Оцу дийнан сий цкъа а довр дац!

Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 73 шо кхачарна лерина тIеман парад. Иза схьаоьцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.

Цигахь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес, Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийчоьнан Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, МВД-н министр Алханов Руслан, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш, тылан къинхьегамхой, бакъонашларъяран а, нуьцкъалчу структурийн а векалш.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Гитлеран Германина тIехь толам СССР-н халкъийн цхьаалла хилар бахьана долуш баьккхина хилар.

Белшах белш а тоьхна, цара цхьаьна тIемаш бина массарна а цхьабосса тIебеанчу кхерамна дуьхьал «Даймохк ларбан дIахIиттина вайн миллионаш сийлахь кIентий.

Дуьне кхолладелчахьана дуьйна хиллачу тIамех уггаре а къиза тIом бара иза. Оцу тIамехь ийшира Германи а, цуьнца бертаяхана хилла пачхьалкхаш а. Фашизмана тIехь Сийлахь-боккха толам баьккхира Россин халкъийн цхьаалла, Даймехкан кIентийн майралла а, стогалла а, доьналла а бахьанехь. Дерриге а дуьне а цецдаьлла хьежна Ленинградехь а, Сталинградехь а турпалаллица дIабаьхьначу тIаме.

Фашизмах кIелхьараяьккхинчу Минскана, Киевна, Варшавина, Прагина дагахь лаьтта вайн салтийн майралла, хьуьнар. Россин дерриге а халкъийн юкъара толам бара иза», – бохура Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира мостагI хIаллакварна нохчийн халкъийн векалша а йоккха хазна юкъайиллина хиларна.

«Цара дакъалаьцна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман даккхийчу дерриге а тасадаларшкахь. Вай къаьсттинчу дозаллица хьахаво дуьххьара тIемашца Эльба хи тIе кхаьчна волу Советийн Союзан Турпалхо Висаитов Мовлид, эзар гергга фашист хIаллаквина волу Советийн Союзан Турпалхо Нурадилов Ханпаша, кхиберш», – элира цо.

Росси йохо гIиртинчу дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас баьккхинчу толамах лаьцна а тахана дуьненахь долчу чолхечу хьолах лаьцна а дийцира Р.Кадыровс.

Иштта, тIеман параде баьхкинчарна хьалха къамел дира М.Даудовс. Цо Кадыров Рамзанна совгIат дира Нохчийн Республикин Парламентан лаккхарчу совгIатца – «Даймехкан Турпалхо» орденца. Цунна и совгIат дина Нохчийчохь Конституцин дIахIоттам ларбарехь стогалла а, майралла а гайтарна.

Цул тIаьхьа дIайолаелира тIеман парад. Цигахь дакъалоцуш вара 2 300 сов эскаргIуллакххо а, МВД-н, МЧС-н, УФСВНГ-н, УФСИН-н белхахо, Соьлжа-ГIаларчу Суворовн училищен курсанташ, кхиберш.

Парад чекхъяьлча Р.Кадыровс а, цуьнан бIанакъосташа а зезагийн курсаш ехкира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь эгначеран сийнна хIоттийначу хIолламна хьалха.

Иштта, Толаман денна лерина даздарш дIадаьхьира Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь. Цигахь дакъалецира республикин Парламентан Председателан заместитела Ш.Жамалдаевс, министра Д.Умаровс, регионан Парламентан депутаташа I.Нагаевс, М.Тагиевс, ткъа иштта тIеман ветеранаша, кхечара.

Хь.САИДОВ

№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: