Ветеранаш, тхан хьоме ветеранаш

Толаман де! И де гергакхачо гIерташ шайн догIмаш а, синош а ца кхоийна аш тхан хьомсара ветеранаш. Ма нилха довлуш лаьтта шун могIарш. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш. Уьш ца хиллехь таханлера маршо, паргIато хир яцара. Цундела уьш бицбан йиш яц вайн, даима а вайн дегнашкахь а, иэсехь а баха беза уьш. Ткъа тахана вайна юкъахь болчу тIеман дакъалацархойн ларам бар а, царна баркалла алар а вайн массеран а декхар ду.

ПIелгашца багарбаллал бен бац бисина ветеранаш. Тахана, ханна баккхий хиларе терра, могашалла эшна, дуьненан самукъа дIадаьлла бу уьш. Церан цхьаболчеран лерса а, бIаьрса а ледара ду, делахь а, цаьрца къамел дан а, цаьрга ладогIа а, тIамехь дакъалацарх царна дага мел догIург схьадийцийта а, дIаяздан а хьовса безара кегийрхой. Тахана кегийрхой оцу историна тIаьхьакхиа а, иза талла а ца хьаьвсича, тIекхуьучу тIаьхьенна бицлур бу вайн турпалхой.

Тахана вайн ветеранех лаьцна дIаяздина цхьа дош а карор ду цхьа хан-зама яьлча. Карарчу хенахь Нохчийн Республикехь могаш-маьрша волу ветеран 15 бен вац.

Толаман денца Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархой декъал а беш, церан цIерш яха лаьа: ТIехьа-МартантIера Макаев Адам, Эскирханов Ахьмад, Грозненски кIоштарчу Девкар-Эвлара Болатбиев Рамзан, Курчалойн кIоштарчу Майртуьпара Исмаилов НогIи, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштара Богаткина Анна, Орлов Василий а, Теркан кIоштарчу НогIамирзин-Юьртара Хасиев Ахьмад, Невран кIоштарчу Новр-ГIалара Атарщиков Владимир, оццу кIоштарчу Ищерски станицера Халилов Авсар а, Нажи-Юьртан кIоштарчу СогIунтIара Абдулшаидов Юнус, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштара Халапов Михаил, Халапова Вера, Хьалха-Мартан кIоштан Гих-Чуьра Гастемиров Ахьмад, Шелковски станицера Дереземля Анна, Шелковски кIоштарчу Яна-Кхаьлла станицера Нагуманов Агият.

Ма кIезиг бисна-кх уьш, ма кIезиг… вайн дозалла, яхь хилла баха хьакъ берш.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман масех ветеран Дала хан яхйойла церан!

№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: