Дукха хан йоццуш М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь «Король Лир» спектакль хилира. Зал хьовсархойх юьзна яра. Иза иштта ца хуьлийла а дацара. Массарна аьлча санна, евзаш йолу «Король Лир» спектакль ган лиънарш а, иза ларйинарш а дуккха а бара.
Дуьненахь а вевзаш волчу ингалсхойн драматурган Шекспир Вильяман «Король Лир» цIе йолу трагеди яра театран керлачу режиссера Яхъяев Салавдис хаьржинарг. Карарчу шеран январь (кхолламан) баттахь дуьйна йолийнера репетицеш. Театран коьртачу режиссера къахьийгира актерашца. Вайн къоман Iадаташца догIуш доцург юкъара дIа а доккхуш, мелла а хийцам бира спектаклан сюжетехь.
Спектаклехь ролаш ловзийна артисташ хIорш бу:
Король Лир – Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволу гIуллакххо Аюбов Муса, Гонерилья – Ибрагимова Румиса, Регана – Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка Авзаева Хеда, Карделия – Тарамова Милана, Эдмунд – Нохчийн Республикин хьакъволу артист Темишев Султан, Глостер – Хамзатов Ахьмад, Кент – Исламгириев Апти, Эдгар – Шамсудинов Амирхан, Шут Лира – Нохчийн Республикин хьакъволу артист Махаури Iальви, Французийн паччахь – Зайтаев Рашид, Альбанин Герцог – Элисханов Хьасан, Корнуэлан Герцог – Дебишев Тимур, Бургундин Герцог – Муртазалиев Байсангур, иштта кхиберш а.
Декорацеш, хIетахьлерчу заманах терра кечдина духарш – оцу дерригено а цу замане вуьгуш санна хеталора.
Вайн актерийн сцени тIехь лелар а, церан къамел а дара шатайпа. Гуш дара актераша а, режиссера а дуккха а къахьегна хилар. Спектаклан сурт моссазза хийцало а, зал «денлора» тIараш деттарца.
Умаров Халифа (спектакле хьаьжначарах цхьаъ) иштта элира:
– Оьрсийн драмин театрехь дуккха а спектаклашкахь хилла ву со. Амма, «Король Лир» спектаклан таханлера хIоттор суна къаьсттина хазахийтира. Цу тайпа спектакль хIотто хала ду. ХIетте а, вайн артисташ дика ларийра.
Спектакле хьоьжучу хенахь, цахуург сцени тIехь ролаш ловзош берш нохчий хирг хиларна а тIаьхьакхуьур воцуш, шайн турпалхойн васташка бирзинера артисташ.
З.ХАСИЕВА
№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо