ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин пачхьенехь дIадолийра Соьлжа-ГIала – ГIизлара – Волгоград маршрутехула машенаш хахкар. Иза доьзна дара Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 73 шо кхачарна.

Машенаш хохкуш берш Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Аллей мемориалан комплексера новкъабовла безаш бара.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дехкира гулбеллачара. Зезагаш дахкаран церемонехь дакъалоцуш вара, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал а, «Единая Россия» партин Нохчийн регионан отделенин кхочушдаран комитетан куьйгалхо Динаев Iадлан а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон а, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, Нохчийн Республикин а, Дагестан Республикин а юкъараллин организацийн а векалш.
«ТIеман ветеранаш» цIе йолчу ОвгIанан тIеман ветеранийн Ерригроссин юкъараллин организацин Нохчийн регионан организацица а, Дагестан Республикин ОвгIанан Афганистанан тIеман ветеранашца а цхьаьна мероприяти вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолу департамент.
Гулбеллачара дийцира нохчийн халкъо а, Россин кхидолчу халкъаша а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалоцуш, Толаман де гергакхачорна юкъайиллинчу мах боцчу хазнех а, нохчийн халкъан Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман турпалхойх а лаьцна.
Иштта, оцу тIамехь кхелхинчу вайн махкахошна Деле гечдар доьхуш, доIа а дира цара.
I.МУРТАЗОВ
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо