Хаам

Россин Федерацин могашалла Iалашъяран министерствос хIокху шарахь а дIахьош ю ВИЧ-инфекцина профилактика яран хаамийн кампани.

ВИЧ – СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а Россин Федерацин Правительствон 2020-гIа шо тIекхаччалц йолчу Пачхьалкхан стратегин программин гурашкахь къаьсттина хIутосург (май) баттахь кхочушдан лерина дуккха а гIуллакхаш хуьлу.

Иштта, хIутосург (май) беттан 14–20-гIий денош тIекхаччалц социально-культурин жигараллин Фондан гIоьнца Ерригроссин «Стоп ВИЧ – СПИД» акци дIахьур ю. Иза СПИД цамгарх кхелхинчеран дуьненаюкъарчу денна лерина вовшахтухуш ю.

Оцу гIуллакхна юкъадогIу:

  • юкъарадешаран а, лакхарчу дешаран а учрежденешкахь, СПИД-н туьшан говзанчаш кхойкхуш, цхьаьнакхетарш дIадахьар а, лекцеш ешар а, йиллина урокаш дIаяхьар а;
  • алссам адамаш гуллучу меттигашкахь ВИЧ-инфекци ю я яц талларан Iалашонца маьхза тесташ яр;
  • шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь ВИЧ-инфекцина профилактика еш видеоро- ликаш, хаамийн буклеташ кечъяр.

Цул сов, 2018-чу шеран хIутосург (май) баттера лахьанан (ноябрь) батте кхаччалц Россин Федерацин могашалла Iалашъяран министерствос Ерригроссин акци дIахьур ю, Россин Федерацин 30 субъектехь ВИЧ-инфекци ю я яц хьожуш таллам бийр бу.

Цкъа делахь, маьхза а, шолгIа делахь, анонимни а хир ду ВИЧ-инфекци таллар. Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшо жигара дакъалоцур ду лакхахь хьахийначу акцешкахь.

Иштта, Россин Федерацин могашалла Iалашъяран министерствон куьйгалло жигара дакъалацар доьху кестта дIахьур йолчу акцехь республикин социальни дакъошкахь болх бечу юкъараллин а, коммерчески йоцчу а организацийн куьйгалхошка.

Россин Федерацин могашалла Iалашъяран министерствон белхахо Маркова Мария Владимировна ю акци дIаяхьарехь нислуш долчу хаттаршна жоьпаш дала векал йинарг.

Оьшуш дерг хIокху электронни адресца а, телефонца а хаа аьтто бу: markova@rosminzdrav.ru, 8(495)627-24-00 (цу тIе тоха деза 28 22).

№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: