Исбаьхьчу суьртахь дагахь лаьттира Даймохк

Вайнехан къам махках даьккхина генарчу Казахстане а, ГIиргIазойчу а дIадохийна долчу хенахь, 1946-чу шеран хIутосург (май) беттан 19-чу дийнахь, ЧагаевгIеран Арцхон а, ПетIаматан а доьзалехь дуьнен чу яьлла Аьлбика.

Школе яхаза йолчу хенахь а ша йоккха йоI хеташ хилла цунна. Доьзалехь мел долу бераш (йижарий, вежарий, девешин бераш) 5–6 шо кхаьчначу Аьлбикас лелош хилла. Уьш берриге а (гергара нах) цхьана урамехь Iаш хилла. Масех цIа бен дацахь а, боккха урам хетара иза кегийчу берашна. Цигахь дукхахъерш казахийн лаппагIаш яра.

Вайнаха, цу сохьта белхи вовшах а тухий, дечигаш хьалахIиттайой, царна тIе поппар а, чемхалгаш а тухий лаппагIаш йора. Лаьтта цIенкъа а юьллура. Тхов тIе эрз кхуссий, тIехула латта хьорсура. ТIаккха кегийчара тIе а бовлий, когаш бетташ латта чIагIдора. Иза ца дича, ло дукха а дуьллий, мехаша дIахьора цIеной тхевнаш. Когаш биттинчул тIаьхьа тхевнна а, лаьтта йиллинчу цIенкъа тIехула а боршам хьокхура.

«Тхо оцу Казахстанехь чIогIа гIийла Iаш, къизалла, хало Iовшуш ду аьлла ца хетара тхуна – берашна. Цхьа а стаг воьлхуш ца гора тхуна цкъа а, массо а балха оьхура. Тхо Къилбечу Казахстанан Тюлькубасскан кIоштахь Iаш дара. Кызыл Эскер олура тхо Iийначу юьртах (ЦIен эскар бохург), ткъа лулахь Ванновка, Мичуринан совхоз, кхийолу а меттигаш яра.

Йоккха совхоз яра иза хIетахь. Цигахь массо кепара Iежаш хуьлура. Тхаьш и Iежаш лечкъо оьхуш дагадогIу… Ткъа тхо долчохь-м цхьа а стом бацара. Беккъа урам бара, наггахь акази хуьлура. Ванновке дIабоьдучу некъа уллехь доккха хи дара охьадогIуш. Доккха ца хила а тарлора иза-м, тхуна – кегийчарна доккха хетар-кх. Цигара хи кхоьхьура оха, аьхка лийча а доьлхура цигга.

Сан 5–6 шо дара хIетахь. Сан хеннара кхин а масех бер дара. Тхайл кегийчарна леррина терго йора оха. Берашна юкъахь чIогIа барт бара. Казахийн берашца а барт бара тхан. Амма тхайн бераш казахийн берел даккхий а, хьекъале а хетара суна даима…», – дагалоьцу Аьлбикас.

Аьлбикин да Арцхо бригадиран болх беш вара хьаьжкIаш а, цхьаболу хасстоьмаш а дIабуьйш, кхиочу аренашкахь. Цо шайна етт лело бакъо яьккхинера. Атто лучу шурах, даьттанах, кхийолчух ял яла езара. Йиснарг доьзална кхочура. Цул тIаьхьа цхьа зама яьлча ял гулйийриг вахара Арцхо.

Казахийн вайнехаца вуно дика юкъаметтигаш хуьлура. Масала, шайн яахIума, стоьмаш лачкъийний хиъча а, девне ца бовлура уьш. Царна хаьара вайнах меца буйла. ЧагаевгIеран доьзал-м яахIума йоцуш ца буьсура, дас даима оьшург латтайора царна.

Бакъду, юург йоцурш а дуккха бара. ГIурбан дийнахь йоккхачу майданахь гуллой, бежанашна, уьстагIашна урс хьокхий, цхьаьна гIурба дора казахаша а, вайнаха а. Жижиг мискачарна, мецачарна дIасадоькъура. Иштта, казахийн къоман цхьа цIей дара (сабантуй олуш): говрахь Iачу цхьаммо уьстагI пхьаьрса кIела лоций, говр дIахохкура, тIаккха цунна масийтта дошло тIаьхьаволура и уьстагI схьабаккха. Оцу схьабаьккхинчу уьстагIах доккха гIо хуьлура кхаж баьллачунна.

Школе даха хан кхечира Аьлбикин, цуьнан доттагIчун Ахиртан, шичин Баймарзан, кхечеран. Воккхахволу Элмарза хIетахь школе оьхуш, 3-чу классехь доьшуш вара. Математика къаьсттина дика евзара цунна. Дерриге а 10 бер дара ЧагаевгIеран доьзалехь. Царех цхьадерш новкъахь деллера. Казахстане дIакхаьчначул тIаьхьа, бераш сих-сиха цомгаш хуьлура. Iа тIе ма-кхаьчча, когаш дIалуьйцуш, лела ца луш юьсура Аьлбика, ткъа аьхке еача, меттайогIура.

ХIетахь-м оцу цамгаран цIе а ца хаьара, ткъа иза полиомелит хиллера. Аьлбика кIелхьара елира цунах, ткъа цуьнан вежарий Эдалбек а, Ваха а (иштта когаш текхош лазар дара царна а) метта ца богIуш, белира. Эдалбек веллачул тIаьхьа, Ваха мукъане кIелхьара ваккха дагахь, Чемкент олучу шахьаре дахана хилла Арцхо а, ПетIамат а. Цигарчу больницехь цунна дарба леладайта, кIант цигахь а витина, цIадогIуш хилла да нана.

Оцу чуьра арабевлла схьабогIучу хенахь, дечигах йинчу кертах чу хьаьвсича, буьнжоьлга чу хаийна Iаш волу шайн кIант гина кхушинна (циггахь кхин бераш а хилла), мозий тIехуьйшуш. Куьг-ког меттахдоккхуш ца хилла иза. 5 шо долуш кIант вара Ваха, вист ца хилахь а, массо хIуманах кхеташ вара иза. Цунах къахетта, иза цигахь ца виталуш, цIавалинейра дас-нанас. Цул тIаьхьа, дукха ца Iаш, велира кIант.

Ша Казахстанехь школе эхар дагалоьцуш, дуьйцу Аьлбикас: «Александра Яковлевна цIе йолуш доккхачу дегIахь хьехархо яра тхан. Иштта, пионер-вожати а вара, иза тхан хьехархочун йишин кIант вара. Цо урокаш дIаяьллачул тIаьхьа Ленинах, партех лаьцна къамелаш дора тхоьца. Ленин сийлахь ву аьлла, тхан дагчу диллинера жимчохь дуьйна. Иштта, Сталинах лаьцна а дуьйцура. Ткъа вайнаха къайлах вуьйцура иза, цуьнан къизалла юьйцуш эшарш лоькхура. Амма гучахь Сталинах лаьцна вуон хIумма а ала йиш яцара.

Школе ши километр гена дIадоьлхура тхо. Доккха ло диллича, дIаваха некъ боккхуш, тхан шича хьалхаволура тхуна. Хала а, атта а дIакхочура тхо. Школехь чIогIа йовха а, хаза а хуьлура. Тхан дас даима дешарна тIегIертадора тхо.

Павлодаре дIабигинчаьрца нисбеллера сан девешин йоьIарий: Залимат, Заху, Минат, уьш тхо долчу схьабалийра тхан дас. Залимата хIуманаш тоьгура. Берашна хIума тоьгуш тIаргIанах юцура хIетахь. Ткъа сан школин хорма яцара. Залимата суна оцу тIаргIанах хорма а, кIайн фартук а йира.

Суна уьш йина де чIогIа дезде дара. Школе яхча цунах дозалла дора ас, ткъа цIа еача цхьана дечигах хорма хьалауллий, пенах тоьхначу хьостама тIе хьалатосура иза. Оцу тхайн эвлахь уггаре а ехаш яра со. Марха досту хан тIекхочуш, суна тхан нанас чиллан басмех коч тийгира. Сайн доттагI Ахирт схьа а ялийна, цунна гойтуш, марха достучу дийнахь тIеюхур ю аьлла, хьостамах хьалатеснера ас и коч.

Тхан дас тхан нанна эцна «Зингер» олуш жима чарх яра. Цу тIехь тоьгура нанас бедарш. Ша балхара цIаеанчул тIаьхьа массарна кучамаш тоьгура цо. Мехкаршна тоьгурш мелла а кечйина хуьлура. Кхиинчу зудабераша кIайн шифон леладора коьртахь, лаьтта охьакхаччалц охьакхозуш ши тIам а болуш. Синкъерам бечу хенахь къаьсттина кечлора мехкарий. Ткъа синкъерамаш хьаьжкIаш схьаяьхна, ялта чудерзийначул тIаьхьа вовшахтухура.

Чоьнаш готта елахь а, чIогIа самукъадолура кегийрхойн. Цхьана агIор кIентий, кхечу агIор мехкарий охьаховшура. Вовше забарш еш, къамелаш деш, самукъадоккхура кегийрхоша…».

ХьаьжкIаш тилош, тIаргIа къажош а гуллора кегийрхой. Цу тайпанчу гулдаларшкахь а, синкъерамашкахь а кехат-пондар чIогIа локхура хIетахь. Эшарш а лоькхура. Къаьсттина дукха лоькхуш, массарна хазахеташ яра «КIайн дарин коч» цIе йолу йиш. БIаьста истангаш дора. Яккхий стоьлаш дIахIиттайой (биъ ког бой, царна тIеаннаш тухий), цу тIе нисбой тIаргIа охьабуьллура, тIаргIи тIе хи а хьорсий, деха серий деттара цу тIе. Юха тIаргIа карчабой, кхечу агIор а изза болх бора. Истанг муьлхачу басахь деза хьаьжжина лелабора тIаргIа (кIайн а, Iаьржа а). Къорза истанг дечу хенахь, бецаш а, диттан чкъор а кхехкийна, даьккхина басар хуьлура.

Балхах уьдуш цхьа а вацара хIетахь, массара къахьоьгура. Белхеш беш гулдаларал сов, мовлад доьшуш баккхийнах а вовшахкхетара. Белхешкахь, синкъерамашкахь, муьлххачу гулдаларшкахь юьйцург Кавказ хуьлура. Цхьана дийнахь а Даймохк ца бицлора. Кавказах лаьцна эшарш лоькхучу хенахь, жимачу Аьлбикин ойланехь цхьа исбаьхьчу мехкан сурт хIуттура. Иллешкахь Даймохк хестош, Сталин сийсазвеш хилла вайнаха. «Цхьа Iуьйренаш яьхкира вайна, цхьа суьйренаш яьхкира вайна, вай дуохочу кхаарин дийнахь, лайца бала беара вайна…», кхидолу а иллеш олура. Вай махках дахар бен, кхин дуьйцуш хIумма а дацара, амма бIаьргех хи ца долуьйтура цхьаммо а. Кхана цIадоьлху аьлла, тешна болуш, даггара олура ДегIастанах лаьцна мел олу дош.

Вайнахана цIадерза бакъо еллачул тIаьхьа, массо цIийнан пенах радиокедаш туьйхира. Цул тIаьхьа, Алма-Атара схьа эшарш лекха буьйлабелира вайн артисташ. Цкъа а боьлхуш боцу нохчий, радиочухула Димин Iумара пондар локхуш хезча боьлхура…

Леррина ладуьйгIура массара цуьнга а, декъазчу Юнусах лаьцна Сулиманов Баудис олучу иллига а, иштта М.Айдамировас, М.Гайрбековс, Ж.Шамилевас лоькхучу эшаршка а. Синкъерамашкахь пондар локхучу хенахь, иллешкахь къоман турпалхой а хестабора: Зайд Шахмирза, Адин Сурхо, Гихтара ГIани, кхиберш.

Даймахка цIадерза бакъо еллачул тIаьхьа, Н.Хрущевна эшарш йохуш, уьш лоькхура наха. Эххар а, 13 шарахь шаьш хьегначу дай баьхначу махка кхечира вайнах. Шайна цкъа а ца гинчу стоьмех цецбуьйлура кегийнаш.

Кхеран дас даима юург латтийнера шен доьзална. Делахь а, хийрачу махкахь са меца лаьттинера церан. ХIетахь шен хиллачу доттагIчо оьрсийн йоIа ша аьхка пионерийн лагерехь хиларх дуьйцуш, цунах ца тешара Аьлбика. «Иза хIун ю-те, пионерийн лагерь… Доцург дуьйцу цо», – аьлла хетара. Дай баьхначу Шалаже кхаьчча хиира Аьлбикина шега йийцинарг хIун пионерийн лагерь хилла…

«Тхо цIадаьхкинчул тIаьхьа, школе араяьлла, дуьххьара суо ненан меттан уроке яхана дагадогIу суна. ХIетахь тхан нохчийн меттан хьехархо вара Закриев Хьуьсен (хIинца а Шалажехь Iаш ву иза). ЧIогIа дагчу юьжуш урок елира цо. Ткъа суна элпаш девзаш дацара. Оццу суьйрана туькана а яхана, «Серло» газет ийцира ас. Оцу тIера хIора дош дIадоьшуш, мукъаме ладугIуш, нохчийн элпаш схьаяздира ас. Уьш дерриге а цхьана суьйрана Iамийра. Оццул чIогIа безара нохчийн мотт», – дуьйцу Аьлбикас.

Ненан маттах лаьцна дуьйцуш, цхьа башха серло лета цуьнан бIаьргашчохь… Юьххьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь ламанхошна леринчу интернат-школехь (школа-интернат для горянок) дийшира йоьIа. Цигахь хьехархойн говзаллина Iамабора дешархой. 10-гIа класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, юьхьанцарчу классашна хьеха бакъо луш диплом делира цунна.

1965-чу шарахь Шалажерчу школин хIетахь директор хиллачу (лакхахь вийцинчу) Закриев Хьуьсена балха дIаийцира 19 шо долу Аьлбика.

ХIора а уроке цхьацца хьехархо валош, оццул дика хьоьхуш ю хIара олуш, массарна гойтуш хилла директора къона хьехархо. Дукха ца Iаш, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте заочни отделене деша яхара йоI. ХIетахь дуьйна шен говзаллица лаккхара масал гойтуш 50 шарахь гергга берашна хьехна Аьлбикас. Жимчохь дуьйна шена сил дукхабезна ненан мотт хьехна цо школехь.

Дахарехь дуккха а халонаш лан дезна Аьлбикин. Нохчийн зудчун кхолламехь дерриге а кхачаме хилла заманаш-м башха яьхкина а яц… ГIиллакх-оьздангалла, къоман Iадаташ, ламасташ хьоьхуш кхиийна Аьлбикас шен кхо йоI. Шайн кхиамашца ненаненан самукъадоккхуш кхуьуш ду йоккхахйолчу йоьIан кхо бер. ШолгIачу йоьIан кегийчу бераша а дахарехь дуьххьарлера гIулчаш яхарца дог деладо дуьненахь хийла бала лайначу зудчун.

Уьш мел бу, дахарехь цхьалха юьсур яц иза…

А.МУСАЕВА

№34, шинара, хIутосург (май) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: