«Орга» – 1

Журналан хьалхара рубрика «Проза» ю. Иза дIайолайо Дадаев Сайд-Хьасанан «Воккха-Дада а, Iаж а», М.Бексултановн «Лазам», «Берзинчу когийн лар» дийцарша.

«Сан чIогIа самукъадолура хьуна юххехь, хьо хьоьстуш. Дукха сиха кхиира хьо, гIад стамлуш. Дуьххьара хьуна шатайпа исбаьхьалла луш, хьан генаш кхолуш заза гучудаьлча, ма чIогIа кхаъ хиллера суна. Заза стоьмашка – кегийчу Iежашка – дирзира. Циггахь чекхъелира хьан – синтаран – оьмар. Хьох, хила ма-безза, Iаж хилира. Къона Iаж, туй тесний бен, бIаьра а хьожур воцуш. ХIора дийнахь вогIура со хьоьга хьажа. Ма чIогIа ларбора ахь хьан генаш тIе латийна хIора а Iаж, суна ца гучу куьйгашца ондда дIалаьцна, цхьа а охьа ца бужуьйтуш, хьайн пхенашкахула лела хи, хьайна кхоийна а, царна дIакхачийта лууш. Цундела кхиир-кха уьш, цIен бос а лепаш, муттанах дуьззина. Ношделча, ахь дуьххьара белла стом а эцна, лулахо волчу вахара со. ЭхI, ма хазахеттера цунна! Дуьненан берриге а бахам ас шена беача санна, ма воккхавера иза…», – яздо С-Хь.Дадаевс. Воккха-Дадин а, Iожан а дагалецамаш дагах ца кхеташ буьсур бац дийцар дешначунна.

2018-гIа шо билгалдаьлла шена чохь дуккха а бевзаш болчу яздархойн, Iилманчийн юбилейш хиларца. Уьш тидамза ца юьту «Орга» журнало а. ХIокху шеран хьалхарчу номерехь царах довха дешнаш а олуш, дуккха а статьяш а, юбилярийн говзарш а зорбане евлла.

Нохчийн литературехь а, журналистикехь а къахьоьгуш волчу Кусаев Iадизан 80 шо кхачарна лерина ю литература таллархочун Арсанукаев Iабдуллин «Со винчу халкъана хьанал ваьцна…» а, Алиева Заринин «Халкъан яздархо Iадиз!» а, Юнусов Хьамзатан а, Бексултанов Мусан а статьяш.

«Iадиза кху гIалин хьалха хилла долу паспорт юхаметтахIоттийна-кх, ша цхьамма ара а ваьлла: проспекташ, гIишлош, урамаш шаьш ма-хиллара дIа а яздеш вайн тIаьхьарчу тIаьхьенна. Иштта, телевидених а, радиох а язйина Iадиза. Ткъе цхьаъ книгин автор ву иза. Iадиза уьш прозехь а, поэзехь а, публицистикехь а язйина», – боху М.Бексултановс. Циггахь деша таро ю I.Кусаевн «Дайн латта» сонетийн кочар.

Нохчийн халкъан яздархочун Абдулаев Лечин 65 шо кхачарна лерина язйина М.Бексултановс «Лазам маьрза» (эссе). Юбиляран кегий дийцарш деша циггахь.

Сейлмуханов Мусан 70 шо кхаьчна хилар хоуьйту вайна журнало, цуьнан «Хьо хьалхавелира», и.дI.кх. а байташ а ялош.

Айдамирова Машар декъалйо республикехь евзаш йолчу журналиста Эльдерханова Зайнапа «Машаре Машар» статьяхь.

«Машар боккха, кIорга хIорд буй, хаьа суна. И хIорд бIаьрхих, кегийчу а, даккхийчу а шовданех, ирсах, иэшамах, кхиамех, тешамех, сатийсамех лаьтташ бу. Йозанехь а, дахарехь а цхьаъ хилла, цIена, хьанал ваьхна, Далла дуьхьал ваханчу шен ден лорах йогIу йоI ю Машар. Зуда, нана, яздархо – и дерриге а даржаш товш ду цуьнгахь», – боху автора.

Иорданехь ехачу Фейсал Фаридан Жанаран «Лаьмнийн хIайкална» ойланаш а ю юбилярана лерина.

Цул тIаьхьа зорба тоьхна долу Машаран «Безаман къайленаш» дийцар а дешархошна хазахетар долуш ду.

Саралиева Табаркан «ХIун бехк бара сан?», З.Эльдерханован «Яхъелла херо», Эльдиева Маретан «Цхьаалла» дийцарш а, «Поэзи», «Публицистика», «Гочдарш», «Керла цIерш» рубрикашкара материалаш а ю дешархойн тидамза юьсур йоцуш ю.

Л.ДАУТОВА

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: