ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь схьадиллира «theLocal» цIе йолу пхеаседанан хьешацIа. Нохчийчоьнан пачхьенехь иза даран хьокъехь Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн куьйгаллица барт бинера республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс масех шо хьалха.

Керла хьешацIа схьаделларан даздаршкахь дакъалецира Кадыров Рамзана а, Trojan Holding компанин урхаллин директора Хьамад Аль Iамерис а, республикин Правительствон а, Парламентан а, кIоштийн а куьйгалхоша а, иштта, Iаьрбийн пачхьалкхашкара баьхкинчу хьешаша а.
ХьешацIийнан арахьарчу пенаш тIехь Iаьрбийн а, нохчийн а халкъийн юкъаметтигех лаьцна дуьйцу видеокийсакаш гайтаран лазерийн шоу а, I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин а, «Нохчо» а, «Вайнах» а ансамблан а артисташа концертан программа а гойтуш дIадаьхьира хьалхара дакъа.
Мероприяти дIахьош яра «Мисс Россия 2016» конкурсан толамхо Добровольская Яна. Цо оьрсийн маттахь дуьйцург хьешашна ингалсан матте доккхура.
Концертан программа чекх а яьлла, хьешацIа схьадиллинчул тIаьхьа, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира «theLocal» Соьлжа-ГIалин жовхIар а хилла дIахIуттург хиларан цхьа а шеко цахилар.
– Абу-Дабин тIаьхьалонан элийн Мухьаммад Зайед Аль Нахайянан а, Тахьнун бин Зайед Аль Нахайянан а нохчийн халкъе болчу ларамна тоьшалла ду хIара хьешацIа. Цара шайн ахча хьажийна Нохчийчу, цуьнан экономики юкъа, – элира Кадыров Рамзана.
Цул тIаьхьа Trojan Holding компанин урхаллин директорна Хьамад Аль Iамерина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а, оццу компанин тоьллачу белхахошна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташ а делира республикин Куьйгалхочо.
Керла схьадиллинчу хьешацIийне ша хьаьжна ваьллачул тIаьхьа, журналисташца хиллачу къамелехь Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира «theLocal» кхузаманахьлерчу тоьллачу хьелашца догIуш хилар.
– Iаьрбийн са ду кху чохь хаалуш. Номераш чохь паргIато ю. Амма, цул сов, хIокху хьешацIа чохь спортхошна а, бизнесхошна а аьттонаш бина ца Iаш – кху чохь заьIапчу нахана аьттонна мел оьшург а дина, – билгалдаьккхира цо.
Кадыров Рамзанал тIаьхьа журналисташца къамел динчу Хьамад Аль Iамерис билгалдаьккхира Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн куьйгалло инвестицеш ян къастийначу Россин Федерацин субъекташна юкъахь Нохчийчоь хьалхарчу меттехь хилар.
– Россин Федерацица тхан кхидIа а хир йолчу юкъаметтигийн тIаьхьалонан «зIе» ю Нохчийн Республика. Дуккха а инвестицийн проекташ кхочушъян лерина ду Эмиратийн куьйгалла Нохчийчохь, – элира цо.
Малхбузено Россина дуьхьал санкцеш кхайкхийна хиларо Нохчийчоьнна инвесторш лахарехь а, инвестицийн проекташ кхочушъярехь а цхьана а кепара тIеIаткъам бина цахиларх лаьцна а дийцира Кадыров Рамзана.
– И санкцеш бахьана долуш, республикина цхьа а Iаткъам ца хилла – инвестицийн проекташ кхочушъеш ю. ГIишлошъяран декъехь къахьоьгуш йолу цхьа а машен ца сецна. Цул сов, инвестицеш кхин а алсамъяхарехь а, экономика кхиоран керла некъаш лахарехь а къахьоьгуш ду тхо, – элира цо. – Ткъа «theLocal» чохь дуьххьарлера хьеший хир болчу мисархошна (Мисаран футболан вовшахтоьхна команда а, цуьнан куьйгаллин а, гIаролан а векалш а, тренерш а – авт.) кху чохь нохчийн халкъан хьаша-да тIеэцаран ламасташ девзарг хиларх а, уьш товриг хиларх а тешна ду.
«theLocal» хьешацIа Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштарчу Яшинан урам а, Iела Мухьаммадан цIарах йолу проспект а вовшахкхеттачохь ду. 54 метр локхалла йолу и гIишло 9 гIатт а долуш, чохь хьешашна лерина номерш хиларал сов, тIехь тхов болу бассейн а, спортзал а, СПА-туш а, махлелоран 3 туш а, 3 декъе екъалуш йолу ресторан а, иштта, масех кафе а, конференц-зал а йолуш ю.
И.ИСЛАМОВ
№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо