Вадуева Марина йина 1966-чу шарахь Девкар-Эвлахь. 1990-чу шарахь цо чекхъяьккхина Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан медицинин институт.
1999-чу шарахь медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци тIечIагIйина. 20 шарахь болх бина Москва гIалара №53 йолчу гIалин клиникин больницехь.
2015-чу шарахь дуьйна вайн республикерчу I.И.Хамбиевн цIарах йолчу медицинин сиха гIо даран республикин клиникин больницехь, тIаьхьататта йиш йоцчу кардиологин отделенин заведующин болх беш ю.
– ХIокху отделенехь болх беш верриге а 48 стаг ву – лоьраш, медйижарий, техникин белхахой. Уьш берриге а шайн говзалла дика евзаш а, белхан декхаршца дика ларош а бу. Вайн ерриге а республикера нах тIеоьцу оха.
Отделенехь цомгашчарна лерина 50 маьнга бу. Кхузахь дарба леладо инфаркт хиллачарна а, иза хила герга йолчарна а. Иштта, деган пхенаш чохь цIий леларца доьзна (экстренно-каронарной ангиографии со стентированием) тIаьхьататта йиш йоцу операцеш ю кхузахь еш ерш.
Цомгашчеран хьашташ кхочушдан а, уьш реза хуьлу агIо хилийта а хьовсу тхо. Тхуна баркалла олуш берш дуккха а бу. Цкъа кхузахь дарба лелийнарш кхуза юха а бахка лууш хуьлу. Ткъа цIеххьана гIо оьшучу хьолехь верг бен схьаэца йиш яц.
Интенсивни терапин (реанимаци) палата ю чохь 12 маьнга а, кхузаманахьлера аппаратура а йолуш. Цомгашчу нахана дарба дар а, уьш талламах чекхбахар а маьхза ду. Магнитни-резонансни томографи а, компьютерни томографи а, рентгенхирурги а ю кхузахь.
Операцина оьшуш болу медицинин гIирсаш бу отделенехь, – дийцира Вадуева Маринас.
Кардиологин отделенин неIарехь йолчу медйишин йистхилар а дара кIеда-мерза ЦIена а, дуьйцийла йоцуш тийналла а, низам а лаьттара сени чохь.
Адаман дегIан уггаре а коьрта меже ю дог.
– ХIетте а хаза аьллачу дашо а гIоли йо-кх оццул экамечу дагна. Коьртаниг – лор къинхетаме хилар ду. Куц хаза а, безамехь а хиларал сов, Марина ша гIиллакхе хиларца а билгал ю.
Дала аьтто бойла цуьнан шен балха тIехь!
Ф.АСИЕВА
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо