерваш – сийна горох, аджика, кабачкийн Iов, Iежийн худар арахеца билгалдина Георгиевски консервни заводехь. Амма цунах тоам бина Iан ойла йолуш яц коллектив.
Герггарчу планашкахь билгалдина сурсаташ арахецар шозза алсамдаккха. Оцу Iалашонца хасстоьмаш а, стоьмаш а тIеэцаран пункташ вовшахтухур ю кIоштахь. Россехь стоьмийн-хасстоьмийн сурсаташ кхиорехь коьртачу меттигех цхьаъ дIалоцу крайн бахамаша.
ДIадаханчу шарахь, масала, регионехь 367,2 эзар тоннал сов тайп-тайпана хасстоьмаш, 66,7 эзар тонна стоьмийн-цIазамийн культураш гулйира цигахь. И дерриге а сурсаташ хьаштахошка дIакхачо ницкъ кхечира крайн агропромышленни комплексан белхахойн.
Хьалхахьа керла гIулч яккхаран Iалашонца карарчу шарахь стоьмашна а, хасстоьмашна а лерина йолу майданаш алсамъяхарца цхьаьна, дикка шорйийр ю церан тайпаналла а, дукхалла а.
Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо