«Тидамехь – бералла» журналистийн белхийн конкурс дIайолийна

«Тидамехь – бералла» цIе йолу журналистийн белхийн Ерригроссин IX-гIа конкурс дIайолаелла хиларан хьокъехь хаам бина дахаран халачу хьелашкахь долчу берийн гIолацаран фондо.

Конкурс тIехьажийна ю юкъараллехь доьзалан а, берийн а, ден-ненан а жоьпаллин мехаллаш чIагIъярна а, юкъараллин кхетамехь буоберашца а, ден-ненан терго йоцуш дисинчу берашца а дика ойланаш а, уьйраш а кхоллаялийтарна а, берийн а, доьзалан а аьтто баран Iалашонца, доьзалшца болх баран тоьлла зеделларг юкъараллина довзийтарна а.

Конкурс регионийн а, федеральни а шина турехь дIахьур ю. Хьалхарчу турехь дIаяла йиш хир ю регионийн а, муниципальни а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь йовзийтина материалаш. Тоьлла материалаш къастор ю регионийн вовшахтохараллин комитеташа.

Федеральни турехь дакъалацийта дIаяла йиш ю хьалхарчу турехь регионийн вовшахтохараллин комитеташа схьакъастийна йолу тоьлла материалаш а, федеральни шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь йовзийтина йолу материалаш а.

Конкурсехь билгалйина кхо номинаци ю:

  • 1. «Доьзал» цIе йолу дуьне» (доьзалан а, бераллин а гIо лацаран а, доьзалан а, берийн а аьтто бацаршна а, социальни буоллина а профилактика яран а, буобераш доьзалшка дIадаларан а, бераш доладаьхначу доьзалийн дикачу зеделлачун а тоьллачу практикашна лерина материалаш»;
  • 2. «Йист йоцчу таронийн новкъахь» (кхиаран а, могашаллин а шайн башхаллаш йолчу берийн кхиамечу социальни дIаэрах а, иштта, и тайпа бераш кхиочу доьзалийн гIолацарх а лаьцна йолу материалаш);
  • 3. «ГIалаташна тIехь болх» («Хала» бераш а, кхиазхой а, закон талхийна кхиазхой а юкъараллина юкъаозорах лаьцна йолу материалаш);

Иштта билгалйина ю ворхI кхитIе йолу номинаци. Царна юкъахь ю «Тешаман 11 хьаьрк (терахь)» (берашна а, кхиазхошна а, церан дай-наношна а лерина йолчу Россин юкъарчу берийн тешаман телефонан балхах лаьцна йолу материалаш), «Да-нана» (дай-нанойн берашна хьалхахь долчу жоьпаллех а, берашца къиза хилар дIадаккхарх а лаьцна йолу материалаш), Ерригроссин «Башхачу адамийн дахар» («Шеран доьзал» конкурсан жамIех лаьцна йолу материалаш), кхийолу номинацеш а.

Материалаш йовзийтина хила еза федеральни я регионийн шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь 2017-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнера 2018-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийне кхаччалц болчу муьрехь.

Мелла а шуьйра хаамаш бовза йиш ю Дахаран халачу хьелашкахь долчу берийн гIолацаран фондан сайта тIехь.

Контакташ: +7(495)606-71-02, kcj_fond@mail.ru (Дахаран халачу хьелашкахь долчу берийн гIолацаран фондан зIенийн департамент).

№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: