Россин Президента Путин Владимира Даймехкан Турпалхойн денна лерина даздаран т1еэцар дира.
Кремлан Георгиевски залехь хиллачу т1еэцарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин экономически а, юкъараллин а кхерам ца хилийтаран Советан секретара Усмаев Вахитас, Россин Федерацин МВД-н Чоьхьарчу эскарийн «Къилбаседа» батальонан командира Делимханов Сурхос, кхечара а.
Шен къамелехь Президента билгалдаьккхира и деза де Россина къаьсттина мехала маь1на долуш хилар.
«Даймехкан Турпалхойн де шен лаамца, шен законашца даха йолу халкъан сийлахь бакъо тайп-тайпанчу шерашкахь ларйинчу адамийн сий-ларам бар ду. Аш боккхачу механ хазна юкъайиллина вайн махкана кхерам ца хилийтар ч1аг1дарна, т1емийн аренехь хьуьнарш гайтина, къонахалла гайтина маьршачу хенахь, кхин цкъа а тешам боллуш гайтина вайн Даймахкана г1уллакх дарехь х1ора стаг доккха маь1на долуш хилар, шен декхарна а, шен лаьтанна а, шен халкъана а, вайн дайша шайл т1аьхьа вайна дитинчу г1иллакхашна а тешаме хилар, Даймехкан хьашташна иза оьшучохь баккъалла а хьуьнар гайта кийча хилар. Шун майралло, къонахалло хьуьнарш гайтарна дог-ойла г1аттайо кхечу адамийн, ч1аг1до син ницкъ доза доццуш боккха хиларх тешар. Оха дозалла до шух», – элира цо.
Даздаран т1еэцар чекхдаьллачул т1аьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмехь йолчу шен аг1он т1ехь билгалдаьккхира Росси дийнна хилар а, цунна кхерам ца хилийтар а лардаран г1уллакхехь нохчийн халкъан векалш доккха маь1на долуш хилар, хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо.
«Тахана вайн тешам боллуш ала йиш ю нохчийн халкъан майрачу к1енташа Росси мостаг1ех ларъярна 1аламат йоккха хазна юкъайиллина а, Даймохк дийнна хиларна кхачо йина а хилар. Шега нийсаниг кхин доцу хьуьнар гайтарца Россин сий-ларам лакхабаьккхинчарна юкъахь къаьсттина йолу меттиг д1алоцуш ву вайн хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа! Цуьнан командо Даймахкана белла Россин Турпалхой, б1аьхаллин орденаш лелош берш! Уьш тахана а б1аьхаллин вахтехь бу! Сий-хастам хуьлда Сийлахь-йоккхачу Россина», – билгалдаьккхира цо.
Билгалдаккха деза даздаран т1еэцаре 400 гергга стаг кхайкхина хилла хилар. Уьш бара Советски Союзан, Россин Турпалхой, Сийлаллин ерриге а орденаш елларш, Сийлахьчу Георгийн орденаш йолуш берш, Россин Федерацин Правительствон декъашхой, Федерацин Советан, декъашхой, Пачхьалкхан Думин депутаташ, регионийн 1едалийн, динийн, юкъараллин цхьаьнакхетаралийн векалш, ткъа иштта культурин, 1илманан, искусствон белхахой.