ХIора шарахь хIутосург (май) беттан 10-чу дийнахь Нохчийн Республикехь билгалдоккху Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а де. И де билгалдаккхаран хьокъехь долчу Указана Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьг яздина 2011-чу шеран оханан (апрель) баттахь.
Цу дийнахь вай дагалоьцу нохчийн халкъана тIехIиттина бохамаш. Иттанаш эзарнашкахь дIакхелхина вайн халкъан векалш нохчийн халкъ махках даьккхинчу муьрехь а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь а, Нохчийчохь хиллачу тIаьхьарчу шина тIамехь а.
Республикехь машаре дахар а, къепе а хилийтаран дуьхьа, бакъдолу Ислам-дин дIахIотторан дуьхьа, Россин пачхьалкхан цхьаалла ларъяран дуьхьа, шен дахар дIаделла вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан).
Нохчийн халкъан тоьлла кIентий даима а вайн иэсехь буьсур бу. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу а, цуьнан кIанта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана дIахьош болчу а некъана, даима тешаме хир ду вай.
ХIокху шарахь а коьрта гулам дIабаьхьира Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театран-концертийн залехь.
Цигахь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, республикин Правительствон председатель Эдельгериев Абубакар, Парламентан председатель Даудов Мохьмад, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, министраш, нуьцкъаллин ведомствийн куьйгалхой, республикин гIаланийн а, кIоштийн а администрацийн куьйгалхой, учрежденийн а, организацийн а векалш, журналисташ, яздархой, республикерчу партийн а, юкъараллин боламийн а декъашхой, культурин гIуллакххой, кхиберш.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира нохчийн халкъан исторехь дуккха а сингаттаме агIонаш хилар, делахь а, цхьана а халонашка хьаьжна доцуш, нохчаша шайн сий а, яхь а ларйина хилар.
– Тахана вай дагалоьцу нохчийн халкъо лайна Iазап, бала, халонаш, Нохчийчохь маьрша дахар хилийтаран дуьхьа шайн дахар дIаделла вайн турпала кIентий а: Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнаш цуьнан бIанакъостий а. Иштта, вай дагалоьцу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь, Даймохк ларбеш, шайн са дIаделларш а, къам махках даьккхича, Казахстанан а, ГIиргIийзойчоьнан а йистйоцчу аренашкахь, тIаьхьарчу шина тIамехь кхелхинарш а. Вай дуккха а халонех а, зерех а, тIамех а чекхдевлла. Иттаннаш эзарнаш дIакхелхина, доьза байна, йохийна гIаланаш а, ярташ а. Вай хIаллакдора, тIеман хиламех а бора, амма, вайн дайн кхерчаш ларбан а, денбан а, берриге а бохамех сийлаллица чекхдовла а, юхадендала а ницкъ кхочура вайн, – элира Р.Кадыровс.
Иштта, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира вайн халкъан дуккха а бохамаш хьалхавала а, халкъ шена тIаьхьадига а, зуламаш ца хилийта а халкъана коьрте хIотта баьчча цахиларца боьзна хилла хилар а, республикина коьрте Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIоьттича бен тIемаш совцо аьтто баьлла цахилар а.
Даудов Мохьмада дийцира хIора 50 шо мосазза долу, нохчийн халкъана тIе бохамаш богIуш хилла хиларх. Шен халкъах дог лозуш куьйгалхо вайн хилла цахиларна уьш хуьлуш хилла хиларх а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, ша хьекъале а, майра а куьйгалхо хиларе терра, нохчийн халкъ цхьаьнатоьхна хиларх а, терроризмана а, вахабизмана а иза дуьхьалваьлла хиларх а, гуттаренна а тIом сацийна хиларх а, цо дIаболийна некъ дIахьош цуьнан кIант Кадыров Рамзан хиларх а лаьцна.
Цигахь цул тIаьхьа къамел дира республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис а, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Кусаев Iадиза а.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь а дIаяьхьира Иэсан а, лазаман а денна лерина мероприяти.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, министран заместитель Гудаев Лоьма, республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIруди, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, кхиберш.
– Вай тахана гулделла историн йохаллехь, герз кара а эцна, вайн халкъан сий а, цIе а, маршо а ларъеш дIакхелхинарш дагалаца. Тайп-тайпанчу, дукха хьолахь, бохамечу, хиламашца йоьзна ю вайн истори. Ширачу заманашкахь дуьйна дукха зерех, халонех чекхдаьлла вайн халкъ. Муьлхха а халонаш шайна тIехIиттарх, гIиллакх а, яхь а, доьналла а боху кхетамаш коьрта хилла нохчашна даима, – элира Д.Умаровс.
Гапуров ШахIрудис дийцира таханлерчу дийне кхаччалц Нохчийчохь мел хиллачу тIемех а, бохамех а лаьцна: Кавказан тIом, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом, махках дахар, тIаьххьара ши тIом. Иштта, цо билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн халкъан а, Россин а исторехь а лелийначу маьIнех лаьцна.
Оцу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Аллей мемориалан комплексехь болчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дехкира Iедалан векалша. Зезагаш дахкарехь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес, Нохчийн Республикин Парламентан председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Эдельгериев Абубакар, Парламентан депутаташ, кхиберш.
Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь, халкъо лайначу бохамашкахь кхелхинарш дагалоцуш, зуькар а дира, мовлад а дийшира. Иштта, оцу бохамечу хиламашкахь кхелхинчу вайн махкахошна Деле гечдар доьхуш, республикин ерриге а гIаланашкарчу, ярташкарчу маьждигашкахь доIанаш а, зуькарш а дира, сагIанаш а дехира, хала бохкучу доьзалшна сагIина кхачанан сурсаташ дIаса а дийкъира.
I.МУРТАЗОВ
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо