(Академикан Межидов ВахIидан 80 шо кхачарна лерина)
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу къинхетамза хьаьвзинчу бохамаша даккхий зенаш дира вайн халкъана, махкана. Авиатохарша хIаллакйира гIишлош, бехк боцу адамаш, дебийра заьIапхой, байлахь дитира дуккха а бераш. Хьаналчу къинхьегамца дукха шерашкахь гулйина сал-пал, чуьра йийбар хIунда юьйцура, ур-атталла буьрса хьийзочу дорцах хьулбала тховкIело йоцуш бисира вайн дукхах болу махкахой.
Иштта зенаш хиллера дешаран кхерчашна, дарбанийн туьшашна, берийн бошмашна. Бомбанаша лаьттаца дIашарйинера вайн синбIаьвнаш. Царна юкъахь яра Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт а.
70 шарахь гергга нохчийн къоман дозалла хилла лаьттина болу дешаран кхерч охьаэтира 1994-чу шеран гурахь дIаболабеллачу тIеман цIергахь.
Да вийнарг Iебар волуш яра цуьнан хьакхлагIаш. Амма Делан къинхетамца академикан Миллионщиковн цIарах йолу Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт меттахIотторан деза дукъ шена тIелоцуш къонах велира. Иза вара химин Iилманийн доктор, профессор Межидов ВахIид. Дуьйцийла йоцуш, хала гIуллакх дара цо шена тIелаьцнарг.
Юьхьарлаьцначу Iалашоне профессор кхочург хиларх тешаш дукха нах бацара. Улле бевлла накъостий кхин а кIезиг бара. Бакъду, ВахIид юха ца велира.
Цунна гIишло карийра, ахча карийра, дешаран керла шо дIадоладалале, студенташ Iамо говза хьехархой вовшахтоха аьтто белира. Халкъах, махках дог лозуш, къоман кханенах ойла ечу стаге яккхалуш хиллера муьлхха а ирхе.
Бакъду, Межидов ВахIид шен ирхенаш яха волавелла дукха хан яра.
Бералла
Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, химин Iилманийн доктор, профессор Межидов ВахIид вина 1938-чу шеран оханан (апрель) беттан 29-чу дийнахь БIачи-Юьртахь. Хьалха Шелан кIоштана юкъайоьдуш хиллехь а, тахана Курчалойн кIоштана юкъахь ю БIачи-Юрт.
Дукха дика, комаьрша адамаш девлла цигара. Царах цхьаъ ву Межидов ВахIидан да Хьумайд. Энахишкара хьехархойн техникум чекхъяьккхина БIачи-Юьртахь школин директоран болх беш вара иза. Дийцина ца валлал дукха къахьегна цо бераш дешарна юкъаозо а, цаьрга дешийта а лууш. Шен берийн школе доьлху хан тIекхачале, даггара дукхабезаш, марзонца дIакхоьхьу и болх бита дийзира Межидов Хьумайдан.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу Iуьйранна Сталинан хьадалчаша вайнах махках бахар дара цуьнан бахьана. Дерриге а нохчийн халкъаца цхьаьна дай баьхначу махках ваьккхира Хьумайд а, цуьнан гергарнаш а, ГIиргIизойн махкарчу Таласкан областерчу Покровскан кIоштана юкъайогIучу Баласара юьртахь дIатарбелира МежидовгIар.
Лайра мацалла, шело, гIело. Амма доьналлех ца бевлира. «Халкъан мостагI» лерина махках ваьккхинчу Хьумайде хьехархочун болх бойтур бу бохург аьттехьа дацара. Оцу муьрехь массо а нохчичун цхьа цIе яра – зуламхо. Цкъачунна иза лан дезаш а дара. Делахь а, цхьа дика делла вайна хастам хиларо Дала, Цуьнан комаьршачу къинхетамах мел халачу хьелашка нисделча а догцадиллар. Делан диканах дог дуьллуш Хьумайд а вацара, иштта собарца сатоха шен доьзал а Iамабора цо (ткъа доьзалхо цуьнан итт вара: бархI кIант, ши йоI).
Царна массарна а напха латто дезара. Цундела юьхьанца Хьумайда шега схьакховддийна болх бора, цунах хадийна мах цхьа хьокхам бен бацахь а.
Бакъду, тIаьхьо хIара вовза воьлча кхиболу белхаш тешийра цунах. Хьумайда туьканахь а, складехь а белхаш бира. Доьзалан хьелаш мелла а тодала дуьйлира. Баласарехь вахара ВахIид школе деша. Оцу школехь дешар гIиргIизойн маттахь дара, цундела нохчийн кIентан ворхI класс шена хьоьхучу маттахь чекхъяккха дийзира.
ХIинца тамашийна хета ВахIида шен боцчу маттахь ворхI класс дерриге а пхеанаш долуш чекхъяьккхина аьлча. Амма иза цIена бакъду.
Хетарехь, кIентан хьалхара ирхе ю и. Бераллехь кхечу къоман мотт Iамийна, боккхачу кхиамца школа чекхъяккхар къеггина тоьшалла ду жимачохь дуьйна вайн турпалхо хьуьнаре хилла хиларна.
Баласарехь юккъера школа цахиларна, кхаа шарахь Покровкехь йолчу школехь деша дийзира цуьнан итт класс чекхйоккхуш.
1956-чу шарахь юккъера школа чекхъяьккхина ваьлча, шен кехаташ ГIиргIизойн пачхьалкхан юьртабахаман институте чудала вахара ВахIид. Кхиамца дIаэцаран зерех чекхваьлла ВахIид институте дIа ца ийцира. Цуьнан бахьана хIара нохчи хилар дара. Делахь а, цхьа дика доцуш, вуо лур дац Ша аьлла боху Дала. Оццу шеран эсаран (октябрь) баттахь КПСС-н ХХ-гIа гулам хилира, Сталинан а, цуьнан хьадалчийн а ямарт харцонаш Iорайохуш. Некъамаршо елира вайнахана Кавказе цIаберза.
1957-чу шеран гурахь Соьлжа-ГIаларчу Мехкадаьттан институтан студент хилира Межидов ВахIидах. Цунах мерза кхаъ хилира цунна шена а, иза вевза-везачарна а. Делан къинхетам хьалхабаьлла, дай баьхначу лаьтта тIе цIабирзинехь а, вайнахана хала хан яра иза. Нохчий цIабирзина самукъадолуш цхьа а вацара.
Хьехархойн институте деша дIатасабала вайнахана чIогIа хала дара, доцу бахьанаш лехьош дIа ца оьцура. Къаьсттина хала дара вайнехан кегийрхошна мехкадаьттан институте деша баха.
ХХ-чу бIешеран 50-чу шерийн чаккхенехь а, 60-чу шерийн юьххьехь а, наггахь бен вайнехан кегийрхой ца хаалора цигахь доьшуш. Делахь а, ВахIиде яккхаелира и шолгIа ирхе а. Шегара баккха бехк ца буьтуш, ойла тIеерзийна деша а дийшира цо цу муьрехь СССР-хь тоьллачарах цхьаъ ларалуш йолчу Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтехь. Иштта чекхъелира вайн турпалхочун къаьхьа чам бетталуш йолу бералла.
Хьаналчу къинхьегаман юьхь
1962-чу шарахь кхиамца институт чекхъяьккхина Межидов ВахIида. «Инженер-механик» ду къоначу говзанчин диплома тIехь билгалдаьккхинарг.
Бакъду, ламасте дирзина ма-хиллара, генарчу метте балха дIаса ца хьажош, ассистентан даржехь кафедрехь вуьту иза. Вайнехан кегийрхой Iилманан кIоргене кховда, цуьнан къайленаш яста хьуьнаре хиларна тоьшалла дара иза.
Цул сов, къоман сирлачу кханенан зовкх хьекъоран цхьа зирх бара. Ткъа ишттачу зовкхе сатесна хийрачу махкахь кхойтта шо даьккхина цIавирзина массо а нохчи вара. Цундела хьакъ ду Межидов ВахIидан Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтехь балхахь сацар, цо кхиамца яьккхина кхоалгIа ирхе лара.
Iилманан балхана къона говзанча тIевоьлла хилар гойту ХХ-чу бIешаран 60-чу шерийн юккъехь вайн махкахь хиллачу шуьйрачу хаамийн гIирсаша.
«Грозненский рабочий», «Ленинан некъ» газетийн агIонаш тIехь кест-кеста гучуюьйлу ВахIида язйина статьяш. Уьш вайн Iаламах, малхах, баттах, хьаннех, шовданех яра. Къаьсттина мехала ду царах дукхах йолу статьяш цо нохчийн маттахь язйина хилар.
Цунна къеггина тоьшалла ду 1966-чу шеран хIутосург (май) беттан 11-чу дийнахь арадаьллачу «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIера «Лаьттан хьокъехь хIун хаьа вайна» цIе йолу статья а, иштта цуьнан «Iаламан цхьацца хийцамаш» цIе йолу статья а, 1967-чу шеран бекарг (март) беттан 26-чу дийнахь арадаьллачу «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIера «Дуй-техьа дахар кхечу планеташ тIехь?» статья а, 1969-чу шеран бекарг (март) беттан 7-чу дийнахь арадаьллачу «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIехь зорбане йийлина иштта дуккха кхиерш а.
Iилманчин говзарш йоьшуш билгалдолу цунна кIорггера нохчийн мотт хууш хилар, цIеначу даггара ненан мотт безаш, хIайкал санна иза ларбеш, хIора дош яздина хилар а.
Оьрсийн, гIиргIизойн меттанаш хаарх шен ненан мотт дIатесна ца хилла цо. Ненан матте болчу безамо кхиийна хилла цуьнан халкъе, махке болу безам. Иза цуьнан цIийца ду, ненан шурица синпхенех дIаийна, заманан йохалла, мел луьрачу бохамашка а даг чуьра даккхалур доцуш, шен оьздачу орамашкара схьа ду В.Межидов хьалакхиъначу кхерчахь, ховхачу безамца буьйцуш, ларбина нохчийн мотт.
Iилманчин комаьршачу деган зевне илли хилла хIинца а цуьнца бехаш бу ненан мотт мел яккхий ирхенаш Iилманехь ВахIида яьхнехь а. Ишттачу къонахех олуш хилла вайн дайша бакъволу къоман воI. Нохчаллех ца хедаш, дахаран зерех чекхвала доьналла хилча кхочушхилла дог мел лаьттачу дикане, сатийсамечу ирхенашка. Иза данне а дац цуьнан оьрссийн маттахь язйина статьяш яц бохург. Уьш дукха ю, литературни говзарш тIехь.
Хетарехь, Iилмане боьдучу некъо йийсаре ца лаьцнехь ВахIидах гIараваьлла яздархо хир вара аьлла хета, цкъа мацах «Грозненский рабочий» цIе йолчу газетан агIонаш тIехь зорбане дийлина дийцарш, статьяш, юморескаш, фельетонаш ешча. Цхьана а кепара шеко йоцуш, уьш бакъволчу дешан говзанчас язйина ю. Цунна къеггина тоьшалла ду «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь зорбане дийлина Iилманчин «Обвал», «Моя дочь», «Я и моя бабушка Бикату», иштта дуккха а кхидолу дийцарш.
Воккхачу Iилманчин говзарш теш хIуьтту кIорггера хаарш, синкхетам, ира хьекъал, дешан говзалла йолуш автор хиларна, халкъан забарна иза хийра цахиларна. Дахарехь Iоттаелла киртиг семачу тидамца схьалаца, иза исбаьхьаллица юцуш васт кхолла, литературин хорша ерзийна йийцаре ян похIма ду цуьнгахь. Цундела мел вас латтайо тIаьхьарчу хенахь ВахIид литературин хьаьттахь къахьегарна хераваларо, цуьнан самукъане говзарш зорбанехь ца гаро.
Литературехь а бIаьрла ирхенаш цо яьхна хир яра аьлла хетаро кхоьллина лаам бу иза, Iилманчера бехкбаккхар дац я Iилманехь цо яьхна ирхенаш кIезиг хетар а дац.
Межидов ВахIидан дахарехь царах цхьаъ ю цо 1968-чу шарахь тIечIагIйина Iилманийн кандидатан диссертаци. Масех шарахь цунна кечамаш беш цо бинчу Iилманан белхан цIе яра «Гидравлика и инженерная гидрология». Iилманан талламашкахь, лехамашкахь керла дош дара иза. Говзанчаша лаккхара мах хадош тIелецира ВахIида бина Iилманан болх. Халкъан бахамехь хIинца а шех шуьйра пайдаоьцуш бу мехала талламаш.
34 шо кхаьчна вара иза 1972-чу шарахь цунна «доцент» Iилманчин цIе елча. Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтан физикин кафедрехь болх беш а вара иза. Хьаналчу къинхьегамца, атта боцу дахаран некъ буцуш хьалхахьа дIагIертара Iилманча, кхиамца яьккхинчу хIора ирхенца керлачу анайисте кхийдаш.
1989-чу шарахь цо тIечIагIйо «физическая химия» техникин Iилманийн докторан диссертаци. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Межидов ВахIида боккхачу кхиамца яьккхина и ирхе массарна мерза кхаъ хилла дIахIоьттира. Нохчийн къоман Iилманчаш дебарна тоьшалла дара иза, муьлхха ирхе вайга яккхалург хиларх чIагIйина дегайовхо яра.
Бакъду, иза-м цу тIехь саца дагахь вацара. Хьаналчу къинхьегамца даима санна, къоман зовкх хьекъош схьавогIуш вара.
1991-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтан физикин кафедрин профессор хилира цунах. Ткъа 1992-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Iилманийн академин бакъволу декъашхо ву академик Межидов ВахIид.
Доьзал
Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтехь дешна волуш, 1961-чу шарахь зуда ялийна, керла доьзал болийра ВахIида. Ша боккхачу дозалехь (ворхI ваша, ши йиша йолуш) кхиънехь а, Iилманчин шен берийн стамбеллачу гонах дозалла дойла дац. ВахIидан а, цуьнан хIусамненан Тамарин а ши йоI ю.
Ший а Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институтера техникин факультет чекхъяьккхина а ю. Бакъду, караерзийначу корматаллица болх беш-м яц царах цхьа а.
ВахIидан йоккхах йолу йоI Лариса, кхо доьзалхо волуш, марехь ю. Иза шен йоIаца Алисица цхьаьна модельни бизнесехь къахьоьгуш ю. Ткъа шолгIа йоI Раиса а, виъ доьзалхо волуш, марехь ю. Иза цкъачунна шен берашца цIахь ю.
ВахIидан хIусамнана кулинаран корматалла караерзийна дуккха а шерашкахь оцу говзаллин къайленаш кегийрхошна йовзуьйтуш болх беш яра.
Дикка хан ю иза пенсехь йолу, берийн берех марзо оьцуш цIахь Iаш йолу.
Пенсехь яра аьлла, мукъа Iойла-м ца хуьлу цуьнан. Хьаша-да алсам лаьтта МежидовгIеран доьзалехь. Ткъа кхеран хIусам даима а яра комаьршаллица къаьсташ, тIевогIург везаш, мерзачу дааршца тIелоцуш.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь нохчийн халкъана тIебазбелла баланаш букъбелча а ца къевлина МежидовгIар шайн комаьршачу хIусаман неIарш. Уьш даима йиллина яра верасашна, бевзабезачарна, къемата бевзаш цахиларх, кхиболчу деэшначу махкахошна.
Баланаш букъбеш даьхкина денош
ХХ-чу бIешеран 80-чу шерийн чаккхенехь доха карзахдаьллачу Советийн Iедало йоккхачу пачхьалкхан массо а маьIIера низаман урх малйира.
КIотархойн синкъерамехь санна, телеэфирехь хабаршка бевлира Кремлера хьаькамаш а. Церан карча хьаьгна ойланаш тосаелла зуламхой а, Iедалан векалшца эвхьазабовла кечбелира шого къамелаш деш. ЦIий Iенаш меттигаш яьхкира. Кремлерчу хьаькамаша тIеэцначу сацамна резацахиларан юьхьиг Казахстанехь дIайолийна хиллехь а, доккха цIий Ферганахь Iенира. Гуьржийчохь, Азербайджанехь еш тIехIиттира герз юкъадоккхуш киртигаш.
Дистина догIучу хино санна, чалхаш текхош, дIасаяьржачу оцу эрчонехь Нохч-ГIалгIайн Республика цкъачунна машаречу тийналлех марзо оьцуш хене йолуш яра. Делахь а, дукха хан ялале, Соьлжа-ГIала Москвара эмиссараш чухахкабелира, «керлачу дахаре» кхойкхуш. Цаьрга ладогIа луурш а бевлира, цара дуьйцучунна резабоцурш алсам хиллехь а.
Делахь а, мукъа нах алсам хиларна Москварчу эмиссарийн хабарех Iехабала кийча берш карийра. Де-дийне даларца стамлучу зуламхойн тобано 1991-чу шеран гурахь Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъо хаьржина мехкан Лакхара Совет йохийра, депутаташ аракхийсира. Вайн махкахь бехаш хилла гIалгIай шайн махка дIабахара.
Оцу къаьхьачу деношкахь шегахь йолчу таронца дуьнене орцадаьхначарех цхьаъ ву Межидов ВахIид. Адам вовшахкхеттачохь, кегийрхойн аудиторешкахь, митингашкахь къамелаш деш, зуламхоша халкъана, махкана тIеийзошберг сингаттам хилар дуьйцуш.
Iилманчас цхьаннах ийза ца луш, майра къамел дарх тоам ца хеташ Нохчийчохь арадуьйлучу газетийн агIонаш тIехь дIакхайкхабора шен сингаттам. Цунна къеггина тоьшалла ду 1992-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 16-чу дийнахь арадаьллачу «Голос Чеченской Республики» газетан агIонаш тIехь араяьлла ВахIидан «Кто удаляет общество от согласия» статья.
Цуьнан дог лозура тIеман цIерга кхосса кечдечу шен декъазчу халкъах. Нохчийн къоман интеллигенцин кхиболчу векалша санна, цо гечо лоьхура тIебазбеллачу балех къам кIелхьарадаккха. Цу Iалашонца къоман тоьллачу кIенташа махкахь кхоьллина «Даймохк» цIе йолуш йоккха юкъараллин организаци яра. Оцу организацин декъашхо вара Межидов ВахIид.
1993-чу шеран аьхка театральни майданахь лаьттинчу митинган дакъалацархо а вара иза. Доцца аьлча, Нохчийчоьнах тIеман цIе ца хьарчийта шен ницкъ кхочург дерриге а деш вара Iилманча. Амма чехка хьийзачу зуламхойх Нохчийчоь ларъян вайх цхьаьннан а ницкъ ца кхечира.
Иштта эгIаза нисделира Нохчийн Республикин Iилманийн Академин академика Межидов ВахIида лелийна бахьанаш а. Митинг дIасалаьллира. Цуьнан жигархойн махкахбовла дийзира, цкъа мацах Сталин Иосифа махках даьккхинчу дерриге а нохчийн халкъан санна. Оцу декъазчу декъехь вара ВахIид а. Владимир гIалин йистошца Iуьллучу Муромехь цхьана ханна дIатарвелла хене велира иза. Болх а Муромерчу университетехь бира.
ВахIид цигахь ирсе вара аьлча нийса хир дацара. Дера Муромехь герзах боьттина нах бацара, кхерамаш туьйсуш стаг вацара. Делахь а, синпаргIато яцара. КIорггера хьекъал, йохьах дуьззина дог долуш волчу Iилманчас Нохчийчохь долчу хьолана чIогIа сагатдора. Цхьацца бахьанаш лоьхура Межидов ВахIида цIерачу хьолана сагатдар дайдан гIерташ. Кест-кеста «Муромский край» газете а статья, зарисовка язйора ерриге а Росси пачхьалкхехь хуьлучу хийцамех шена хетарг дуьйцуш.
Амма цара дегахьаам ца бора. Нохчийчохь вежарий, йижарий, верасаш, бевза-безарш битина махках ваьллачу Iилманчин ойла дай баьхначу лаьттах хьерчара. Эххар а, 1994-чу шеран чаккхенехь Нохчийчохь тIом болабелира. Дерриге а нохчийн халкъана санна, ца йоьрзу чов еш беара иза ВахIидна а.
Буьрсачу тIеман хьалхарчу беттанашкахь цуьнан ваша, физикин Iилманийн кандидат Межидов Денилбек Соьлжа-ГIалахь лар йоцуш вайра. И шийла кхаъ дIакхаьчначу мIаьргонехь Муромера Нохчийчу цIавирзира иза. Доккха орца даьккхира. Массара лийхира Денилбек. Верасаш, белхан накъостий, студенташ, иштта дIа кхин а дукха нах бара похIме физик лаха арабевлла. Амма иза гина, цунах бIаьргкхетта стаг вацара. ТIаьхьо билгалделира уггаре а ирчаниг.
1995-чу шеран чиллин (февраль) беттан цхьана шийлачу дийнахь Теркайистера шен накъосташца Соьлжа-ГIала охьавеана хиллера Денилбек. Коммунистически урамехь совцийна хиллера уьш федеральни эскаран векалша. Даима а санна, кIоршаме къамел долийна салташа, маьттаза багаетташ. Кхара дуьхьало йинчух тера ду.
Хилларг ма-дарра хууш хастам хиларг Дела ву. Ткъа вайна хетарехь, цхьаьна волчу веа стагана салташа герз тоьхна, бехк боцу мисканаш дахарх хадош. Бехк-гуьнахь доцуш, шаьш Iожаллин дарц тоьхна эгийначу адамех тоам ца беш, диъ дакъа киралелочу машен чу кхоьссина, и машен цхьана нехан керта лаьллина, цунах цIе теснера «конституцин къепе» дIахIотто баьхкинчу федеральни эскаран векалша.
КIиранах сов лаьттинера тIехь декъий долу и машен нехан кертахь, МЧС-о дIадаьхьна уьш лаьтте дерзадаллалц. Хала киртиг яра МежидовгIарна тIехIоьттинарг. Нанас дена вина ваша тIехIотта барз боцуш хIаллакьхилар, аттачу балхах даге лалур долуш хIума дац.
Делахь а, Веза-Воккхачу Делан къинхетам доза доцуш боккха бу. ВахIидан нуьцкъала амал, синъондала хилира дог Iовжош тIебоьссина бохам, мел къаьхьа къурд бинехь а, собарца лан. Iилманча кхетара: бохам цуьнан цхьаьна керта беана Iаш бацара. Ерриге а Нохчийчоь яра шийлачу маьхьарца тезетахь йоьлхуш.
Дерриге а халкъан тезетахь шега цхьаьнга беана бохам бийцар, балхабар бегIийла ца хеташ, церга балда лаьцна, сатоха хьаьжира иза. Даима санна, хьаналчу къинхьегамехь лехира цо хаддаза вешина доьлхучу дагна синтем.
Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институтан гIишло яра 1995-чу шеран юьххьехь динчу авиатохарша йохийна, лаьттах дIаэйина. Цунна цIеначу даггара орцахвала цхьа хьуьнаре стаг оьшура. Iилманчас и деза дукъ шена тIелецира. Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан говзанчаш кечбен институт меттахIоттор мел хала гIуллакх хиллехь а, шен нохчичун декхарш цхьана балха тIехь хьанал къахьегаро чекхдохуш хетачарех вацара ВахIид. Иза хьалха санна, жигара дакъалоцуш вара юкъараллин дахарехь.
Шена хетарг, цхьаннах ийза ца луш, зорбане доккхура цо. Буьрсачу тIамо къинхетамза Iовжийначу Нохчийчоьнах йолу шен ойланаш цо кест-кеста йовзуьйтура «Возрождение», «Российская газета» газетийн агIонаш тIехь. Цунна къеггина тоьшалла ду 1995-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 29-чу дийнахь арадаьллачу «Российская газета» агIонаш тIера ВахIидан «Наша беда – поклонение силе» статья.
Халкъах, махках дог лозуш, къоман кханенан ойлаярца, кIорггерчу хьекъалца, шуьйрачу хаарех пайдаоьцуш язйина ю иза. Еша дог доуьйтуш, шерачу маттаца буххара дуьйна гIуллакх довзарца язйина а ю, ВахIида мел деш дерг санна тахана а маьIне, мехала а.
Зовкхе тахане
Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик Межидов ВахIид тахана а могаш-маьрша Соьлжа-ГIаларчу академикан М.Д.Миллионщиковн цIарах йолчу университетехь хьанал къахьоьгуш ву. «Нанотехнологии и наноматериалы» цIе йолчу Iиламанан-талламан институтан директоран даржехь болх беш ву.
Нохч-ГIалгIайн Республикин Iилманийн хьакъволу гIуллакххо а, РФ-н лакхарчу дешаран сийлахь белхахо а ву иза. Цуьнан Iедало елла дуккха Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ ду, Нохчийн Республикин къона тIаьхье кхетош-кхиорехь жигара къахьегарна. Уьш Нохчийн Республикин куьйгалло а, РФ-н куьйгалло а елла ю.
Халкъана везаш волу стаг Iедалан векалша хаддаза шайн семачу тергонехь латтор, цуьнан хама-пусар дар ду, кхидIа болх бан дог даийтар а ду.
Даима санна, къахьега могашалла, сирла хьекъал, доза доцу хаарш долуш кхечи академик шен 80 шаре. Иза доккха совгIат ду махкахошна. И тайпа шех дозалла дан хьакъволу Iилманча вайн заманхо хилар, дийцина ца валлал, вайна Дала дина доккха дика ду.
Вехийла иза дуккха а шерашкахь зевнечу ирсо хьоьстуш, Iилманан керлачу толамашка кхочуш, кхин цкъа а бевза-безачийн вон ца гуш. Маьлхан Нохчийчоьнна даима латтабойла Веза-Воккхачу Дала Межидов ВахIид санна болу хьуьнаре, яхь йолу кIентий!
Церан хьаналчу къинхьегамо а, къеггинчу похIмано а денна серладоху дай баьхна латта.
ГАЗИЕВА АЗА
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2018 шо