Тхан рузма

ХIутосург беттан 13-гIа де, 1955-гIа шо. Казахстанехь вина Минкаилов Эльбрус, Нохчийн Республикин халкъан яздархо.

1957-чу шарахь церан доьзал шайн Даймахка – Теркайистерчу Галне юьрта – цIа боьрзу.

1973-чу шарахь, тIехдика дешарца юьртара юккъера школа чекх а йоккхий, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша хIутту. Къинхьегаман некъ дIаболабо 1979-чу шарахь Галнерчу юккъерчу школехь хьехархо волуш.

1980-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь дуьйна еххачу хенахь болх бо Нохчийн пачхьалкхан университетехь.

2003–2015-чуй шерашкахь «Орга» журналан коьрта редактор лаьтта. Нохчийн литература талларна леринчу Iилманан 50 гергга белхан автор. Царах цхьаберш «Нохчийн литератураххий а, фольклораххий а» цIе йолчу шен книги юкъа а бахийтина автора.

2011-чу шарахь арахецна «Терк дистина догIура» прозин книга.

ХIутосург беттан 15-гIа де, 1939-гIа шо. Ялхарой юьртахь вина Магомадов Мухтар, экономикин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.

1969-чу шарахь чекхйоккху Москварчу политехнически институтан инженерно-экономически факультет. Оцу шарахь дуьйна таханлера де кхаччалц Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан институтехь болх беш ву.

1971-чу шарахь Ленинградерчу финансово-экономически институтан аспирантуре деша воьду, циггахь хенал хьалха Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо.

1988-чу шарахь оццу институтехь чIагIйо экономикин Iилманийн докторан диссертаци.

190 Iилманан белхан, шайна юкъахь 3 монографи а, 22 Iилманан, Iилманан-методикин брошюра а йолуш, автор.

1992-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) хаьржина.

Iилманан белхан лаккхара мах хадош, 1989-чу шарахь цунна елла «Нохч-ГIалгайн АССР-н Iилманан, техникин хьакъволу деятель» сийлаллин цIе. Оццу шарахь цунна елира «СССР-н дешаран отличник» сийлаллин цIе а.

2005–2007-чуй шерашкахь Iилманчина совгIаташ дина Нохчийн Республикин Президентан а, Нохчийн Республикин Правительствон а Сийлаллин грамоташца.

ХIутосург беттан 17-гIа де, 1918-гIа шо. Грозненски кIоштан БердакIел юьртахь вина Идрисов Абухьаьжа, Советийн Союзан Турпалхо. Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, «Советская Россия» колхозехь жаIуьнан болх бина.

1939-чу шарахь дуьйна Советийн Эскарехь гIуллакх деш хилла.

1941-чу шарахь дуьйна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо ву. Лакхара сержант А.Идрисов 1232-чу гIашлойн полкан (2-гIа Прибалтийски фронт) иччархо (снайпер) хилла.

1944-чу шеран март баттана мостагIчун цо хIаллакбинчу салтийн, эпсарийн барам 349-га кхаьчна. Iаламат лакхара гайтам хилла иза. Цундела ларамаза дацара 1944-чу шеран 3-чу июнехь Идрисов Абухьаьжина Советийн Союзан Турпалхочун цIе ялар.

Цул сов, цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш билгалдаьхна ЦIечу Байракхан, ЦIечу Седанан орденшций, дуккха а мидалшций.

Эскарера мукъаваьллачул тIаьхьа халкъан бахаман тайп-тайпанчу дакъошкахь белхаш бина.

Кхалхар хилла 1983-чу шеран октябрь беттан 22-чу дийнахь. Цуьнан къонахаллин дахар дика масал хилла лаьтта Нохчийчоьнан кегийрхошна.

ХIутосург беттан 17-гIа де, 1942-гIа шо. Малхабекан кIоштан Доьлаке юьртахь вина Салатов Руслан, медицинин Iилманийн доктор, Россин Федерацин хьакъволу лор.

Дешна Саратоверчу пачхьалкхан лоьрийн институтехь.

Къинхьегаман некъ дIаболийна 1966-чу шарахь Малхабекан кIоштан больницехь лор-хирург волуш. Цул тIаьхьа доьшу Къилбаседа-ХIирийчоьнан лоьрийн институтан хирургин кафедрехь йолчу онкологин ординатурехь. Дешар чекхдаьлча цхьана шарахь болх бо Буру-ГIаларчу гарнизонан лазартнехь (госпиталехь).

1971-чу шарахь дуьйна цуьнан дахаран а, къинхьегаман а некъ, къаста йиш йоцуш, бозабелла Ростоверчу Iилманан-талламан онкологин институтаца.

Кхузахь цо чекхйоккху аспирантура, 1982-чу шарахь кхиамца чIагIйо медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 2002-чу шарахь медицинин Iилманийн докторан диссертаци а.

Iилманан 150 сов белхан автор, цуьнан куьйгаллица чIагIйина Iилманийн кандидатан бархI а, Iилманийн докторан цхьаъ а диссертаци, 30 шо сов ду цо институтан хирургин отделенина тIехь куьйгалла ден.

Салатов Русланан Iилманан талламех а, белхан зеделлачух а шуьйра пайдаоьцу онкологин цамгаршна молхадарба лелорехь.

Лоьран къинхьегаман хьуьнарш билгалдаьхна пачхьалкхан дуккха а совгIаташца.

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: