Халкъан хьикмат

Шена деха а, ирсе а дахар дезачо шен гергарчу нахаца гергарлонаш леладойла.
***
ХIума дукха яар – цамгарш яржон молха ду, хIума дукха ца яар – цамгаршна дарба ден молха ду.
***
Вист ца хуьлуш Iаро хьекъал долу стаг хазво, Iовдал стаг къайлавоккху.
***
Дуьне деа хIуманна тIехь лаьтта: паччахьан Iедална тIехь а, мискачу нехан доIина тIехь а, Iеламнехан Iилманна тIехь а, комаьршачу нехан комаьршалли тIехь а.
***
Салам даларан гIиллакх. Говрахь вогIучо гIашлочуьнга салам дала деза, новкъа вогIучо хиъна Iаш волчуьнга салам дала деза, ирх хьалаволучуьнга салам дала деза охьавогIучо, кIезиг йолчу тобано йоккхачу тобане салам дала деза. Нохчийн Iадатехь воккхачо салам жимачуьнга дала деза.
***
Ден-ненан декхар ду шайн берашна дика цIерш тахкар, ийманехь, гIиллакхе, оьзда, эхь-бехк долуш кхиор (пхийттара) верхIиттара девлча, аьтто белахь, кIантана зуда ялор, йоI маре яхийтар.
***
Дукха ма вела, дукха веларо дог дакъадо.
***
Цхьана сохьтехь Iилма Iамор буьйсанна сахиллалц йинчу Iамалал деза ду.

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ

№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: