Новокузнецкера тайнигийн театр – Соьлжа-ГIалахь

ХIутосург (май) беттан 8-чу дийнахь Нохчийн Республикин Къоначу хьажархочун театрехь шайн гастролийн мур дIаболийна Новокузнецкерчу тайнигийн «Сказ» театран артистийн тобано.

«Три медведя» спектаклаца дIайолийра цара шайн гастролаш. Иза хIоттийнарг Россин Федерацин искусствийн хьакъволу гIуллакххо Устинов Людвиг ву.

«Три медведя» туьйра ингалсхойн фольклорера ду. Дуккха а меттанашка гочдина иза. Жимачу йоIах лаьцна ду иза. Хьуьнхахь тила а елла цхьана десачу цIа чу яханчу цунна кхаа барамехь пхьегIаш а, гIенташ а, мотт-гIайба а карадо. Царах уггаре а жима гIант а, пхьегIа а, мотт-гIайба а мегаш хуьлу йоIана. Иза цIа чохь дIайижинчул тIаьхьа, цIа кхочу ши ча а, церан чайтаI а. Сама а яьлла, шена схьагинчу суьрто кхерийна йолу йоI корехула араэккхий кIелхьара йолу.

Карарчу хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь театран сцени тIехь тайнигийн «Сказ» театран артисташа «Про ум и глупость» (Ю.Самойловн туьйра) спектакль а, «Конек-горбунок» (П.Ершовн туьйра) спектакль а гайтира.

Россин Федерацин хьакъволчу артиста, театран режиссера Самойлов Юрийс хIиттийна йолу спектаклаш самукъадаларца тIеийцира кегийчу хьовсархоша.

Иштта, Соьлжа-ГIалин а, Устрада-ГIалин а, Грозненски кIоштан Пролетарски юьртан а школашкахь дешархойн самукъадаьккхира театран артисташа.

Къоначу хьажархочун театро шайн гергара нах санна тIелецира Новокузнецкера баьхкина артисташ. Цхьана хьаьрмахь къахьоьгучу актерашна вовшашка дийца а, дагабовла а дуккха а хIума дара. Шайн керла ойланаш а йовзийтира цара вовшашна.

Соьлжа-ГIала уьш бахкарх а, вайн республикехь цара гастролаш ярх а баккхийбера къона хьовсархой. Уьш тешна бу, Новокузнецкера артисташ юха а Соьлжа-ГIала богIург хиларх. Церан керлачу спектаклашка сатуьйсур ду бераша.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Новокузнецкан тайнигийн театран артисташ

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: