ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу зезагийн паркехь Туризман а, садаIаран а «Шашлык-машлык» II-гIа дуьненаюкъара фестиваль дIаяьхьира.

Фестиваль вовшахтоьхнера Туризмехула йолчу федеральни агентствос а, Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето а. Оцу тайпана доккха гIуллакх дIадахьаран Iалашо яра Нохчийчохь туризм кхиорна оьшуш долу хьелаш кхоьллина хилар шуьйрра довзийтар.
Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, Туризмехула йолчу комитетан председатела Байтазиев Муслима билгалдаьккхира цу тайпанчу хиламаша туристийн барам алсам боккхург хилар.
«Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс накъосталла дар бахьана долуш вайн таро ю хIокху тайпана мероприятеш дIаяхьа. Республикин хIора а гIаларчу, кIоштарчу, иштта, Россин тайп-тайпанчу субъекташкарчу, кхечу мехкашкарчу дакъалацархойн таро ю кхача кечбарехь шайн говзалла гайта. Оха, тхайн рогIехь, шуна жамIаш довзуьйтур ду», – элира цо.
Мероприятехь дакъалоцуш бара футболехула дуьненан чемпионатан ловзарш дIахьур долчу Россин 11 гIалара векалш.
Махкахь тоьлла лоручу кхачанхоша кечбина кхачанаш бара цигахь. Луучарна самукъадаккха а, кхачанийн чоме хьовса а билгалъяьхна леррина меттигаш яра. Иштта, берашна лерина конкурсаш дIаяьхьира цигахь.
Цул сов, спортан тайп-тайпанчу дакъошкахула йолчу Нохчийн Республикин вовшахтоьхначу командаша шайн хьуьнарш гайтира.
Цуьнца цхьаьна фестиваль чекхъяллалц нохчийн эстрадин артистийн концерт хилира.
Цул сов, мероприятин гурашкахь схьабиллира «Визит Чечня» цIе йолу Республикин туризман 4-гIа гайтам. Цигахь гIаланаша а, ярташа а йовзийтира шайн туризман таронаш.
Фестиваль дIайирзира С.Билимхановн цIарах йолчу стадионехь Нохчийн Республикин Правительствон а, 2018-чу шарахь дIахьур йолчу дуьненан чемпионатан вовшахтохархойн-гIаланийн а вовшахтоьхначу командашна юкъахь футболан матч дIаяхьарца.
А.АЛИЕВ
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо