«Соьлжа-ГIала – Къилбаседа Кавказехь машаран а, доттагIаллин а чIагIо»

1818-гIа шо Нохчийн Республикин таханлера пачхье йолу Соьлжа-ГIала йилларан шо ларалуш ду. 1869-чу шарахь дуьйна гIала хила йолаелла цунах.

Таханлера Соьлжа-ГIала – 300 эзар сов вахархо а волуш, Къилбаседа Кавказехь уггаре а яккхийчу а, кхуьуш йогIучу а гIаланех цхьаъ ю. Цул сов, хIокху шарахь билгадоккхур ду цуьнан 200 шо кхачар а.

Республикин пачхьенан 200 шо кхачар билгалдаккхаран гурашкахь, Соьлжа-ГIалахь, хIутосург (май) беттан 14-17-чуй деношках, дIахьур ю Дуьненаюкъара историко-этнографин «Соьлжа-ГIала – Къилбаседа Кавказехь машаран а, доттагIаллин а чIагIо» цIе йолу форум.

Форумехь дакъалоцуш 700 гергга стаг ву, шайна юкъахь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин а, Нохчийн Республикин Парламентан а депутаташ а, Iилманчаш а, къоман культурин а, юкъараллин а организацийн а, векалш а, Iеламнах а, кегийрхойн боламийн жигархой а, студенташ а болуш.

Форуман программи юкъахь пленарни ши кхеташо а, иштта, тематикин ши секци а ю. Цигахь дийцаре дийр ду историн а, археологин а, этнографин а, культурин а гIуллакхаш.

Форум вовшахтоьхна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: