Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Дуьненарчу иттаннаш пачхьалкхашкахь, бIеннаш гIаланашкахь дIаяьхьира «Лийр йоцу полк» акци. Цигахь дакъалецира фашистийн Германина дуьхьал дIабаьхьначу тIеман ветеранаша а, церан бераша а, берийн бераша а. Оцу акцешкахь дакъалаьцначу эзарнаш бахархоша дIахьедира дерриге а дуьненара адамаш тIамна дуьхьал хила дезаш хилар, вовшашца машар, маслаIат лаха дезаш хилар.
***
ХIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Россехь а, ткъа иштта фашизмана дуьхьал дIабаьхьначу тIамехь дакъалаьцначу пачхьалкхашкахь а даздийр ду фашистийн Германина тIехь толам баьккхина 73 шо кхачар. Оцу дийнахь деза совгIаташ дийр ду тIамехь дакъалаьцначарна а, тылан къинхьегамхошна а.
***
Толаман Денна лерина тIеман коьрта парад Москвахь дIайолалур ю хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Iуьйранна 10 сахьт даьлча. Цигахь дакъалоцуш хир ву 12 эзар сов салти а, эпсар а, курсант а, ткъа иштта 150 техника, 100 сов кема а, вертолет а. Толаман парадаш дIахьур ю, иштта, Санкт-Петербургехь а, Волгоградехь а, Дона-тIерачу-Ростовехь а, иттаннаш кхечу гIаланашкахь а.
***
Москвахь дIахьон йолчу Толаман парадехь дакъалаца кхайкхина фашизмана дуьхьал дIаьбаьхьначу тIамехь дакъалаьцначу пачхьалкхийн куьйгалхой а, ткъа иштта оцу тIамехь йоккхачу къизаллица хIаллакбинчу жуьгтийн мехкан – Израилан Премьер-министр Б.Нетаньяху а.
***
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 73 шо кхачарна лерина Москвахь тIеман парад дIаяхьарна оцу шахьаран Iедало 615 миллион сом къастийна. Оцу харжех эвсараллица пайда а оьцуш, Россин дерриге а халкъана юьхькIам болуш дIахьур ю тIеман парад.
***
Венехь стомара дуьйна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хенахьлера иллеш олуш а, эшарш лоькхуш а йоккха концерт луш бу дуьненахь а цIеяххана йолчу «Турецкийн хор» ансамблан декъашхой. ХIинцале а, цаьрга ладоьгIа баьхкина иттаннаш эзарнаш хьовсархой. ЛадоьгIна ца Iаш, дуккха а иллеш тIаьхьара а олура хьовсархоша.
***
ХIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Москвахь Толаман парадехь эзар сов тIеман музыканта тIеман шерашкахь яьхна йолчу эшаре 40 сов йиш локхур ю. Кхул хьалха цкъа а, цхьана а пачхьалкхехь хилла яц цу тайпана йоккха концерт. Цуьнга хьовсуш хир бу вайн махкара а, дозанал арахьара а иттаннаш эзарнаш хьовсархой.
***
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистийн Германина тIехь толам баьккхина 73 шо кхачаран деза де дерзор до Москвахь а, ткъа иштта турпала гIаланашкахь а, бIаьхаллин сийлаллин гIаланашкахь а бес-бесара шатлакхаш кхийсарца. Оцу даздаршкахь жигара дакъалоцур ду Нохчийчоьно а.
***
СНГ-на юкъайогIучу пачхьалкхашкара кхочучу хаамаша чIагIдарехь, толаман парадаш дIахьур ю Казахстанехь а, Узбекистанехь а, Беларусехь а, цхьамогIа кхечу мехкашкахь а. Амма Украинин Iедало къобал ца до оцу дийнахь тIеман парад дIаяхьар. Бакъду, бахархой Толаман де даздан дагахь бу.

№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: