Хэмингуэй – нохчийн маттахь

Альбеков Нурвади вайн махкахь вевзаш ву къона  1илманча  санна.  Иза филологин 1илманийн  кандидат  ву.  Цкъа цхьа наханна Нохчийн пачхьалкхан университетехь  филологин  факультетан деканан даржехь болх бира Нурвадис.  Х1инца  иза Нохчийн Республикин  1илманийн  академехь болх беш ву,  ненан мотт  1аморан  а,  кхиоран  а  декъан куьйгаллехь.  Докторски дисертаци яздеша ву. Алссам  1илманийн  белхаш бу Альбеков Нурвадин зорбане бийлина,  дукхахьолахь уьш лингвистикех бу. Чулацаме  а,  маь1не  а  йозанаш ду къоначу  1илманчас  нохчийн маттах  дина.  Амма чекхдала сих деллачу  2014-чу  шарахь,  дагахь доцу хазахетар деара  Альбеков Нурвадис бинчу кхин цхьана балхо. Цуо нохчийн матте гочйина,  латино 1амаркан яздархочо  Эрнест  Миллер  Хэмингуэйс язйина  «Воккха стаг  а,  х1орд  а»,  ц1е  йолу  книга.   Хэмингуэй дуьненна вевзаш яздархо ву.  Советан заманахь вайн махкахь сий-ларам  болуш  яра  цуьнан кхолларалла.  Амма  ХХ – ХХ1-г1ий   б1ешераш  хотталучу  муьрехь Нохчийчу хьаьвзинчу луьрачу  т1емаша  б1арздина,  вайна Хэмингуэй а, и воцург вицвеллера.  Литература  дагайог1учохь  вай дитина дацара. Х1инцца  чу  са  дан  долалуш долчу вайна Альбеков Нурвадис динарг доккха  совг1ат  «Воккха стаг  а,  х1орд  а»  нохчийн матте яккхарца. Дукхах болчара  и  книга  оьрсийн маттахь ешнера.  Ткъа  х1ора  меттан  а  шен-шен башхаллаш  ю,  шатайпа  «чам»  а  бу.  Иза тосало нохчийн матте гочйина  «Воккхастаг  а,  х1орд  а»  йоьшуш,  х1унда  аьлча,  Нурвадис ингалсан матера гочдина    и  дийцар ненан матте.Иза боккха кхиам бу нохчийн  литература  а,  мотт  а  кхиорехь,  цкъаделахь. Шолг1ачу  делахь,  алссам шира дешнаш юкъадалийна гочдархочо,  тахана нохчийн маттера    дайна,  амма цкъа мацах вайн дайша шайх пайда эцна  долу.  Уьш ду масала  «г1икъ», «чхьонкар»,  «чаьнчакх».  Цул совнаха книгийн хьалхарчу  аг1онаш т1ехь  дуьйна билгал долу гочдархо  к1орггера  нохчийн мотт хууш хилар  а, лаккхарчу корматаллица матах цуо пайдаоьцуш хилар  а.  Гуш ду Альбеков Нурвади говза гочдархо хилар а,  ша дийриг  ц1архазмана  доцуш,   ц1енчу  даггара, хьанала къахьоьгуш,  халкъана,  махкана пайда хир болчу кепехь цуо  дина  хилар  а.  Цунна  Дела  реза  хуьлда.    Книгин  тираж  йоккхаяц.  Араяьлларг цхьа эзар  экземпляр  ю.  «Воккха стаг  а,  х1орд  а»  зорбане йоккхуш  г1о-накъосталла  дина  Нохчийн Республикин яздархойн союзо.  Дуьненаюкъара  литература  йовзарехь мехала  г1улч  ю  «Воккха стаг  а,  х1орд  а»  зорбатохарца  яьккхинарг. Луур  дара  цуьнан  т1аьхье  беркате  хуьлийла.

А.ГАЗИЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

1 комментари йазйина хIокху “Хэмингуэй – нохчийн маттахь” йаздарна бухахь

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: