ХIутосург беттан 9-гIа де, 1922-гIа шо. Лаха-Неврехь вина Джамалханов Зайнди, фольклорист, нохчийн меттан говзанча.
Шен 16 шо бен доцуш, 1938-чу шарахь Зайнди, кхойкхий, балха валаво Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институте. Оцу шерашкахь Н.Ф.Яковлевца цхьаьна цо дакъалоцу нохчийн литературин меттан морфологи а, синтаксис а хIоттош.
Дукха болх бина З.Джамалхановс нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъеш, юккъерчу школина, хьехархойн училищена лерина нохчийн меттан учебникаш, методикин пособеш хIиттош. Нохчийн мотт хаа луучарна чIогIа пайдехь ю цо хIоттийна (И.Алироевца цхьаьна) «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам».
Зайнди вевза говза хьехархо санна а – иттаннаш шерашкахь болх бина цо Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь.
Iилманехь а, дешаран хьаьрмахь а цуьнан хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадош, Джамалханов Зайндина елла «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» а, «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» а сийлаллин цIерш.
Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхо а ву иза.
Кхалхар хилла 2014-чу шарахь.
ХIутосург беттан 10-гIа де, 1938-гIа шо. Шуьйта кIоштан Лаха-Варандахь вина Туркаев Хьасан, литературовед, филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-
корреспондент.
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь.
1976-чу шарахь чIагIйо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1984-чу шарахь литературоведенехула нохчашлахь дуьххьара филологин Iилманийн докторан диссертаци а.
Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь (1963–1988 гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь кафедрин заведующи волуш (1988–1993-гIий шераш), Нохчийн пачхьалкхан университетехь кафедрин профессор, заведующи волуш (1993-чу шарахь дуьйна).
Iилманан 150 сов белхан автор, шайна юкъахь 10 сов йоккха монографи а йолуш (Масала, «Нохчийн литература кхиаран новкъахь» (1978 шо), «Нохчийн а, гIалгIайн а литературин историн кхолламаш» (1978 шо), «Нохчийчоьнан культура: истори а, вайзаманан проблемаш а» (проектан автор а, жоьпаллин редактор а) (М., «Iилма», 2002, 2006 шш), «Нохчий Россин исторехь, политикехь, Iилманехь, культурехь» (М., «Iилма», 2008 шо), иштта кхин а.
Россин Федерацин Iилманан хьакъволу гIуллакххо, Россин Яздархойн союзан декъашхо.
ХIутосург беттан 12-гIа де, 1953-гIа шо. Казахстанан Кокчетавскан областехь вина Орцуев Хьасан, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион, СССР-н спортан хьакъволу мастер.
Дешна Соьлжа-ГIаларчу №53 йолчу юккъерчу школехь, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан спортфакехь.
Дейтта шо долуш, хинволу чемпион веара Багаев Дэгин «Динамо» стадионехь хиллачу паргIатчу кепара охьатохархлатаран секце.
Шен накъостех иза къаьстара хьалха хIоттийначу Iалашоне кхача доьналла а, къахьега мало йоцуш а хиларца.
Хь.Орцуевн спортан дахарехь уггаре а дагалацаме хилла дисина 1978-гIа шо. Цкъа хьалха СССР-н халкъийн VII-чу Спартакиадехь а, СССР-н чемпионатехь а хьалхара меттигаш йоху цо, цул тIаьхьа дуьненан Кубок йоккху. Оццу шарахь США-н Сан-Диего гIалахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионате а кхочу.
Финалехь иза тасавелира Европин а, дуьненан а чемпион волчу ГДР-чу У.Нойпертаца, амма цхьаьнакхетаран хан чекхъяьлча, судхочо, шеко йоцуш, дуьненан керлачу чемпионан цIе яьккхира – Орцуев Хьасан.
Шен спортан хьуьнаршца республикин сий айъарна цунна елла «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» сийлаллин цIе.
Хь.Орцуевн цIарах спортан школа ю Соьлжа-ГIалахь.
ХIутосург беттан 13-гIа де, 1913-гIа шо. Лаха Неврехь вина Висаитов Мовлид, Советийн Союзан Турпалхо. Юьртара школа чекх а йоккхий, 1932-чу шарахь деша воьду Краснодарерчу дошлойн кхаашеран школе. ТIехдика дешарца и чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь Украинехь хиллачу 9-чу дошлойн дивизин 34-чу полкехь дошлойн взводан командир волуш шен бIаьхаллин некъ дIаболабо къоначу лейтенанта.
Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман хьалхарчу дийнахь дуьйна и чекхбаллалц тIамехь лаьттина М.Висаитов. Цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш билгалдаьхна Ленинан, ЦIечу Байракхан, Суворовн, ЦIечу Седанан орденашца, дуккха а мидалшца.
1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 2-чу дийнахь Эльба хин йисте уггаре а хьалха кхечира Советийн Эскаран подполковникан М.Висаитовн 28-гIа дошлойн гвардейски полк. Цигахь, кхидолчу советийн эскарел хьалха Висаитов Мовлидан дошлой цхьаьнакхийтира Iамаркхойн эскаршца.
М.Висаитовн бIаьхаллин хьуьнарийн лаккхара мах хадош, цунна совгIат дира США-н уггаре а лакхара лоруш йолчу «Легион чести» орденца.
Фашистийн Германица хиллачу тIамехь шегара йоккха майралла, стогалла гайтарна тIеман командованис Советийн Союзан Турпалхочун цIе яла хьалхатеттинера иза.
Амма оццул шена хьакъйолу и цIе ца луш, бакъдуьнена вирзира М.Висаитов (цуьнан кхалхар хилла 1986-чу шеран хIутосург (май) беттан 23-чу дийнахь).
И харцо нисъеш, 1990-чу шеран хIутосург (май) беттан 8-чу дийнахь, шен Указаца Висаитов Мовлидана Советийн Союзан Турпалхочун цIе елира СССР-н Президента М.С.Горбачевс.
№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо