«Къамел до Соьлжа-ГIалара»

1928-чу шеран оханан (апрель) беттан 17-чу дийнахь дуьххьара хезира Нохч-ГIалгIайн Автономни Республикин радион аз. Радио Соьлжа-ГIаларчу Кабардински а, Первомайски а урамаш къаьстачохь долчу цхьана коммунальни цIа чохь яра.

«Москвара схьа а дало ма боху оцу «кеда чухула» къамел» бохуш, нах цецбуьйлуш, еара радио нохчийн а, гIалгIайн а хIусамашка.

Дукха хан дIаяьлла цул тIаьхьа. Таханлерчу «Вайнах» ГТРК-н юьхь цигара схьайолаелла. Цуьнан дуьххьарлера председатель яздархо Айсханов Шамсудди вара.

ХIетахь радион передачаш кхаа (нохчийн, гIалгIайн, оьрсийн) меттанашкахь йовлура эфире. Цуьнан коллектив 75 белхахочух лаьтташ яра.

Цхьадолу туьйра а бакъ хуьлий дIахIуттуш, схьакхаьчначу, техникин таронаш алсамъевллачу вайн заманахь, хаьа, мел боккха болх хилла хIетахь радион декъехь къахьегначу журналисташа бинарг.

Нохчийн халкъан дахарехь маьIне болх бина радиос. Иза халкъаца цхьаьна ехара, цо Iовшу бала а Iовшура, дикане са а туьйсура.

Нохчийн халкъ дохийначуьра цIадирзинчу шерашкахь дуьйна радиохь къахьегначу Тарамов ХIарона дагалоьцура: «Тхан деда Борха, бIе шо кхаьчна воккха стаг, «кедехула» Димин Iумаран пондаран аз хезча, ша волччохь, узам беш, дIасатехкина, бIаьргара охьауьду хиш ца совцалуш, вехха вилхира. Оцу хенахь Казахстанехь радиочухула хIора кхаарин дийнахь нохчийн эшарш локхуьйтура. Цаьрга ладогIархьама, гонахарчу кIоштийн колхозашкара леррина вайнах богIура тхоьга хьошалгIа. Юха, 1956-чу шарахь, Москвара экъа (пластинка) еара тхуна Димин Iумаран ладугIу эшарш тIехь йолуш».

«Вайнах» радион гIишлонна дуьххьара дина кир-басар а дагадогIий те аьлла, дукха хан ю Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Эльмурзаева Розас радиохь болх бен.

«1958-чу шеран кхолламан (январь) беттан 25-чу дийнахь радион куьйгалхочо, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветерана Муравьев Ивана шен кабинета чу кхайкхира со. ЦIеххьана динамика чуьра оьрсийн дикторан Катаков Григорийн хаза аз дийкира: «Хьоме Роза, ерриге а коллективо даггара декъалйо хьо 16 шо кхачарца», – аьлла. Иштта дагалоьцу Розас радиохь дIаболабелла шен къинхьегаман некъ.

Тайп-тайпанчу шерашкахь радиохь къахьегначарах ву Шамилев Iандарбек, Магомаев Хас-Мохьмад, Дидаев СаьIид, Цакаев Шама, Магомадов Нохьа, Саракаев Хьамзат, Шамилева Хьава, Заурбеков Iабдурахьман, Кусаев Iадиз, Лорсанов Сайпудди, Саидов Ахьмад, Ганаев Адам, Гайтукаев Ахьмад, Бугаева Лида, Умарова Лиза, иштта дукхха а кхиберш а.

90-чу шерашкахь «Вайнах» радион литературин редактор яра оьзда зуда, похIме журналист Музаева Алпату. Лакхахь хьахийначу журналистех дукхах берш боцуш бу тахана, Дала гечдойла царна!

Тахана а хьанала къахьоьгуш дуккха а похIме журналисташ бу «Вайнахехь». Царна юкъахь ву Кусаев Iадиз, Эльмурзаева Роза, Исраилова Яха, Махмаева Малика, Ахметханов Сулейман, Бакарова Луиза, Атуев Асланбек, монтажникаш: Бишаева Роза, Аслаханова Хадижат, аьзнийн режиссер Магомадова Луиза.

«Вайнах» радион директор Джаватханов Рамзан Воронежан пачхьалкхан университетехь журналистан говзалла караерзийна веара балха. Шен коллектив езаш, болх нийса дIахIотто хьуьнар долуш куьйгалхо ву Рамзан.

Иштта, «Вайнах» йоцург «Грозный» а, «Некъ» а радиокомпанеш а ю вайн республикехь болх беш.

«Грозный» радион бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь 15 шо кхечира. Вайн республикехь дерриге а халкъан референдум дIаяьхьначу 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь болх бан йолаелла Грозный».

Иза кегийрхойн радио санна тIеэцна ю дукхахболчара. Верриге а 20 сов стаг ву цигахь къахьоьгуш. Директор Нухаев Идрис ву. Передачаш оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь дIахьош ю.

Болх безаш-бевзаш даггара къахьоьгуш бу «Грозный» радион кхоллараллин а, техникин а белхахой а, журналисташ а. Царна юкъахь ву шеф-редактор Загаев Руслан, корреспонденташ Абубакаров Анзор, Уматгириева Зулай, Абдулаев Шемал, Алавдинова ПетIамат, Абдулмуслимова Санет, Хадысова Марем, Махашев ХIарон, Дудуркаева Милана, Абдулкудусов Сулейман, Устарханова Лаура, Айдамирова Лиана, Махмудов Мохьмад, Умарова ПетIамат, аьзнийн режиссер Идрисов Зеламха, музыкин редактор Гайтукаев Адам.

Республикехь массарел тIаьхьа кхоллаелла ю Кадыров Ахмад-Хьаьжин цIарах йолу «Некъ» радиокомпани.

Карарчу шеран хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь 9 шо кхочу «Некъ» радиокомпани схьайиллина. Цуьнан хьалхара эфир а, иза схьаеллар а лерина дара Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна.

ХIетахь дуьйна радион балхана куьйгалла деш ву вайн республикехь дика вевзаш волу Iеламстаг, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан декъехула волу хьехамча Шахидов Адам-Хьаьжа.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана терго яр бахьана долуш, 2017-чу шарахь РТРС радиона керла 91 Fm тулгIе елла. «Некъ» радиога Нохчийчохь ладоьгIна ца Iашдерриге а дуьненахь ладогIа аьтто бу. Иштта хилла «Некъ» радиох Россехь лицензи йолу дуьххьарлера Ислам динан радио. Радиога ладугIучеран барам алсамбаларца цуьнан декхарш а тIекхетта.

Хууш ма-хиллара, кху сихачу заманахь вайна хан ца тоьа я телевизоре хьовса а, я книга еша а. Вай вешан хьашташна дIасауьддучохь, доккха гIуллакх ду цIахь, балхахь, машенахь догIуш-доьлхуш радиога ладогIа йиш хилар.

Бусалба нехан динах долу хаарш тIедузу кхузаманан дика гIирс бу «Некъ» радио. Цуьнан белхахоша кечйо тайп-тайпана передачаш. Кегийчарна а, зударшна а, баккхийчарна а лерина хуьлу. Цул сов, хаамийн-хьесап даран передачаш а йо.

Радион коьрта редактор Точиева Хеда ю. Шен болх, декхарш дика девзачу цо нийса дIахIоттийна радион болх. «Керланаш» хаамийн программа нохчийн маттахь дIахьош ю Гилгаева Аминат, ткъа оьрсийн маттахь эфир дIахьош Мурадов Мохьмад-Хьафиз ву, оцу программийн шеф-редактор Жанхоев Абу ву.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна передачаш кечйо Дидигов Казбека. Радиохь хьанал къахьоьгуш ву Исаков Рашид, Арипханов Адам, Илесов Iаьрби а, юкъараллин-политикин передачаш кечъеш ву Хациев Хьамзат а, Истамулов Iабдулла а, аьзнийн режиссер Сосаев Джамбулат, эфиран режиссер Баймурадов Расул.

ХIора кIиранах эфире йовлуш, нахана йовза-еза кхиъначу передачех ю: хIора еарийн буьйсанна ма-ярра йолчу эфирехь Шахидов Адам-Хьаьжас вайн заманахь лазаме йолчу темина лерина хьехьамаш беш йолу передача а, иштта, Астемирова Маккин «Брак в Исламе», Исаков Рашидан «Пайхамаран медицина», Арипханов Адаман «Исламан баххаш» передачаш.

РадиоладогIархойн динца доьзна долчу хаттаршна жоьпаш ло Iеламстага Даев Увайса.

Иштта, Нохчийн Республикин Бусалбанийн динан урхалло дIахьош болу болх бовза а, оцу урхаллин белхахойн, махкахь гIарабевллачу Iеламнехан хьехамашка ладогIа а, царах пайдаэца а аьтто бу ладогIархойн.

Радион ма-ярра йолчу эфире кхойкху республикин тайп-тайпанчу министерствийн а, ведомствийн а векалш, цара дуьйцу республикехь бинчу а, бан леринчу а хийцамех а, кхидолчу коьртачух лаьцна а. Муьлххачу а хенахь радиога онлайн рожехь ладогIа аьтто бу trk.put сайта тIехь.

Дийца дукха ду «Некъ» радион балхах лаьцна. Кхин хIумма а ца хилча а тоьар ду хIора дийнахь пхоьазза азан дешар а, Сийлахь Къуръан доьшуш хазийтар а. Цул беркате хIумма а хир дац. Дала йоле дуьллийла цара хьоьгуш долу къа!

Радион денца декъалбан лаьа «Вайнах», «Грозный», «Некъ» радио компанийн белхахой! Царах хIора а ца хилча йиш йоцуш, юкъараллин дахарехь а, адамийн кхолламехь а шен меттиг дIалаьцна ву.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: