Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь схьадиллина Дайна а, хало тIехIоьттина а бераш кIелхIарадахаран къоман туьшан меттигера дакъа.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацис республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствоца а, лакхахь билгалъяьккхинчу туьшаца а цхьаьна вовшахтоьхна гIуллакх дара иза.
Даздаран хьолехь дIаяьхьначу мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Къоман туьшан верасаллин советан председатель Мильская Елена, Iедалан векалш.
Р.Кадыровс элира: «Нохчийн халкъо оьшучунна даима а гIо-накъосталла дина, хуьлда иза лулахо, юьртахо, махкахо. Иза вайн декхар а ду. Вайн пачхьалкхехь хIокху тайппана берашна гIо даран организаци хилча, Россин бахархой хиларе терра, вай жигара дакъалаца деза хIокху гIуллакхехь».
Иштта, цо билгалдаьккхира, Нохчийн Республикехь волонтерийн болам кхиаро пайда бохьург хиларх ша тешна хилар а, Спецназан Россин университето уггаре а дика оцу гIуллакхан говзанчаш (поисковики) кхиориг хилар а.
«Россин Федерацехь вайн регион цхьаъ бен яц тIекхуьуш йолу тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран Концепци кхочушъеш. Цундела тхуна тхайн декхар хета ишттачу дикачу гIуллакхехь дакъалацар. Дайна бераш лахарехь уггаре а дика хаарш лур ду вай царна кхузахь. Иза мехала гIуллакх ду».
Е.Милявскаяс элира: «Рамзан Ахматович, хьуна а, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствона а, шайн лаамехь хIокху Туьшахь болх бийр болчарна а баркалла ала лаьа суна. Вай деш дерг юкъара дика гIуллакх ду. Иза вайн пачхьалкхана пайдехь а хир ду. Россин Президента В.Путина билгал ма-даккхара, хIара шо – Добровольцийн шо ду. Тахана хIара Туш схьаеллар цунна тоьшалла а ду».
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа Е.Милявскаяс Р.Кадыровна «Россин волонтер» жилет елира.
Туьшан региональни декъан куьйгалхочо Хамидов Iадлана тхоьца хиллачу къамелехь элира: «Вайн республикин Куьйгалхочун беркатца Къилбаседа Кавказехь йолчу регионашлахь вайн республикехь дуьххьара схьайиллина иштта Туш. Цо чекхдаьккхина гIуллакх ду хIара. ТIейогIучу хенахь тхан тобано – ткъе итт стага – оцу декъехь болх бийр бу. Делан къинхетамца, вайн бераш довш дац. Цуьнца вайн проблема яц. Делахь а, вайн регионо дакъалоцур ду Спецназан университетехь говзанчаш кхиош лахаран отрядашкахь кхечу регионашкахь болх бан».
Л.ДАУТОВА
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 18-гIа де, 2018 шо