Москва. ХIутосург (май) беттан 7-гIа де. Кремлан доккха цIа. Даздаран хьолехь дIайолаелира Россин Федерацин Президентан Путин Владимир Владимировичан инаугураци.
Пхи эзар гергга стаг ву зала чохь. Царна юкъахь бу дуккха а пачхьалкхашкара баьхкина хьеший, Россин министрийн кабинетан, Пачхьалкхан Думин, Федерацин Советан декъашхой, дуьненахь а, махкахь а бевзаш болу нах, кхиберш.
Нийсса 12 сахьт даьлча В.В.Путин Андреевски зала чу вогIу. Подиума тIехь йолчу трибуни тIе воьду иза. Цу тIехь йолчу Россин Конституцина тIе куьг а дуьллуш, В.В.Путина чIагIо йо пачхьалкхан суверинитет а, йозуш цахилар а, кхерамазалла а, цхьаалла а ларъян, халкъана тешаме а, муьтIахь а хила. Цул тIаьхьа, Россин гимн лекхча, доцца къамел дира Россин Президента.
Цо билгалдаьккхира мохк кхиорехьа, цуьнан кхерамазалла лакхаяккхарехьа, халкъан Iер-дахар тодарехьа дан дезаш вуно дукха гIуллакхаш хилар, уьш кхиамца кхочушдалург хиларх ша тешна хилар.
Оццу хенахь Кремлана юххехь дIахIоттийна йолчу 30 йоккхачу тоьпо цхьанаэшшара шатлакх туьйхира Россин лакхарчу коьртакомандующин, Президентан сий деш. 30 йоккхачу тоьпаца 30-зза шатлакх кхоьссира эскархоша.
Шен къамел чекхдаьккхича, инаугураци баьхкинчарна баркалла а аьлла, В.В.Путин Кремлана хьалха моггIара дIахIиттина болу Президентан гвардин бIаьхой болчу аравелира. Цо уьш декъалбира Президентан гварди вовшахтоьхна 82 шо кхачарца. БIаьхаллин декхарш кхочушдарехь церан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар дIа а хаийтира цо.
Сохьтехь гергга дахделира Россин Президент В.В.Путин шен дарже дIахIоттарна лерина даздарш. Инаугурацига хьаьвсира вайн махкара а, дозанал арахьара а миллионаш адамаш. Цара лаккхара мах хадийра Президента динчу къамелан а, даздарш вовшахтохаран а. Баккъал а дика, бIаьрг белош, дагна синтем беш, кханенах тешош дара и дерриге а. Къаьсттина хазахоьтуьйтуш дара, Кремлера араваьллачул тIаьхьа, Президентан кегийрхошца хилла цхьаьнакхетар.
Дагадаийта лаьа, хIокху шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь дIабаьхьначу Президентан харжамашкахь В.В.Путинехь кхаж теснарш 76,69 процент харжамхой хилла хилар. Царна юкъахь дукхахберш кегийрхой бара.
Тахана а баьхкинера уьш Кремле шаьш Путин Владимиран некъ къобалбеш хилар хаийта.
Хь.САИДОВ
№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо