Халкъан илланчин иллеш даха дисина

Усманов Iимран… Нохчийн халкъан культурехь башха сирла цIе, дика адам, похIме илланча, хьуьнаре говзанча.

Нохчийн Республикин халкъан артист Усманов Iимран дуьнен чу ваьлла 1953-чу шарахь ГIиргIизойн махкарчу Ошски областан Узень гIалахь. Карарчу шеран бекарг (март) беттан 2-чу дийнахь 65 шо кхаьчна хир дара цуьнан. Иза вайца воцу а шо кхочуш доллу. Нохчийн культурина боккха иэшам бу иза.

Усманов Iимрана Соьлжа-ГIалара музыкин училище а, Дона тIерачу Ростовера музыкин-хьехархойн институт а чекхъяьккхина.

Филармонехь, телевиденехь, Нохчийн Республикин культурин министерствехь белхаш бина цо. Нохчийн Республикин Яздархойн союзан декъашхо, Нохчийн Республикин халкъан артист вара.

Суна иза вевза дукха хан яра. Цуьнан ваша Iилман а вевзара. Цуьнан йиша Нуржан, со Нажи-Юьртахь суьдхочун болх беш волчу хенахь, сан халкъан кхеташонча (заседатель) яра.

ГIиллакхе, оьзда, комаьрша доьзал бара иза. Iилмана суна елла шаьш нохчийн матте гочйина «Иван Васильевич меняет профессию», «Свадьба в Малиновке» фильмаш тIехь йолу кассеташ хIинца а ю сан.

Усманов Iимран дика иллиалархо хилла ца Iаш, дика поэт а вара. Иллешка а, эшаршка а йирзина шен байташ тIехь йолу кхо гулар арахийцира цо.

2003-чу шарахь зорба туьйхира «Геналло хьегийна» говзарна, 2008-чу шарахь – «КIайн дуьне», 2014-чу шарахь – «Едда йоьду зама».

ТIаьххьарниг шина декъах лаьтташ ю. Хьалхара дакъа ду «Адамаш, шуна ду даггара баркалла!», шолгIаниг – «Иллешкий, эшаршкий дирзина могIанаш». Нохчийн эстрадин дозалла ду уьш.

Бераллехь вайн дуьне мел доккха хетара,
Меллаша дIайоьдуш хетара хан,
Дуьне къахьло аьлча – цунах ца кхетара,
Мотта ца моьттура цкъа лур ву къан…

Зама, ахь вадавой, мархаш кIел хьора.
Дог Iехадолуьйтий, хоьцура чу,
Лаьттах а кхетий, со ваьржий дIагIора,
Гулвой, ахь юха са кхуллура чу …

I.Усмановс безамах лаьцна а дуккха а могIанаш яздина. Царах ду: «Суна хьо еза», «Бехке хьо ю», «Суна еза и сайн сил дукха», «ТIаьххьара кехат», «Дагмара», «Малика», и.дI.кх.

Дахарх а, дуьненах ойла йойтуш ду хIара могIанаш:

Ма сиха къанло вай, ма кIеззиг деха,
Я чомахь ца йоккху и йоца хан.
Цамгарша, гуобуьллий, къиза во чеха,
Iожалло, катухий, тосуьйту «чан»…

«Ма сиха къанло вай»
Гена-гена новкъа
Къоналла дIахьош,
Лаьара ала
ТIаьххьара дош.
ТIаьхьа со кхойкху гIийла:
ЛадогIахьа, ма лохьа сих,
ХIусам ю сан шийла,
БIаьргаш сан дуьзна ду хих.
Iодика йойла хьан,
ДIайоьду къона хан.
Гена мел ели хьо
Хета дашо…

Вай массо а хилла кегий. Массарна хьоме хета и хан. Оцу хазачу ханна иштта могIанаш яздина I.Усмановс:

Кегий бедарш хьайн суна йитина,
Мичахь лела-те хьо, сан бералла?
БIаьрга буй хьийзош, хьаста стаг воцуш,
Йоьлхуш лела-те, бералла?
Бералла, жималла,
Хьо мичахь лела-те?
Бералла, хазалла.
Хьо хьанна йоьлу-те?

Цо лаккхарчу говзаллица дIаолу иллеш дезаш тIеоьцура халкъо. БайкаевгIера Мурада а, Зураба а дIаолуш хеза вайна халкъан илланчин «Зама» илли, иштта кхечу къоначу иллиалархоша дIаолуш иллеш а ду цуьнан.

Iимран вайца вацахь а, амма цуьнан зевне иллеш дисина вайца даха.

С-А.ЛУЛУЕВ, яздархо

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: