Хьомсара махкахой! Вайна массарна а шатайпа маьIне ду Иэсан а, лазаман а де. Оцу дийнахь вай дагалоьцу дукха хан йоццуш нохчийн халкъан лан безна бохаме, къиза хиламаш. Дуьненаюкъарчу терроризмо, Росси йохоран боьхачу Iалашонна Нохчийн Республика а хаьржина, вайн бахархой тIеман къизачу, къинхетам ца бевзачу цIерга кхийсира. И агресси бахьана долуш вуно даккхий зенаш дина, эшамаш бина. Вайн халкъана юкъара бIеннаш эзарнаш хIаллакьхилла, тIепаза байна. Ткъа гIаланаш, ярташ лаьтта тIера хьаькхна дIаехира.
ТIом бахьанехь Нохчийн Республика шен кхиарехь иттаннаш шерашна юхакхоьссира. Нохчашна тIеэгна и бохамаш, Iазап рогIера зер хилла дIахIоьттира цул хьалха хиллачу бохамийн могIарехь – махках дахар, цхьа а чаккхе йоцу тIемаш бар санна.
Баланаша а, гIайгIанаша а, бохамаша а гIорасиз дина халкъ шена гIо хирг хиларх догдиллина дара оцу киртигехь. Массарна а хаьара хьалхавала майра, доьналла долу, хьекъале, генна хьалха хила тарлучун духе кхиа, шен халкъах долу жоьпалла тIелаца, иза лардан хьуьнар долу тхьамда оьшуш хилар.
Оьшура халкъ цхьаьнатоха, шена тIаьхьа хIотто, нагахь оьшуш хьал хилахь, шен халкъан, массеран а юкъарчу хьаштийн дуьхьа шен са дIадала хьуьнар долу стаг. Амма, веккъа цхьа Ахьмад-Хьаьжа воцург, цхьа а ца хIоьттира тхьамдаллин беза мохь шена тIеэца.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, халкъан кхоллам къасточу оцу чолхечу муьрехь шена тIеийцира Нохчийн Республикех а, цуьнан халкъах а долу дерриге а жоьпалла. Цуьнан ницкъ кхечира вайн халкъ цхьаьнатоха а, маьршачу хиндолчуьнгахьа дIадига а.
Ямартчу, стешхачу мостагIчуьнца хиллачу буьрсачу, къизачу тасадаларехь турпалаллица Iожалла тIеийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан тешамечу эзарнаш бIанакъосташа а. Цара шайн дахар ца кхоийра нохчийн махкахь машар, токхо, беркат хилийтаран дуьхьа. Ларйира Россин цхьаалла а, йозуш цахилар а.
Тахана вай яккхий гIулчаш йохуш дIадоьлху Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьехначу новкъа. Вайн республика еккъа цхьа регион ю дуьненаюкъара терроризм ерриге а хIаллакйина йолу. Вай деккъа цхьа халкъ ду йоццачу хенашкахь республика юхаметтахIоттийна, юха йина йолу. Иза кхин а хаза а, исбаьхьа а ян ницкъ кхаьчна вайн. Уггаре а коьртаниг – вайн аьтто баьлла нохчийн халкъан дика цIе юха а яккхийта, бандиташа а, террористаша а бехйина хилла йолу.
Иэсан а, лазаман а де вай юкъадаьккхина вайга цкъа а вешан историн бохаме агIонаш йиц ца яйта, уьш кхин цкъа а ца хилийта.
ХIокху дийнахь вай сагIанаш доху вайн кхелхина махкахой дага а лоьцуш, вовшашна гечдо, вовшашна къинтIера довлу. Вайн сийлахь декхар ду оццул беза мах дIа а луш баьхначу кхиамийн хама бар, уьш ларбар, дебор, кхин а лакхабахар.
Вай дозалла до бакъонца Россехь а уггаре а кхерамза, аьтто болчу регионех цхьаъ йолчу республикехь дехаш хиларх. Кхуьуш а, хазлуш а ю вайн гIаланаш, ярташ. Еш ю школаш, больницаш, заводаш, фабрикаш, берийн бошмаш, стадионаш. Кегийрхой доьшуш, керла говзаллаш караерзош, кхуьуш бу. Иза Нохчийн Республикин кхане ю, хиндерг ду.
Сихха кхуьуш ю регионан экономика. Иза Россин туризман цхьа туш хилла дIахIуттуш ю. Маьрша, хаза, исбаьхьа регион хиларе терра вайга долу хьашт-дезар, вайн тидам бар де-дийне даларца лакхадолуш ду. Оцу бакъдолчух къаьсттина дозалла до вай.
Тешна ву вайга хьоьжуш хьалхахьа керла кхиамаш, толамаш хиларх. Майрра а, цхьанаэшшара а тIедаха деза билгалйинчу Iалашонна, тIаккха, шеко йоццуш, кхиамашка кхочур ду вай.
Хьомсара доттагIий! Лаьа шун доьзалшкахь беркат лаьттийла, шун ондда могашалла хуьлийла, кхиамаш хуьлийла, дахар маьрша хуьлийла.
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо