Х1окху деношкахь Соьлжа-Г1аларчу Радион ц1ийнехь д1адаьхьира Даймехкан Турпалхойн денна лерина даздарш. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикан Парламентан председателан заместитела Абдуллаев 1елас, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, Россин Сийлахьчу артиста Омаев Дагуна, шайн декхарш кхочушдеш а декъала хиллачу Чоьхьарчу г1уллакхийн белхахойн гергарчара а, накъосташа а, журналисташа а.
Шен къамелехь Жамалдаев Шаида билгалдаьккхира, Даймехкан турпалхойн де уггаре а дезачу денойх цхьаъ хилар.
– Дуьненан истори кхоллаелчахьана къаьмнашна оьшуш хилла г1аролхой. Вайн уьш болуш бу. 4-чу декабрехь царех цхьаберш декъала хилла. Вайн мохк террористех ларбеш» кхелхина уьш (Дала гечдойла царна). Вай царех дозалла до. Уьш гуттаренна а халкъан иэсехь бисина, – элира министра.
Цул т1аьхьа гулбеллачарна хьалха къамел дира Абдуллаев 1елас. Нохчийн Парламентан спикеран ц1арах цо декъалбира залехь хилларш.
Цо элира, Абдурахманов Дукхувахас дехар дина мехкан сий лардеш, х1аллакьхиллачу к1ентийн гергарчарна а, накъосташна а баркалла ала, аьлла. Шун к1ентийн, вежарийн, х1усамдайн турпалалла гуттаренна а юьсур ю халкъан иэсехь. Оха дозалла до царех: Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех, Нохчийн Республикин Куьйгалхочух Кадыров Рамзанах, церан накъостех. Церан дахаран масална т1ехь кхион беза мехкан патриоташ. Даггара баркалла уьш кхиийначарна, аьлла дерзийра 1.Абдуллаевс спикеран баркаллин дешнаш.
Даздарш дерзийра концертан программица.
Б.ДУДАЕВА
А.Абдулаевн сурт
