«СтелаIад» – 1

Нана, нана, тхан хазаниг,
Тхан диканиг, дашониг.
Хьо – тхан жовхIар, хьо – тхан зезаг,
Малх, бутт, седа, шовда лам.

Хьо – тхан гIиллакх, хьо – тхан лакхе,
Тхан синкъерам самукъне,
Хьо – ирс, безам, ялсамани,
Беркат, марзо, дарба, моз.

Бекарг (март) беттан 8-гIа де – Зударийн дуьненаюкъара де. Оцу денна лерина ю журналан хьалхара агIонаш. ХIокху шеран хьалхара номер дIайолало Бухадиев Мусан «Хьомсара нана» байтаца. Лакхахь яздина дешнаш оцу юкъара ду. Циггахь еша аьтто бу Ш.Макаловн «Зударийн куьйгаш» байт а.

«Берийн кхолларалла» рубрика массо а хенахь санна берийн суьрташца къагийна ю. Циггахь вайна хуур ду Соьлжа-ГIаларчу №42 йолчу школера 6 «б» классан дешархой шайн хьехархочуьнца Мусхаджиева Заремица Соьлжа-ГIаларчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу музейхь хилла хиларх лаьцна.

Хасиев Лоьмас шен «Аьрха ЧIамар» дийцарехь говза гайтина ЧIамарчун аьрхалла а, Нана-аьттан а, Воккха-Дадин а, Бабин а юкъаметтигаш а.

Хатуев Iабдул-Хьамидан «Дашо латта» туьйранехь автора вайна говза дуьйцу адамийн хилла ца Iаш, зингатийн а шаьш дехачу лаьттаца йолчу марзонах лаьцна.

«… – Со дургал такхийна догIуш, цIеххьана мох белира, чан гIаьттира. Дерриге а дуьне Iаржделира, мохо хьалаайъина, зезагашна тIехула дадийна со кхуза охьакхоьссира…

Тхан махкахь массо а хIума – бецаш, зезагаш, дитташ – дашо ю. Суна хIора буса къегаш, лепаш, серлаюьйлуш, гIенах го уьш…», – зингатан «къамел» даладо I-Хь.Хатуевс.

Говза гочдина Ахматукаев Адама Чуковский Корнейн «Айболит» туьйра. «Вайлозу» аьлла цIе тиллина гочдархочо цунна.

«Серло» рубрикехь Муртазаев Сайд-Мохьмадан «Мухьаммад Пайхамар» (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьехам беша аьтто бу берийн.

«Кхин дуккха а билгалонаш хааелира Хьалиматана: Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьавалийчахьана кхеран жерчаша цIа догIуш шортта шура йохьура, иза берашна а, баккхийчарна а тоъал хуьлура.

Хьалиматан Бану-СаIд тайпа Iаш долу мохк шен хIаваъ цIена хиларца а, хиш дика хиларца а, буьйцу цIена Iаьрбийн мотт хиларца а бевзаш бара. Денош дIаоьхуш дара. Мухьаммад воккха хуьлуш вара. Иза хьалхе вахара кога, иштта хьалхе волавелира къаьсташ цIена мотт бийца а…».

Дала хIара дуьне а, Iалам а шен дуьхьа кхоьллинчу Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бераллин цхьа дакъа девзар ду хьехам бешча.

Берашна пайдехь а, хазахетар дерш а, дуккха а карор ду журналан агIонаш тIехь.

Л.ДАУТОВА

№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: