Нохчийн Республикерчу 226 школин 6-чу классийн дешархоша дакъалецира оьрсийн маттехула Ерригроссин талламийн белхаш кхочушбарехь.
Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо хаам ма-барра, талламан белхан хIора вариантан 14 тIедиллар дара, иштта, ешаран декъехь – пхи тIедиллар. И белхаш кхочушбарна елла хан 90 минот (2 урок) яра.
Талламан белхаш байтаран Iалашо яра оьрсийн маттахь яздарехь дешархойн орфографин а, пунктуацин а хаарш довзар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо