Спортан хаамаш

З.Абакаров – дуьненаюкъарчу турниран чемпион

5–6-чуй декабрехь Москва г1алахь д1адаьхьира парг1атчу кепара охьатохархлатарехула йолу дуьненаюкъара къийсадаларш. Цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикера спортсменаш а бара.

Дег1ан йозалла 57 кийла йолчу категорехь леташ волчу Абакаров Зелимхина атта хилира финале боьду некъ. Финалехь, жам1 10:0 долуш, вайн махкахочо атта толам баьккхира Дагестанерчу Мусукаев Исмаь1ална т1ехь.

Дег1ан йозалла 61 кийла йолчу спортсменашкахь ахфиналехь вовшахлата дийзира шина нохчичун Аджиев Имаман а, Абакаров 1аьрбин а. Оцу чулацамечу къовсамехь толам баьккхира Имама. Амма цуьнан толамхо аьтто ца белира. Иза финалехь эшийра Пшнатлов Азаматбис. Ткъа кхоалг1а меттиг къовсуш, Абакаров 1аьрбис шена дуьхьал леташ верг эшийна йоьзан мидал яьккхира. Иштта оцу къийсадаларшкахь йоьзан мидалш яхарца билгалвелира Арсаналиев Расул а (74 кг), Гериев Асхьаб а (74 кг).

Мидал йоцуш цхьа а ца висира

Дукха хан йоццуш Волгоградан областехь д1аяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу Россин кхиазхойн чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вайн махкарчу 80 регионера 527 «вольник». Билгалдаккха дог1у къийсадаларшкахь леташ хилла спортсменаш 1999–2000-чуй шерашкара хилар.

«Русь» ц1е йолчу комплексехь д1аяьхьначу чемпионатехь дика латарца билгалвара Белорецк г1алахь 1аш волу нохчийн спортсмен Аддиев Лом-1ела. Цхьаьнакхетар доладаларца Лом-1елас хоуьйтура къийсадаларшкахь ша толам боккхург хилар. Ахфиналехь кхуьнан лата дийзира шен  махкахочуьнца Дадаев Мохьмад-1елица. Иштта, 66 кийла йолчу категорехь шина нохчичунна юккъехь хиллачу цхьаьнакхетарехь толам баьккхира Аддиевс. Финалехь Новосибирск областера Маргарян Александр эшорца толам баьккхира цо. Ткъа кхоалг1а меттиг къовсуш хиллачу латарехь туьйлира Дадаев Мохьмад-1ела. Иштта, дег1ан йозалла 53 кийла йолчу категорехь йоьзан мидал яккхарца билгалвелира кхин цхьа нохчи – Бибулатов Сайд-Селим.

Оцу къийсадаларшкахь дакъалаьцначу вайн махкахойх цхьа а ца висира  мидал йоцуш.

З.Садаевн – рог1ера гол

Польшехь хьалхеяккхаран чемпионатан 18-чу туран матчехь Познанера «Лех» команда хьошалг1ахь цхьаьнакхийтира Краковерчу «Вислица». Вайн футболъезархошна хууш ма-хиллара, Познанерчу команди юккъехь ловзуш ву нохчийн футболистхо Садаев Заур. Лазийначул т1аьхьа майдана юкъабовлучу цхьайтта футболистана юккъехь хила хала ду нохчичунна. Амма шен ловза еллачу хенахь майданахь тоьллачех  хуьлу  Заур. Иза бакъ хилар гайтира т1елатархочо Польшин тоьллачу командина дуьхьал ловзуш. Шолг1ачу таймехь юкъаваьлла  волчу т1елатархочо 84-чу минотехь гол тохарца толам баккхийтира «Лех» команде.

А.АБДУЛАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: