Баккъал а хаза кхаъ хилла хIокху деношкахь нохчийн халкъана. Муха хир бацара иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна Нохчийчоьнан Парламентан лаккхара совгIат – «Даймехкан Турпалхо» орден елла хилча. Цунна и совгIат Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Россин Турпалхочо Даудов Мохьмада дIаделира хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 73 шо кхачарна лерина дIаяьхьначу тIеман парадехь.
СовгIат Кадыров Рамзане дIа а луш, Парламентан спикера Даудов Мохьмада элира: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна «Даймехкан Турпалхо» орденца совгIат до дахарна боккха кхерам болчу хьелашкахь Нохчийн Республикехь бакъонийн къепе а, Конституцин дIахIоттам а, пачхьалкхалла а ларъярехь шегара турпалалла а, доьналла а, майралла а, стогалла а гайтарна».
Парадехь дакъалоцуш хиллачарна боккха кхаъ хилира цунах. И хаам оцу сохьта берриге а махкахула дIасабаьржира.
Билгалдаккха деза «Даймехкан Турпалхо» орден Нохчийчоьнан Парламенто 2018-чу шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь юкъаяьккхина хилар.
Парламентан лаккхара совгIат дуьххьара Кадыров Рамзанна делла. Дала тIаьхье беркате йойла.
Кхул хьалха Р.Кадыровна вайн республикин Парламентан кхин цхьа совгIат а дира. Иза «Даймехкан Сий» орден яра. Цунна и деза совгIат дира Нохчийчоь когахIотторехь а, республикехь синтем, машар, кхерамазалла хилийтарехь а бIаьрла кхиамаш бахарна.
Цул хьалха оцу орденца совгIат дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун нанна Кадырова Айманина а, Кадыров Рамзанан хIусамнанна Кадырова Меднина а, цу шимма Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентан а, вице-президентан а даржашкахь йолуш беркате гIуллакхаш дарна.
С.ХАСАНОВ
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо