ХIокху деношкахь Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахула йолчу Урхаллин профилактикин хьесапехь болчу кхиазхоша Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин мемориалан комплексехула а, Зорбанан цIийнехула а экскурси йира.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу музейхула экскурси еш, Сийлаллин мемориалан комплексан коьртачу директоран заместитела Ахматов Висанпашас берашна дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарх а, цуьнан гIуллакхех а лаьцна.
Цул тIаьхьа бераш хилира республикин Зорбанан цIийнехь. Цигахь шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхоша царна дийцира журналистийн балхах лаьцна.
Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, юхакечбаран а туьшан директора Юнусов Хьамзата билгалдаьккхира шайн туьшо журналисташ кечбеш хилар а, уьш цул тIаьхьа а шуьйрачу хаамийн гIирсашка балха хIуьттуш хилар а.
«Грозный-информ» хаамийн агентствон директора Темирханов Iелас а дийцира къоначу хьешашна журналисташа беш болчу балхах лаьцна. Цо билгалдаьккхира шайн агентствон сайти тIехь республикехь хуьлуш болчу маьIнечу хиламех лаьцна хаамаш бовза йиш хилар.
Билгалдаккха деза, бакъонаш ларъяран органаша хьесапе эцна болу кхиазхой кхетош-кхиорехула долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдаран гурашкахь и экскурсин вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство хилар.
I.ТЕРЛОЕВ
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо