Нохчийн мотт талларан юьххьехь (Юьхь – 32-33-чуй номершкахь)
Дешериев Юнусана шен «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов» (1963 шо) боккхачу балха тIехь нохчийн маттах лаьцна кIорггера таллам барал сов, Услар Петр Карловичах лаьцна мехала хаамаш бина.

Доцца бигалдоккхур вай Юнуса яздинарг.
Россин паччахьан Николай Хьалхарчун омраца Кавказан тIеман эскарийн коьртачу баьччано 1852-чу шарахь Услар П.К.тIедиллина хилла Кавказан истори язъяр.
И хан тIекхаччалц гулбина, Iилманан кепе балийна ца хиллера Кавказан къаьмнийн Iер-дахарх, меттанех болу хаамаш. Цул сов, оцу къаьмнийн шайх лаьцна йозанан белхаш цахиларна кхоччуш пайдаэца аьтто а ца хилла талламхойн.
Шена хьалхахIиттийна декхарш даккхий а, лазаме а, чолхе а дуйла хууш хиллера Услар П.К.
Амма ша хьекъал а, хьесап а, Iилма а долуш хиларе терра, цул сов, хIуманна дика тIекхуьуш хиларна а хиъна цунна,цкъа хьалхаметтан къайле теллиний бен къоман истори язлур йоцийла.
ТIаккха волавелла иза Кавказан къаьмнийн меттанаш кIорггераIамо. Иза нохчийн мотт Iамо волало.
1862-чу шарахь арахоьцу «Чеченский язык» цIе йолу монографи.
Услар Петра куьйгалла а деш, цуьнан гIоьнчас Досов Къедас (тIеман дарж «прапорщик» хилла) 1862-чу шеран асаран (июнь) беттан 1-чу дийнера хьаьттан (август) беттан 31-гIа де тIекхаччалц йолчу хенахь арахоьцу «Нохчийн абат».
Оцу «абатан» мужалта тIехь зорба тоьхна ду: «Нохчийн жуз ду хIара. ХIара динарг ву Досин Къеда, тайпана Дишни волу. Зорбатоьхна: Типлисехь 1862 ш.». Цуьнан мужалтан сурт (ксерокопи) ду Веданан кIоштарчу вахархочунгахь Чимаев Вахехь.
Кхузахь билгалдаккха деза, нохчийн аьзнаш оьрсийн графикин буха тIехь а, оьрсийн элпийн гIоьнца а гайтина хилар. Досов Къедас хIоттийначу абата тIехь Iамош хилла нохчийн дуккха адешархой. Школаш ехкина оцу хенахь Гихтахь, Лаха-Неврехь, Веданахь, Шелахь, Хьалха-Мартан тIехь, ткъа Соьлжа-ГIалахь 4 интернат йиллина хилла.
Бакъахь хир дара аьлла хета, Досов Къедин сийнна Дишни-Веданара цхьа школа цуьнан цIарах хилча, цу чохь,цуьнан дахар а гойтуш, музей йиллича.
Йозанан кепехь йолу и «Абат» 1977-чу шарахь карийна немцочунна Хубшмидана И., Шухардтан йозанан белхашна юккъехь (архив) Грац гIалахь (Австри).
Цул тIаьхьа, 1866-чу шарахь, И.Барталамейс арахоьцу нохчийн «Букварь». Цунна гIоьнчий хилла дIахIиттина хилла нохчий-юнкерш Мустафинов Джамил-Эдин, Бачалов Эдик, Тарамов Ахьмад-Хан.
XIX-чу бIешарахь Iаьрбийн элпийн буха тIехь хIоттийна хилла керла нохчийн абат, Iаьрбийн элпийн буха тIехь хIоттийначу абата тIехь далийна 31 элп хилла.
1910-чу шерашкахь 31 элпийн гIоьнца ГIойсуман Суайпа Буйнакск гIалахь (хьалха Темир-хан-шура-гIала) арахоьцуш хилла цхьацца ша язбина белхаш.
1911-чу шарахь Эльдерханов Таьштамира нохчашна «Букварь» язйо.
Цхьацца хийцамаш а бина, 1921-чу шарахь арахоьцу К.Тучаевс а, Т.Эльдархановс а хIоттийна «Букварь».
Оццу «Буквара» тIехь гIеххьа болу хийцамаш а бина, цхьадолу хIума тIетохарца, 1923-чу шарахь Ш.Сугаиповс арахоьцу керла «Букварь». Иза лерина хуьлу 2-чу шарахь доьшучарна, шена чохь географих долу хаарш совдахархьама дешархошна лерина цхьацца тIедахкарш а долуш.

1925-чу шарахь Сальмурзаев Мохьмада а, Ошаев Халида а арахоьцу нохчийн аьзнаш латинийн элпашца билгалдаьхна йолу «Абат».
И абат 1925-чу шарахь Нохчийно бластан ЦИК-н Президиумо тIечIагIъярца, нохчийн махкахь хьеха магайо 1930-гIа шо тIекхаччалц.
1927-чушарахь «Серло» газетан агIонаш тIехь зорбатуху, И.Чуликов автор а волуш, «Нохчийн мотт» цIе йолчу балхана. Нохчийн меттан дешнийн нийсаяздаран лехамаш кхочушбийриг хир бу аьлла хета авторна оцу балхо.
Дашах лаьцна синхаамаш
Советан Iедало 1939-чу шарахь оьрсийн элпийн буха тIехь тIеоьцу керла алфавит. И алфавит магайо зорбанан берриге а гIирсашкахь лело а, оцу элпашца яздан а, деша а, дешархошна Iамо а.
Вайна ма-хаъара, муьлхха а мотт кхоллало дешнаш вовшахкхетарца. Ткъа дешнаш аьзнаш вовшахкехтарца кхоллалуш ду. Кхечу къаьмнийн меттанашкахь санна, нохчийн меттан а ду дуккха а дешнаш. Боккха а, кIорггера а чулацам, маьIна долуш ду уьш.
ГIарабевллачу дуккха а Iилманчаша чIагIдо шайн белхаш тIехь нохчийн мотт ширачу меттанех хилар а, цуьнан эзарнаш шераш хилар а.
Нохчийн маттахь долчу дешнаша билгалдоху, сурт хIоттадо дуккха а хIуманийн. Iеламнаха а, Iилманчаша а дийцарехь, эзар-эзар шераш хьалха АллахIа латта а, лаьтта тIехь Iалам а хила ма-деззара дIа а хIоттийна (лаьмнаш, хиш, хьаннаш, бецаш, ораматаш, дийнаташ), цул тIаьхьа, бен ца кхоьллина Адам Пайхамар а, Хьава а.
АллахIа царна Дуьненахь долчу хIуманийн кхетам а белла, маьIнаш а довзийтина. Цу шинна а, церан доьзална а, церан тIаьхьенна а вовшашца бийца мотт а белла.
Шераш, заманаш дIа мел оьху адамаша Iаламан белхашца дустуш, масалш оьцуш, ойлаярца, хьесап дарца дахарехь оьшу гIирсаш, хIуманаш кхуллуш хилла.
Оцу хьесапца царна цIераш тохкуш а хилла. Иштта, дешнаш совдовларца, мотт кхуьуш хилла, керла дешнаш юкъа а далош.
Оцо алийтина вайн маттана:«ХIорд санна кIорга, шорта а, хьал долуш а бу».
Ма доккха хIума ду Дош! Дийнна дуьне ду иза! Муьлххачу дешан шен-шен барамехь ницкъ бу. Дашца ду хазахетар а, халахетар а.
Довхачу, дикачу дашо дог деладо, дагна там бо, дог-ойла гIаттайо, сингаттам байбо, дог-ойла тIома йоккху, сапаргIат до, хазахоьтуьйту, ткъа вочу дашо догдатIадо, гIайгIане вохуьйту, дог-ойла сингаттаме йожайо, дог дохадо, холчу хIоттаво, бухбоцучу бердах чукхоссаваллал. КIоршамечу дашо халахоьтьйту, гергарлонна юккъе херо, ачо (цабезам) юлуьйту.
Нийса масал далийна аьлла хета байтанчас Исмаилов Абус шен «Дош» цIе йолчу нохчийн оьрсийн дошама тIехь: «Муьлхха а дош-иза дийнна цхьа дуьне ма ду, ойла йина ца валлал кIорга а, шуьйра а ма ду цхьана дешан маьIна а. ХIора дош – хIорда бухахь кхиъна жовхIар ду. Муьлхха а дош къоман дахаран теш ду».
Дешнашкахь боккха ницкъ хилар гайтина нохчаша. Масаллина аларш дитина дайша тIаьхьенна: «Туьре ца хададелларг, цадерзаделларг говзачу, дикачу дашо дерзийна», «Дикачу, хазачу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина», «Туьро (герзо) йина чов йирзина, дашо йина чов ца йирзина».
Шен метта аьллачу говзачу дешнаша мел доккха а, луьра а дов, мостагIалла машарехьа дерзийна меттигаш ю вайн махкахь.
Оцу маьIнехь хьекъалечу наха аьлла дешнаш, масалш кIезиг дац. Бан оьшучарна шортта талламан болх бан аьтто бу оцу тIехь.

Эзар шерийн заманан йохаллехь яккхий пачхьалкхаш а, иштта шайн заманахь яккхий хиларна нах цецбийлина, инзаре яккхий гIишлош йоьхна, царах хьакхлагIаш хилла. Амма оцу ехачу заманахь нохчийн дош даха дисина. И беха некъ барах гIорасиз доцуш, гIора а, ницкъ а болуш нохчийн къомана «хьанал децаш», жигара гIуллакх деш ду вайн дешнаш.
Цуьнан ойла йича, ала догIу: «Дош – адамийн дахаран теш хилла дIахIоьттина».
Вай лакхахь ма-аллара, нохчийн мотт хьал долуш бу, вайн маттаца дIаалало ерриге а хIуманийн цIераш, церан билгалонаш, синхаамийн ойланаш, ойланех лаьцна дешнаш.
Масална далор вай цхьадолу синхаамийн дешнаш: амал ян, амал хила, амал гайта, безам, барт, белар, белхар, везар, велар, даккхийдедар, дардалар, дегабаам, дегазло, екхар, карзахбовлар, и дI.кх. Тахана дийца билгалдаьккхинарг ши дош бен дац: «Барт» а, «Даймохк» а. Юьйцур вай цаьрца нохчийн халкъо кхиийна ойланаш.
Бартах лаьцна заманан йохалла адамаша зераш а гулдина, хьехарш а, хьехамаш а битина вайна а, тIекхуьучу тIаьхьенна а.
«Барт» бохучу дешан нохчийн маттахь дуккха а маьIнаш ду, боккха чулацам а бу. Довзуьйтур царах цхьадерш:
- Барт болчохь бен беркат а дац, я хуьлийла а дац.
- Барт болчохь бен къинхетам а бац я хила меттиг а яц.
- Барт болчохь бен сий а дац я хила меттиг а яц.
- Барт болчохь бен зен а, эшам а атта ловш а дац я вуьшта хуьлийла а дац.
- Барт болчохь бен тIебеана бохам а, сингаттам а атта ловш а бац, иштта бен хуьлийла а дац.
- Барт болчохь бен тешам а хир бац, тешам боцучохь синпаргIато а хир яц.
- Барт болчохь бен безам хир бац я хилла а бац…
И билгалонаш а, гIиллакхан агIонаш а хиллалц беркате хир дац дахар, дикачу агIор нислур дац вай.
«Даймохк»!
Сан сийлахь Даймохк, хьо хилла-кх Дала нохчашна белла шен исбаьхьаллица, хазаллица кхечу мехкех къаьсташ болу, «Нана-Нохчийчоь» цIе йолу, мохк!
Даймохк бохург деза дош ду! Халкъо шен-шен оьмаршкахь хастаме дукха билгалонаш елла хьуна, сан Нана-мохк.
Билгалдохур вай эзарнаш шерашкахь яхь йолчу, шайн мотт а, гIиллакхаш а, оьздангалла а, шайн Даймохк а безачу наха Нохчийчоьнах аьлла хастаме дешнаш.
Даймохк – хьо бу сан Нана-мохк,
– хьо бу сан безам,
– сан бахам,
– сан синкъерам,
– сан кхерч,
– сан синкхетам,
– сан синтем,
– сан сий-ларам,
– сан тешам…
Даймохк – хьо ду сан дуьне,
– сан дозалла,
– сан синан ага,
– сан деган илли,
– сан ирс…
– сан цIена шовда.
Даймохк – хьо ю сан бIаьсте,
– сан хазалла,
– сан дог-ойла,
– сан хазна,
– сан чIагIо,
– сан марзо,
– сан токхо…
– сан сийлалла,
Дала хIара Дуьне кхоьлличхьана дуьйна, дашочу маьлхан зIаьнаршца хьоьстуш, латтош бу хьо, сий долу Даймохк!
Ирс долуш бу хьуна чохь бехарш. Хьан лаьтта тIехула бIаьрг кхарстийча, хьомсара Даймохк, ойла токхе хуьлу, дог доккхаде, Дала хьо иштта хьастарна хастам бо адамаша Далла, Даймохк, хьуна чохь дехаш хиларна, хьо шайн хиларна, шайна хьоьгара ниIмат кхачарна.
Оцу ниIматах коьрта ду вайн махкана кхаьчна жил-Iаламан совгIаташ:
– лекха, лоха, шен-шен исбаьхьа суьрташ, куьцаш долу лаьмнаш;
– лаьмнийн кийрара бухдуьйлу, шелонна цергаш лахош долу, цIена, мел мийларх цаIебаш, шовданаш;
– шера аренаш, кхаш, шайна тIехь мелачу мохо техкош долу ялташ, бес-бесара, хьаннаш;
– шатайпана, гонаха хаза хьожа яржош долу, бIаьрг белош, самукъадоккхуш йолу бецаш, хаза бос лепа, арахь схьаетта Iаламо кхиийна долу, Iалам кхелина долу тайп-тайпана зезагаш,
– аьрхачу, дойх тера, мокхазан бердаш ата санна, детталуш долу я тийна, эсала охьаоьху хиш, акхарой, олхазарш.
Дукхе дукха ду, хьомсара Даймойх, хьуна чохь долу диканаш! Церан хьесап дина а, уьш дагардина а девр дац! Ма дукха яхь йолу къонахий а, гIиллакхе, оьзда, эвхье
мехкарий а, собаре дай-наной а кхиийна ахь, сан нана-Нохчийчоь!
Вайн Даймахкана бала-сингаттам тIебеача, уьш шайн хьуьнаршца, толамашца гоьбохура ахь, Дуьненан меха мохк!
Инзаре дукха хилла, сина чIогIа йолу Нохчийчоь, хьан лаьтта букъ тIехь, буьрса хиламаш! Хьан сий лардина, ма дукха майра яхь йолу къонахийн а, дикачу мехкарийн догIмаш даха-кх хьан кийра! ДIаий церан дилха хьан дилханах, Даймехкан латта. Даймехкан сий лардеш,нохчийн халкъан сий лардеш, маршонан сийлаллин цIе ларъеш, сагIина дIаделла цара шайн синош.
Тахана Нохчийчоьнан доьзална тIехь ду Даймехкан а, халкъан а сий лардар а, иза лекхачу тIегIанна тIедаккхар а, дахаран некъаш тIехьтайп-тайпана толамаш бахар а: Даймохк, ахь хьаьстинарг декъала а, ирсе а ву массо а хенахь. Амма ахь дIатеттинарг, ахь хервинарг, цахьаьстинарг гIийла, декъаза, сингаттаме ву.
Хьомсара Даймохк, Нана – Нохчийчоь,хьо боцург кхин мохк а эшац вайна! Хьох хьега ма войла Дала шен оьмарехь вайх цхьа а, цкъа а!
Пайдаэцна белхаш:
- Дешериев Ю.Д. – «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских Кавказских народов», «Чечено- Ингушское книжное издательство», 1963 г.
- Вагапов Арби – «Этимологический словарь чеченского языка».
- Баталов Рамзан – «Производственная лексика чеченцев», г. Грозный, 2010 г.
- Мациев А.Г. – «Чеченско-русский словарь», г. Москва, 2000 г.
- Алироев И.Ю. – «Чеченский язык» из серии «языки народов России», «Академия», 1999 г.
- Нунуев С-Х.М. – «Чеченцы» из серии «Культурное наследие народов России».
- Халидов А.И. – «Чеченский язык: Морфология. Словообразование», Грозный, ГУП «Книжное издательство», 2010 г.
- Исмаилов Абу – «Дош», Соьлжа-ГIала, 2009-гIа шо.
- Индарбаев Г. – «Штрихи времени», Сборник литературно-критических статей, г. Грозный, 2017 г.
- Джамбеков Ш. – статья «Первые чеченские буквари», журнал «Кавказские разыскания», г. Тбилиси, 2017 г.
БАТАЛОВ Рамзан, филолог
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо