Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Гуьмсан кIоштахь йолчу отделан белхахоша схьаяьхна боккхачу барамехь наркотикаш.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо хаам беш ма-хиллара, полицин белхахоша Гуьмсе гIалахь сацийна 1976-чу шарахь вина волчу Дагестан Республикин Хасав-юьрт гIалин вахархочун долахь йолу «Лада Приора» автомашен.
Автомашене хьожуш, цуьнан моторан декъа чохь карийна ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу наркотик чохь йолу полиэтиленан тIоьрмиг. Наркотикан йозалла 120 грамм гергга хилла.
Схьаяьккхина наркотик таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.
Вахархочо динчу зуламан Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьян 2-чу декъехь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю.
I.ТЕРЛОЕВ
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо