ХIора шарахь вайн махкахь даздо фашистийн Германина тIехь толам баьккхина де. Фашисташна дуьхьал дIабаьхьначу тIамехь баьккхинчу толамна доккха дакъа юкъадиллина нохчийн халкъо.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна Идрисов Абухьаьжас. Тайп-тайпанчу меттигашкахь фашисташна дуьхьал тIемаш бина цо. Цунах лаьцна «Вечерняя Москва» газета тIехь 1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь яздинера: «Немцойн 349 салти хIаллаквина маьршачу Нохчийчоьнан кIанта».
«ЦIечу Байракхан» а, «ЦIечу Седанан» а орденашца совгIаташ дира Идрисовна. Цуьнан цIе евзира ерриге а Къилбаседа-Малхбузен фронтехь.
1942-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь иза дIахьажийра мостагI тIелатарна кхерам болчу цхьана метте. Кхерам эрна ца хиллера. Идрисовс шен куьйга кIел болчу иччархошца дуьхьало яр бахьана долуш, и кхерам лахбелира. Шен куьйга 100 сов фашист хIаллаквира цо.
1944-чу шарахь Мозовецк гIалахь схьайоьллу тIеман фронтан музей. Оцу музей чохь Идрисовх лаьцна стенд хIоттайо, иччархочун топ а, суьрташ а долуш. Стендана бухахь яздина иштта йоза хуьлу: «Нохчийн халкъан сийлахьчу кIанта, Советийн Союзан Турпалхочо Идрисов Абухьаьжас хIаллаквина немцойн 300 сов салти».
ТIамехь чевнаш хиллачул тIаьхьа, 4 баттахь сов Горький гIалин госпиталехь Iуьллу Идрисов. Чевнаш дIайирзинчул тIаьхьа, махках даьккхинчу нохчийн халкъан Казахстанера векал хIоттаво иза. Цкъа Алма-Атахь, тIаккха Талды-Курганан областехь Iа иза.
1957-чу шарахь Идрисов нохчийн къомаца цхьаьна Нохчийчу цIавоьрзу. Ша кхалхале кхин махкара ара а ца волу иза. КхидIа Идрисовн сийнна Соьлжа-ГIалахь цхьана урамна а, школина а цуьнан цIе тиллина.
Делахь-хIета халкъан иэсехь яха йисина турпалхочун сийлахь цIе.
А.АЛИЕВ
№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо