Iер-вахар Нохчийчохь дацахь а, экономикин Iилманийн доктор Джамурзаев Юнус дика вевза вайн махкахь. Иза Дона-тIерачу-Ростовехь Iаш а, болх беш а ву. Дукха хенахь дуьйна лаккхарчу даржашкахь къахьегна а ву.

1978-чу шарахь кхечира Юнус дуьххьара Ростове, лаккхарчу дешаран кхерчахь деша Iалашо лаьцна. СССР-хь а тоьллачарах цхьаъ ларалуш йолу Ростовера пачхьалкхан халкъан бахаман институт яра вайн махкахочо экономистан корматалла караерзо йолчу ойланца хаьржинарг.
Бераллехь дуьйна дешарца кIорггера уьйр-марзо йолчу Юнусан хаарш мел оьшу долуш дара. Цундела дIаэцаран зерех кхиамца чекхваьлла, 1978-чу шарахь студент хилира иза. Цхьаболчу кегийрхоша санна, шена атто ца лоьхуш, хене вала мел хала хиллехь а, лаккхарчу дешаран кхерчахь дика дийшира Джамурзаев Юнуса.
1982-чу шарахь институт чекхъяьккхина ваьлла къона говзанча Ростовн областан исполкоман финансийн урхалле балха дIаийцира. Нохчийчоьнца йолу зIе цкъа а хаьдда яцахь а, цу хенахь дуьйна вайн турпалхочун дахар Ростов гIалица доьзна ду. Кхузахь яьхна цо шен толамийн лакхенаш а, лардина нохчийн къоман сий, бакъволчу нохчичун яхь, доьналла, гIиллакх-оьздангалла. Цигахь кхиъна Юнусан доьзал а.
Амма, дай баьхначу лаьттана генахь бара аьлла, нохчийн къоман оьзда гIиллакхаш дIа ца тесна цара. Ламазца-мархица бу, догцIена, комаьрша, къинхетаме бу, дерриге а дахар нохчийн юьртахь дIадахча санна.
Джамурзаев Юнусан доьзал иштта ийманехь кхиар цуьнан хIусамненан Iайнаан хьуьнарех доьзна хила там бу. Дозаллица бийца дай болуш, оьздачу нохчийн кхерчара схьаяьлла ю Iайнаъ. Бакъйолу нохчийн зуда санна, даима а хIусамден IиндагIехь лаьтташ елахь а, цунна ондда гIортор хилла чекхйолуш ю. Ткъа доьзалехь барт хилча, ирс а, беркат а деба.
Дуьнен чу валар генарчу Казахстанан Джамбулан областерчу Курдайскан кIоштахь 1957-чу шеран бекарг (март) беттан 16-чу дийнахь хилла Джамурзаев Юнусан. Цуьнан да Джамурзаев Дени Юнусан ши бутт кхочуш новкъа велира шен ворхIе да ваьхначу нохчийн ширачу юьрта Шела цIаверза. Кхиболчу вайнаха санна, дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, хийрачу махкахь 13 шо даьккхиннера цо а.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша къинхетамза нохчийн халкъ махках доккхуш, кхиазхо вара Дени. Дерриге а халкъо санна, цо а лайра хало, гIело, шело, мацалла, амма цо цкъа а дог ца дуьллура Делан диканах. Иза тешна вара цкъа мацца а нохчийн къоьжа лаьмнаш шена гург хиларх. Ишттачу дегайовхонца баха Iамийра цо шен доьзал а.
Юнус доьзалехь воккхахверг вара. Цундела къаьсттина цунна тIехь терго латтайора дас нохчийн къоман оьздадачу гIиллакхийн гурашкахь кIант хьалакхиа лууш. Цкъа а ден лаамна тIера ваьлла, цуьнан дог дохийна вац Юнус. Шелахь чекхъяьккхира цо юккъера школа.
Шелара вахара 1975-чу шарахь эскаре Даймахкана декхар дIадала а. Москван областерчу Балашиха гIалахь вара Юнус юьхьанца эскарехь гIуллакх деш. ТIаьхьуо Калуга гIалахь эскаран дакъошкахь гIуллакх дар а нисделира. Бакъду, миччахь хилча а, Юнуса цкъа а диц ца дина ша нохчи хилар, шегара цхьа ледарло яьлча, бехк дерриге а нохчийн халкъана буьллург хилар.
КIорггера нохчийн гIиллакхаш довзаро, хIайкал санна уьш лардаро гIо-накъосталла дора вайн махкахочунна эскарехь а низамца чекхвала, бIаьхаллин накъосташна ша дош-дезар хетийта. Эскарехь Юнуса даьккхинчу шина шарахь дукха Баркаллин кехаташ дахкийтира цуьнан командираша дега, нене, иштта гIиллаккхе, оьзда кIант кхиорна.
Лакхахь вай билгала ма-даккхара, эскарехь гIуллакхдина ваьлча, 1978-чу шарахь юьхьарлоцу Джамурзаев Юнуса Iилмане боьду некъ.
1987-чу шарахь къона говзанча Джамурзаев Юнус Дона-тIерачу-Ростов гIалин Первомайски кIоштан финансийн отделан куьйгалле хIоттаво. Къона куьйгалхо дика лараво шена тIедехкинчу декхаршца. Амалан гIад адамаллех дуьйцина хиларо гIо-накъосталла до цунна муьлххачу къомах долчу адамашца кIеда-мерза чекхвала, вовшахтохараллин хьуьнар а дара Юнусан милла а шех хьоьгур волуш. Белхан накъосташца мерза чекхволу къона куьйгалхо, низам лардар луьрачу тидамехь латтадахь а.
ХХ-чу бIешеран чаккхенехь доха карзахдаьллачу Советийн Iедало мелла а хийцамаш бохьу массо а белхан дакъошка. Юьстах ца юьсу финансаш а. Делахь а, дика говзанча, хьуьнаре белхахо волчу Юнусана дукха лазаме ца бовлуш дIабоьрзу и хийцамаш а.
1990-чу шарахь Ростов гIалин Первомайски кIоштахула налогови инспекцин куьйгалле хIоттаво иза. БархI шарахь болх бо вайн махкахочо оцу даржехь. Ткъа 2008-чу шарахь дуьйна иза Ростован пачхьалкхан экономикин университетан «финансы» кафедрин доцентан болх бан дIакхойкху.
Кхаа шарахь болх бо Ю.Джамурзаевс оцу даржехь. Вайн махкарчу кегийрхошна дешар тIехь цу муьрехь цо мел дукха гIо дина дийцина вер вац. Студенташна дешар тIехь г1о дина ца Iийна вайн махкахо. Iаламат хала еанера нохчийн халкъана ХХ-чу бIешеран чаккхе а, ХХI-чу бIешеран юьхь а.
Дукха адамаш шайн декъаза синош довдийна махках девллера. КIезиг бацара уьш Юнусан хIусаме кхаьчнарш а. Алссам бара дарба лаха арабевлларш а. Мокхазан чIагIо санна, царна гIортор хилла лаьттина ву иза оцу шерашкахь. Деэшначунна орцахвалар цуьнан цIийца ду. Цо цкъа а ца къестийна къаьмнаш. Делахь а, нохчийн халкъе кхаьчна ирча бохамаш чIогIа хала лайра цо.
2011-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна РФ-н ФНС-н Ростовн областан кIошташна юкъарчу инспекцина куьйгаллехь болх бина Джамурзаев Юнуса.
2012-чу шарахь экономикин Iилманийн докторан диссертаци тIечIагIйира вайн махкахочо. Профессоран сийлахь цIе лелош ву иза. Бакъду, хьаналчу къинхьегамца Iилманийн лакхенаш караерзинера аьлла балхана хераваьлла вац.
Тахана а Россин ФНС-н Ростовн областехь йолчу налогин органийн Урхаллехь Iуналла (контроль) дечу отделан куьйгаллехь болх беш ву. Нахана везаш а белхан накъосташа лоруш а ву.
Бакъволчу нохчичун нуьцкъала амал а, хьанал къинхьегам бу Джамурзаев Юнус ишттачу лакхенашка кхачийнарг.
Дерриге а нохчийн халкъана боккха юьхькIам бу Россин гIаланашкахь Джамурзаев Юнус санна оьзда, хьуьнаре, дог цIена, комаьрша кIентий хилар.
ГАЗИЕВА Аза
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо