Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 73 шо кхачарца!
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронтовикийн а, тылан къинхьегамхойн а хьакъ боллу сий-ларам бар а, уьш иэсехь хилар а дIахоуьйту вай тахана. Фашистийн Германина дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь цара бакъонца шайгара доьналла а, майралла а, турпалалла а гайтина.
Оцу къизачу тIамехь, Росси схьаяьккхина ца Iаш, Европа а, дерриге а дуьне а схьадаккха, шайн когаш кIел дерзо лууш хиллачу фашистийн гIеранашна дуьхьал дIабаьхьначу буьрсачу тIеман тасадаларшкахь эгна вайн миллионаш махкахой.
Сийлахь-боккха Толам баккхарна шен мах хадийна вер воцу хазна юкъайиллина нохчийн халкъан векалша. БIеннаш эзарнаш нохчаша, Советийн Союзан тайп-тайпанчу халкъийн бIаьхошца цхьаьна, белшах белш тоьхна, сийлаллица ларбина Даймохк, сийлаллица а, турпалаллица а юхатоьхна немцойн-фашистийн кхерам. Уьш тIеман аренашкахь лета а летара, кхалха а кхелхара вай маьршачу, паргIатчу махкахь дахийтаран, вайга кхане ирсе яйтаран дуьхьа. Тахана вайна го уьш эрна эгна цахилар.
Эзарнаш нохчашна – салташна а, эпсаршна а – лаккхара совгIаташ дина шайгара хьуьнар, стогалла, майралла гайтарна. Махкана Советийн Союзан исс Турпалхо велла Нохчийчоьно. Немцойн-фашистийн мехкашдIалецархошна тIехь толам баккхарна йоккха хазна юкъайилларна Соьлжа- ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе елла.
Вайна массарна а дика дагадогIу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн мел боккха сий-ларам бора. Цунна кхечарначул а дика хаьара Даймохк ларбан дIахIоттар, халкъан ирсан дуьхьа хIора сохьтехь шен дахар кхерамна кIела тийсар хIун ду. Ахьмад-Хьаьжа хIокху дахарера дIавахара хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь, дIавахара тоьлла а волуш! Вай даима а дагахь латтор ду цо гайтина хьуьнар а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь вайн дайша, дедайша гайтина хьуьнар а.
Суна кхин цкъа а баркаллин, сий-ларам баран дешнаш ала лаьа Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархошка а, тылан къинхьегамхошка а, цара гайтинчу майраллина а, стогаллина а, турпалаллина а. Сийлахь-боккхачу Толамна аша юкъайиллинчу хазнин мах хадийна вер а вац.
Хьомсара тIеман ветеранаш, тылан къинхьегамхой! Хьомсара махкахой! Лаьа шу дуккха а дехийла, шу ирсе хуьлийла, шун могашалла а, аьтто а хуьлийла!
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо